Рузбане ца ваха бахьана дан а дац
28.02.2025П1ераскан дийнахь рузбане воьдуш-вог1уш гушхуьлу арабевлла 1аш а, шайн г1уллакхе боьлхуша, кегий а, баккхий а нах. Рузбане баха кечам беш а, йа баха дагахь бу аьлла а ца хета уьш. Кегийниш-м хьекъал доцуш, йа г1уллакхаш дукха ду аьлла, бахьана лохуш хир бара, ткъа баккхийчара х1ун леладо техьа. Царна х1ун бахьана карадо техьа к1ирнах цкъа бен дог1уш доцчу, доккхачех бахьана а доцуш, кхузза т1е-к1ел рузбане ца ваханарг керстаналле верзарна кхерам бу бохуш, 1еламнаха схьакхайкхош а долчу, вахча, мел дукха дайъича ши сахьт а дойъур доцчу, Дала фарз дина т1едиллинчу пхеа х1уманна (ламаз, марха, рузба, хьаьжц1а вахар, закат далар) йукъахь долчу Рузбане ца вахар. Ма даккхий бахьанаш хила деза церан.
Уггар цецволург ду, шен чохь ламаз деш а, тезетавоьдуш а, марханиш кхобуш а волуш, амма маьждиге вахар доцуш волчух. Жама1ат ламазаш-м дийца а ца дезара, рузбане а ца вог1у. Х1унда цавог1у, аьлла, шега хаттар дича, цо олу «цу маьждигехь хьехам беш волчу имамана реза вац со, и ц1ена вац бах, цунна т1аьхьа а х1оьттина ламаздича,иза д1акхочур дац».
И тайпа х1уманаш дийца ваьхьаш волу стаг, суна хетарехь, дикка тиларчу вахана ву. Шена гина а доцуш, хазарехь дуьйцуш г1ийбат до цо – цхьаъ,ламаз дича хир ду-дац аьлла, Далла бен хаа йиш йоцуш долчух шеко кхоьллина цо – шиъ, рузбанеца вахаран къа – кхоъ ду.
Цунна ца хаьа, маьждигехь рузба дар, йа тезетахь велларг декъалвар, йа кхин долу Делан дуьхьа дешдолу г1уллакх х1ораммо а шена мелана деш дуй. Нагахь къеда, йа маьждигера имам «мегаш» вацахь,иза царна шайна ду. Ткъа хьо царна т1аьхьа а х1оьттина хьайн декхар кхочуш дичхьана волуш ву. Маьждигчу лелаш цхьа хьенех-минех а ву, иза ц1ена вац, цул доьхнарг – цу чохь берш шаберш а боьха х1уманаш йу, уьш лелачу маьждиг чу г1ур волуш вац со, олуш верг а нисло.
Т1аккха ахь, со а ма ву цу чу лелаш, кхин а масийтта эзар стаг а ма ву (Шелара рузбан маьждиг),тхо шайерш а боьха х1уманаш йу? – аьлла, хаттар дича: – Иштта ца бах ас, хьо ца вуй цуас, олу. Хьо цуьнца къовсаме волу; цу чохь цхьаъ,шиъ, итт йа эзар хьо реза воцург хиларх хьо церанц1а чу воьдуш ма вац, хьо Делан ц1а чу воьдуш ма ву,ткъа цу чу муьлххачу а бусалба стеган ваха йишйу.
Кхи шайн ала х1ума ца хилча цара олу; цу чохьшу рузба деш 1ашшехь шун мачаш ма лечкъайо,ткъа иза муха ду?
Цунна жоп луш цхьа х1ума дийца лаьа. Х1ора шарахь Макка, Хьаьжц1а доьдуш масех миллион адам хуьлу. И йеза хан т1екхаьчча кху дуьнент1ехь мел йолу «жуьлик» (къоладеш болу нах) цига д1а гулло бах, цара хьаьждан бахкинчу нахана,хазанеха санна, къоланаш а до бах (вайн махкара баханчарна дина меттигаш а бу).Ткъа х1ун де вай т1аккха? Цигахь къоланаш деш нах бу алий Хьаьжц1а а ца доьлхуш 1ей вай?
Цул а атта ду-кх рузбане воьдучу стага шен кога,лачкъийча шена халонга дер доцуш йолу,мачаш а йуьйхина, уш хьалххе саг1а а йина, шен рузбаневахча. Олуш маду;«лачкъийначунна – цхьа къа, йайначунна – исс къа». Амма, суна хетарехь, вайлакхахь дагардина бахьанаш, рузбане ван ца луучошена а, нахана а хьалха бехказлонна дуьйцуш х1уманаш ду. Иза ша а, и саннарг а теша а мегара царех, ткъа Далла хьалха чекхйеврий техьа и бехказлонаш? Цо бохий техьа хьуна цига ца вахабахьана карадахь, ца ваха мегар ду? Дера ца бах.Муьлхха г1уллакх дитий а, шен хеннахь рузбаневахар фарз дина т1едиллина ду-кх Цо. Шена вон мел дерг хьоьхуш долчу шайт1ан (Дела не1алт хуьлда цунна) букъ а кагбина, цкъа рузбане веанчун, цу чуьрачу оьздачу къанойх, тоьллачу къонахойх, йалсамане беснаш т1ехь долу йаххьаш йолчу кегийчу нахах (де-дийне мел долу, Далла бухастам, алсам бовлуш болчу) б1аьрг кхетча, царна йуккъе охьа а хиъна, дагара вон ойланаш д1а а йаьхна, хьехаме ладоьг1ча, тешна ву со, иза йуха а,йуха а цига леларг хиларх. Ша х1инццалц цига ца леларна боккха дагахьбалам а буьсуш.Воккхачунна шен берашна гайта масал ду иза,кегийчара шайн дений-нанний беш синтем а,хазахетар а ду иза.
Хьалха, кест-кеста цхьацца «мода» йукъа йалара (х1инца а йолуш хир йу); зударшна йоций кучамаш, «полоска» тиллар, божаршна йеха месаш, шуьйрахечин когаш – масане йара уьш.
Тахана а, цхьаволчо, зудаберехь коьртахь йовлакх гича йа къонахчуьнгахь нохчийн куй, пес, бустамаш болу коч гича; иза-м мода йара, кестта хийцалур йолуш, олу. Хилийтахь иза «мода», дика мода йу-кх иза,хийцайала дагахь а йоцуш, де-дийне мел дели ч1аг1йалар бен. Иштта «мода» халкъан ламаст а хилла д1ах1отта йеза.
Ткъа вай дог тешна хир ду – Рузбане баха мало йешберш а, кханий-кханий, бохуш т1ехьатоьттуш берша, дагахь вон ойланаш йерш а, хьекъалчу а баьхкина, шаьш цига Делан дуьхьа дог1уш дуй а хууш, т1едог1учу Рузбан дийнахь дуьйна шайн фарз д1адолориг хиларх.
Дала т1аьхье беркате йойла.
А. СУЛЕЙМАНОВ.