Хьаша беркат ду

19.01.2025 Выкл. Автор Zama

    «Хьаша беркат ду», олуш ду вайн къоман. Цкъа делахь, веанчу стагана кхача балар (тоьлларг) саг1а ду, цуьнан хьашташка хьажар – мел бу. Шозлаг1а делахь, хьешо керла х1ума дохьу (керла хаамаш), иза а доккха дика ду. Цундела олуш ду нохчаша «хьаша беркат ду». Хьаша ларар – уггаре коьртачу нохчийн ламастех цхьаъ ду. Цу йукъа дог1уш ду нохчийнуггаре хазачех долу г1иллакхаш: собар, комаьршалла, къонахалла, лерам, оьздангалла.
  Нохчаша хьаша веза лоруш хиларан билгало йух1ора х1усамехь, доьзал мел буькъа боллушхиларх, хьешана х1усам латтайар (хьешан чоь). Чохь ц1ена мотт-г1айба а долуш, вуьжуш цхьа а воцуш, хьеше хьоьжуш латтош хуьлура и ц1а. Хьалхалерчу халачу заманчохь дикачу х1усамненанмерзачех, бе-берса кхача а хуьлуш хилла д1абиллина латтош, шен доьзална а ца луш, хьаша-да ваг1ахь а бохуш.

Шена т1евоьссина хьаша ларван везаш хилла. Изач1ирах къаьхкина веана велахь, иза д1аваххалц ларван везаш хилла х1усамдас а, цуьнан доьзало а, гергарчара а. Иза вен баьхкина белахь, шен цаьрцацхьа а дов дацахь а, цунна т1ех1оьттина лата а, т1ом бан а декхарийлахь хилла х1усамда. Шенкертахь хьешана зулам дайтинчунна, т1аьхьарчу т1аьхьенна а, тайпанна а доккхачех эхь т1едеана лоруш хилла. И г1иллакх тахана а йукъарад1адаьлла а доцуш, нохчаша лардеш ду.
 Нагахь, хууш йа цахууш, шен мостаг1чун х1усаме хьошалг1а воссар нисделлехь къонахчун, х1усамден шен кертахь цунна зулам дан а, йа бекхам бан а бакъо йац. Иза д1аваххалц, цунна хьошалла а деш, цуьнан хьашташка а хьожуш,латта везаш ву иза. Д1аваха араваьлча, иза новкъа а воккхий, цуьнга «хьайн дег1 х1окхул т1аьхьа лардан дезар ду хьан» олий, д1ахьедеш хилла.
Хьошалг1а кхайкхина веана вацара аьлла, хьаша вухатухуш ца хилла нохчаша. Оьрсийн цхьа кица ду: «Кхайкхина воцу хьаша г1езалочул (татарин) а оьшуш ву» олуш. Шайна т1ехь шина б1е шарахьта1зар латтийна болу мостаг1ий бу церан г1езалой. Иза нохчашна т1е дог1уш дац, йа цкъа а цара т1елоцур долуш х1ума а дац.

Ша волчу хьошалг1а кхойкхуш хилла, амма цахилла, х1оккху хенахь аьлла, хан билгалйоккхуш. Мичча хенахь веача а, генара мел хили, хьаша везаа лоруш, т1елоцуш хилла. Шен чохь цатемаш болуш, йа хьешана хууш доцуш долу вуон деана велахь, х1усамдас шен дагара ца хоуьйтуш, хьешан г1уллакх кхочушдеш хилла. Кегийрхойх стаг велахь, лула-кулара кегийрхой, мехкарий а кхойкхий, синкъерам беш хилла. Воккхачех стаг велахь, баккхийниш чу а кхойкхий, хьешан самукъадоккхуш хилла. Синкъерамехь, ловзаргахьхьешан къаьстина лаккхара дарж (статус) хилла. Изатоьллачуметтехаош а, раг1 йоцуш хелха волуьйтуша, цунна луъучу йо1е сакъоьруьйтуш а хилла. Шен цу ловзаргахь (синкъерамехь)т1ехьийза к1ант велахь а, йоь1ан, «са ца къоьру» аьлла, хьешана жоп дала йиш ца хилла.

Амма хьешана т1ехь а хилла жоьпаллин декхарш. Цунна хаа дезаш хилла ша т1евоьссинчу х1усамехь лелон деза г1иллакхаш а, синкъерамехь йа ловзаргахь ша лелон беза некъ а. Массо, жима а, воккха а цунна т1ехь тидам боккхуш хилла, г1алат долий-те бохуш. Г1алат далахь, иза ледара стаг ву бохуш, вуьйцуш а хилла.
 Дуьйцуш ду нохчийн г1араваьлла волу цхьакъонах шен накъосташца луларчу махка тойнекхайкхина вахана хилла, бохуш. «Нохчийн махкара бу, оьздачу къомах бу» — бохуш, кхаьрга хьовса оьхуш нах хилла. Хьеший зен дагахь, х1усамдас цхьана дийнахь дуьра кхача биллийтина царна хьалха. Цхьажимма 1отта а белла, 1ад1ийна уьш. Шозлаг1чу дийнахь тезаниг биллийтина хилла кхача, т1аккха а, иштта, к1еззиг кхалла а кхаьллина, 1ад1ийна. Кхозлаг1чу дийнахь ч1ог1а хаза чам болуш кечбина кхача биллина кхарна хьалха. Т1аккха а, шаьш хьалхарчу шина дийнахь ма-кхаллара, к1еззиг а кхаьллина, хьалаг1евттина хьеший. Цец а ваьлла, церан тидам боккхуш волчух1усамдас аьлла боху: «Ма тамашийна х1ума дусуна гинарг: кхача мухха биллича а, цхьатерра бии-кха аш, цуьнан чам иштта бу, вуьшта бу а ца олуш. Оьзда къам хила а хилла шу». «Тхо, ахь кхайкхина, хьошалг1а даьхкина ду, даарийн чемаш къестондаьхкина дац», — аьлла жоп делла нохчаша.
  Хьошалг1ахь чемаш къесто, х1ара даар деза суна, важа даар дезабохуш,   х1усамден дика кхачонг1ерта ца веза. Шена хьалха йиллинарг йаа а йиъна, х1усамнанахаста а йина, церан саг1а йан йезаш айиънарг. Х1усамдас шеца лаккхара г1иллакх лелийча, иза атта а хетта, эвхьаза вала магош дац. И тайпа меттигаш нохчашна йукъахь к1езиг хуьлушхилла.
  Хьешо ша керта ваха 1алашо йолчу х1усаме кхаьчча, кет1ахь мохь тоха беза, ц1е хаахь, ц1е йоккхуш, ца хаахь, «х1ай нах!» аьлла. Мохь тухуш хезча. х1усамда (ц1ахь велахь) дуьхьала волу: «Х1оввай, схьачувола», олий. Вевзаш велахь а, вацахь а. Делла салам схьа а оьций, хьалха а воккхий, ша т1аьхьа а х1уттий, чувуьгу. Цуьнан хьесап хьешан букъ ларбар, чуваллалц иза бохамах ларвар ду. Чубог1урш алсам белахь, чохь кегийрхойх цхьа а вацахь, хьешашна чуваха некъ гойтуш, хьалха волу.
   Могуш-парг1ат хаьттина бевлча, х1усамнанас сихха кхаллах1ума (кхача) хьалха йуьллу хьешана. Даарх кхетта, хьаша парг1атваьлча, хьешо шадеанарг дуьйцу. Цо ша схьадийццалц, цуьнга хьо х1ун дохьуш веана, х1унда веана бохуш, хеттарш дан бакъо йац х1усамден. Цул т1аьхьа хьешан г1уллакхе хьажа кийча хила веза иза. Буьйса йоккхуш хьаша вуьсуш велахь, цуьнан самукъадоккху х1ума а леладой, совнаха (хьешан ц1а чу) ц1ачу мотт а буьллийтий, иза парг1ат волуьйта. Иштта лерина кхаа дийнахь-бусийлелаво.

Амма хьешо шена хьелаш ца товш делахь а, хоуьйтуш ца хилла. Цу хьокъехь цхьацца забаредийцарш ду нохчийн.

Хьешан ц1а чохь ц1е латийна ца хиллах1усамнанас. Веана волчу хьешо буьйса шийлайаьккхина хилла. 1уьйранна, хьешан г1уллакхе хьажа, араваьлла воьдуш, тезетана т1енисвелла и шиъ. Барам арабоккхуш, т1аьхьа боьлхуш болчузударша: «Ва! Ма 1аьржачу х1усаме вуьгу хьо, машийлачу х1усаме вуьгу хьо! бохуш, маьхьарийхьоькхуш хилла. Хьешо шен накъосте а хьажнахаьтти бахара: «Шуьга вуьгушм вац и стаг?».

Хьо д1а воьдий, маца г1ур волуш ву, боху хеттарша луш дац. Кхо дей-буьйсий д1адаьлча, иза д1аваха 1алашо йолуш вацахь (дукха хьолахь ч1ирах ведда лелаш хиларан бахьанехь), хьошалара волу иза. Кхечу кепара аьлча, хьалхарчу кхаа дийнахь-бусий лела ма-варра лерина лело везаш вац т1аккха хьаша. Кхид1а иза шен доьзалхо лоруш, цунна лург кхача а луш, кертахь дан деза г1уллакхаш а дойтуш, парг1ат вуьтуш ву. Иза ч1ирах къаьхкина веана велахь, х1усамдех б1обулуш веана ву иза. Цундела цо а, цуьнан ц1ийнан наха а иза ларвешлелон везаш ву, эшахь ч1ирхошна дуьхьало а йеш.
  Шен г1уллакх чекх а даьлла, хьаша д1аваха новкъа ваьлча, х1усамдас хьалха а волий, иза шен букъат1ехьа а волуш, зуламах а, кхидолчу вонах а ларвеш, кех а воккхий, д1ахьажаво. Цуьнан букъгучуьра баллалц, т1аьхьа а хьоьжуш, б1аьрга 1уналла деш и ларвеш лаьтта, цунна эшахь, накъосталла дан кийча а волуш.
  Буьйса йуккъе йаххалц чиркх д1абайъа йиш цахилла нохчочун, вог1уш волу хьаша йухацатоха. Х1инца санна, д1акъевличхьана долуш, ков (г1ап) цахилла, не1аршна дог1анаш детташ ца хилла.
Кху заманчохь Нохчийчохь кхечу къаьмнийн векалшца д1аийна доьзалш дуккха а бу, ц1ена нохчий бу шаьш бохуш лелаш. Церанх1усамашкахь хьаша т1елацаран г1иллакх мелла а г1ийла ду. Амма, и ламаст ц1еначу нохчийн шайнц1ийца ду, цундела Дала мукълахь, къам мел дехаиза вайна йукъара д1а а дер дац.

C. АБУБАКАРОВ.