«Луучунна, Делан дуьхьа Къуръан 1амокийча ду тхо…»

25.12.2024 Выкл. Автор Zama

 

Д1адаханчу к1ирнах тхо хилира Шеларчу Бекка-хьаьжин ц1арахчу йолчу бусалба динан дешаран организацехь (хьуьжарехь). Цигахь тханцхьаьнакхетар хилира хьуьжаран директорца а, хьехархошца а. Ала дашна, гулбелларш Шелахь а, вайн махкахь а боьвзаш болу 1еламнах бара. Цаьрца цхаьнакхетар а, къамел дар а, ч1ог1а мехала дуй хууш, оха дуккха хетарш делира цаьрга. Цара леррина, тхо кхетош жоьпаш а делира.

   1.Патаев Хожаахьмад (Ахьмад), Насардин во1 –директор, вина 1958-чу шарахь Шелахь. 1975-чу шарахь № 8 школа чекхйаьккхина. 1978-чу шарахь Советски эскарера ц1авеанчул т1аьхьа волавелла иза 1аьрбийн мотт а, 1илма а 1амо. Курчалойски лаккхара исламан институт йаьккхина. 1аьрбин меттан хьехархо, имам – богослов. Дуьххьар лерахьехархо –Асуев Мохьмад-Эми.   Гергарчу стеган тетрада т1ехь йаздина долу элпаш схьа а йаздина, шена  хууш долчу къулханах пайда а оьцуш, элпаш вовшах таса волавелира Ахьмад. Х1ора ламаздина ваьлча йеса доьшуш, иза дагахь 1емира цунна.Т1аккха, дуьххьара дуьйна, чекхдаллалц Къуръан дийшира цо. Ца кхеташ волу меттиг нисъйелча, Шеларчу 1елам стагца Асуев Мохьмад-Эмица дагавалара иза. Амма Ахьмадан дог-ойла йара кхид1а а бусалбан 1илма  1амо. Дала боссийна лаам бара иза. Москва-г1ала а, кхечхьа а, светски институте деша х1отта вахача, цхьацца бахьанаш а х1уьттуш, д1атасавалар ца нисделира цуьнан. Шабаш саготта а вацара и цу балхана.

1983-чу шарахь Шеларчу дешначу стагца Хасиев Камалца хьалхара кхо жайна (динах лаьцна хьехамаш) 1амийра цо. Грамматика 1амайале хьалха 1амош долу жайнеш ду уьш. 1984-г1а шо чекхдолуш Асуев Мохьмад-Эмица грамматика 1амо волавелира жима стаг. Исс шарахь цунна т1елийлира иза. Къайлаха 1амо дезаш дара цу хенахь бусалбан 1илма. «Совершенно секретно» — олий, забар йора Мохьмад-Эмис. К1ирнах цкъа-шозза бен ваха аьтто бацара. 

-Бакъдолуш, Мохьмад-Эми волчу муьлххачу хенахь вахарх, садо1уш велахь а, цхьа г1уллакх деш велахь а, цуо ша а, йа цуьнан х1усамнанас а, вуха ца тоьхна со. Муьлхха г1уллакх охьа а дуьллий, катуххий, ламаз карла а доккхий, суна урок йала волалора иза. Дела реза хуьлийла цаьршинна,- боху Ахьмада, -1993-чу шарахь хьуьжаре схьадаьхкира тхо. Дуьйлалуш дуьйна цхьаьна ду тхо: со, Халпиев Бадрудди, Дишнаев Мохьмад-Т1ах1ир, Нукаев Сар-1ела, Хаджимурадов 1абдул-Хьамид.

Хьуьжар йиллар

Х1ара хьуьжар йолчехь хьалха Бисултанов Бекка-хьаьжин складаш йара.- кхид1а дуьйцу Ахьмада. — Хьуьжар йилла тхан 1алашо йуй хиъча, Бекка-хьаьжас, Делан дуьхьа, чуьра шайолу х1уманаш арайаьхна, стоьлаш, г1анташ, г1ирс вовшахтоьхна, тхо цу чу дахийтира. Ши чоь йара кхузахь, оха йуккъехула пен боьттина, кхо класс йира. Масех шодаьлча, керла хьуьжар йиллира Бекка-хьаьжас кхуметтехь. Дела реза хуьлийла цунна. 

1997-чу шарахь хьуьжар схьайоьллуш, мовлад доьшуш, саг1а доккхуш, баьхкина бара Нохчийн Республикин муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, къанойн Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа а. 

Хьуьжаран хьехархой:

1. Халпиев Бадрудди, Тапин во1 – хьехархо. 1988-чу шарахь Пензенски политехнически институт йаьккхина. 2002-чу шарахь Сайфуль-Къадинц1арах йолу, Дагестански исламан университет чекхйаьккхина. 1аьрбин меттан хьехархо, юрист-исламовед. «Фикха», «Коран», «Проповедь» программица квалификаци лакхайаккхаран курсаш чекхйаьхна. Дуьххьарлера хьехархо – ЭльмурзаевСайд-Мохьмад.

 

2. Дишнаев Мохьмад-Т1ах1ир, Мохьмад-Заидан во1 – завуч.

2003-чу шарахь Каирера (Египет) «Аль-Азхар» ц1е йолу Исламан институт йаьккхина. Юрист-исламовед.

3. Нукаев Сар-1ела, Мутушан во1 – хьехархо.

2004-чу шарахь Сайфулла-Къадин ц1арах йолу Дагестански (Буйнакск) исламан университет чекхйаьккхина. 1аьрбин меттан хьехархо, юрист-исламовед. Дуьххьарлера хьехархо – Эльмурзаев Сайд-Мохьмад.

4. Хаджимурадов 1абдул-Хьамид, 1абдуллин во1 – хьехархо. Нохч-г1алг1айн пачхьалкхан университет йаьккхина, 2004-чу шарахь Сайфулла-Къадин ц1арах йолу Дагестански исламан университет чекхйаькххина. 1аьрбин меттанхьехархо. Юрист-исламовед. Дуьххьарлера хьехархо – Эльмурзаев Сайд-Мохьмад.

5. Джамбеков 1абдул-Малик, Мутун во1 –хьехархо.

2004-чу шарахь Сайфулла-къадин ц1арах йолу Дагестански исламан университет чекхйаьккхина. 1аьрбин меттан хьехархо, юрист-исламовед.

6. Дакаев Бай-1ела, Мусан во1 – хьехархо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Курчалойски исламан институт чекхйаьккхина. 

7. Юсупов Сулайман, Ибрах1иман во1 – хьехархо.

2004-чу шарахь Сайфулла-Къадин ц1арах йолу Дагестански исламан университет чекхйаьккхина. 1аьрбин меттан хьехархо, юрист-исламовед.

8. Юсупов Юнус, Ибрах1иман во1 – хьехархо. Шелара хьуьжар чекхйаьккхина.

9. Абузахарова Аминат, Мохьмад-Т1ах1иран йо1 – хьехархо. «Аль-Азхар» ц1е йолу Египетски исламан институт чекхйаьккхина. 

10. Абдуллаева Есита, 1абдуллин йо1 – хьехархо.

2004-чу шарахь Шелара хьуьжар чекхйаьккхина. 

– Дешаран программа муфтиято х1оттийна, т1еч1аг1йина йу, — дуьйцу Хаджимурадов 1абдул-Хьамида. – Школехь санна, х1оттийна план йолуш, хьалхарчу шина шарахь грамматика (лахаражайнаш) 1амайо, т1аьххьарчу шина шарахь маьхьалш 1амадо. Дешар 5 шарахь ду. Хьалхарчу курсе 9 шо кхаьчна бер схьаэца йиш йу. Школехь санна, элпаш 1амадо кхузахь. Хьалхара тобанаш (начальные группы) ц1енна Къуръан 1амош йу. Цул дехьа бевлларш жайнешна т1е кхаьчна бу. Къуръан 1амийна бевлча, школехь исс класс йаьккхинарш тхан хьуьжаран студенташ хуьлу. Колледжан статус йу кхуьнан (среднее специальное образование). Ала дашна, тхан хьуьжар, грамматика дика хьоьху аьлла, ц1е йахана а йу.

1уьйранна 9 сахьт даьлча дешар д1адолало. Школин программина новкъарло ца хуьлуьйту аг1о нисйо.  Школехь 1уьйранна доьшурш кхузахь делкъал т1аьхьа бу. Школехь делкъанна берш, 1уьйранна бог1у. Дешар мах боцуш ду.

Исс класс йаьккхина а болуш, Къуръан деша хууш боцчарна шина шеран кечаман программа йу. Цулт1аьхьа кхаа шарахь 1илма 1амадо. Тхан хьуьжарехь 3 арахецар (выпуск) хилла (2003, 2009, 2015 шерашкахь). Кхузахь дешар чекхдаьлча, лаккхарчу исламан дешаран заведене ваха йиш йу. Пачхьалкхан лицензи а йолуш йу тхан хьуьжар. Оьшуш болу г1ирс а, йийбар а 1едало латтош ду. Муфтиятана отчеташ а ло, цара тхуна т1ехь тидам а латтабо. Дешна бевллачу мута1еламашна пачхьалкхан дипломаш ло. Хьуьжарехь 1аьрбийн меттан хьехархочун а, школехь дин хьоьхуш а,белхаш бан а, хут1ма доьшуш, имамалла лелон айиш йолуш бу уьш. 

Аьхка, школехь каникулаш йолчу хенахь, луучунна, Делан дуьхьа Къуръан 1амадо оха, мах боцуш. Жима, воккха бен а вац, цуьнан лаам хилчахьана.

    Д1адоладалар 

Дуьйцуш верг Халпиев Бадрудди ву:

– Иза дара 1992-чу шарахь. Институт йаьккхина а ваьлла, ц1авеана вара со. Накъосташа, ахь т1елаца беза куьйгалхочун болх, аьлла, хьуьжарна кехаташ кечдеш лелаш волуш, Соьлжа-г1аларчу муфтияте вахара со. Муфти волчу Алсабековна т1е ца кхочуш лелаш вара со. Цкъа, ц1аван 1алашо йолуш лаьтташволуш, суна т1евеара муфтин заместитель Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Суна цу хенахь вевзаш а вацара иза. «Хьо лаа лелий?» – аьлла, хаттар дира цо. «Хьуьжарна кехаташ кечдеш ву со, – элира ас. Муфтина т1екхача некъ бийцира цо суна. Цунах асан г1уллакх ца хилча, Ахьмад-Хьаьжас соьгара кехаташ схьа а эцна, ша чекхдохур ду, хьо ц1а г1уо,элира. Йухавахча, тхуна хьуьжар йилла бакъо лушдолу кехаташ кийча дара. Иштта, Ахьмад-Хьаьжин беркатца д1адоладелла ду тхан г1уллакх. Дала г1азот къобалдойла цуьнан.

Цул т1аьхьа, со тхешан хьуьжарна финансированихилийта т1аьхьавелира. Луьра хан йара иза. Соьлжа-г1аларчу муфтияте вахар ч1ог1а кхерамедара. Новкъахь лаьтташ оьрсийн г1аролхой (блокпост) бара. Юстицин министран г1оьнча волчу, Шеларчу Бисултанов Бекмана, хьуьжарнакехаташ кечдеш ву аьлча, со шеца д1авигира. Церан Министерствехь г1уллакх ца хилла, финансийн министран г1оьнчина, Шеларчу Ибрагимов 1абдуллина т1евахара со. Цо йаздина кехат эцна, Шеларчу райОНО-н (дешаран отдел) коьртачу бухгалтерна Ясуев Шамсуддина т1евахара. Цорай ОНО-н бюджета йукъа а дахийтина, школин хьехархой санна алапаш а, программа а, къинхьегаман стаж а йолуш, схьадог1уш ду тхох1инца а. Дела реза хуьлийла хьуьжарна г1о мел дина болчу шелахошна.

Нукаев Сар-1елас дуьйцу: «1994-чу шарахь хьуьжаран керла г1ишло схьайоьллуш веана вара муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, НР-н Къанойн Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад-хьаьжа а. Мовлад а дешна, цаьршимма хаза дешнаш а олуш, схьайиллира оха х1ара хьуьжар.

Республикехь дуьххьарлерачех хьуьжар йу х1ара. Алапаш а дацара, болх бан хьелаш а дацара. Т1ом болчу хенахь школаш д1акъевлина йара. Цу хенахь,цхьана партина т1ехиъна 5-6 бер долуш, хьоьхураоха. Оха лелош йерг вайн дайша лелийна йолушира программа йара. Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин куьйгалле д1ах1оьттича, шадерг д1анисделира: алапа, хьелаш, программа. 

К1орггера дешна волу Асуев Мохьмад-Эми вара тхан баьчча. Тхан хьуьжарна а, нахана а дуккха пайда бина стаг ву иза. Тхуна т1ехь куьйгалла а деш, хьехархочун болх бора цо. Тхо берашна хьоьхуш дара, тхуна хьоьхуш Мохьмад-Эми вара. Хехь болх беш воллушехь, цигара ваьлча, схьавог1ура иза. Алапа доцун дела, хьеха цхьа а цавог1у хенаш йара уьш. Стаг веллачехь даьккхинчу саг1анах тхуна дакъа доуьйтура, делкъана пхьордан. Оха веллачунна т1ера К1уръан доьшара. Иштта хала хьелаш дара цу хенахь.

Тхан хьуьжарехь дешна бу: Гермачигахь йуьртан къеда лаьттина волу Абубакар, 1еламстаг Тарамов Муса, Нохчийн Республикин муфтин заместитель, Эвтарара Яхъяев Билал, Белг1атойн-эвлара къеда Закраилов Аюб, кхиберш а. 

Дишнаев Мохьмад-Т1ах1ира дуьйцу: «Дера, йукъах буьйлурш а, ледара доьшурш а ма хуьлу. Уьш д1абаха бакъо а ма йу. Амма, х1уъа, 1амийнарг г1оле ду, доьшур дац техьа, нислур бац техьа бохуш, д1атиекха бо. Х1умма ца хилча а, кхузахь доьшуш верг, воккха 1еламстаг хилла д1а ца водарх, хьарам-хьанал къасто, Дала бохучу нийсонна т1е г1ерта, Къуръан деша ца 1емаш цавуьсу. Цундела, ца вог1уш сецнарг бен, д1а цавойъу оха. 

Шелан к1оштан администраци тхан тидам беш айу, шен хеннахь алапа а, хьуьжарна оьшуш болу г1ирс а хуьлуьйту.

Оха кхайкхам бо деша ван луучуьнга: Тхан хьужар лицензи йолчу хьуьжаршна йукъахь а йу,дуьххьарлерачарех а йу. Лахара дуьйна лакхарчут1ег1анна т1едаллалц 1илма 1амо бакъо йолу хьехархой бу кхузахь.  Муьлхха 1илма, джаллалш, маьхьалш, кхидерг шена 1амор ма дара аьлла, дагахь дерг схьаваг1ахь, 1амо аьтто болуш меттиг йу х1ара. Суьйранна (буьйсанна) балхара ваьлча, хьоьхуш Сар-1елий, 1абдул-Малик ву. Пхьуьйра ламаз динчул т1аьхьа, схьа а бог1уш, баккхийчарна хьеха аьтто бу церан. Зударшна, 1едалан балхахь болчарна, хьанна а, церан хьелашка хьаьжжина, хан билгал а йоккхуш, Делан дуьхьа К1уръан д1ахьеха кийча ду тхо. Къуръан деша 1амадарал деза х1ун ду?»

                                                                    А. СУЛЕЙМАНОВ.

                                 А. АШАБан сурт.

Суьрта т1ехь: хьуьжаран хьехархой (аьрру аг1ора аьтту аг1ор) Юсупов Сулайман, Нукаев Сар-1ела, Хаджимурадов 1абдул-Хьамид, Халпиев Бадрудди, Патаев Хожаахьмад, Дишнаев Мохьмад-Т1ах1ир, Дакаев Бай-1ела.