Махьма а, цуьнан ворхI кIант а

20.12.2024 Выкл. Автор Zama


  Вайн къоман историн агIонашкахь дуккха а дийцарш девза вайна вешан къонахийн амалш, йахь, гIиллакхаш, доьналла, нохчийн зудчуьнсий, оьздангалла, дог-дикалла, эсалалла(оьшучохь буьрсалла а) йуьйцуш. Историйевзаш хилча, къонахий кхуьур бара аьлла хета, вайн тIекхуьучу кхиазхойх.

  Массо хIума ца довзахь а, вайн исторех кIеззигдерг а кхачаме хир дара царна, къонахчун амалшйолуш хьалакхиа. Нохчийн цIий а, сий а деза хилладу, муьлхха зама схьа а лаьцна, истори йешча. Олуш цхьа хIума а ду, Сталина аьлла бохуш: «Нагахь санна, шайна нохчийн истори йуьйцушйозанаш гахь, дагаделаш уьш, цунах дерг ма-даррадовзахь нохчий, дукха тIех сов дозалле бахарна,лийр бу». Баккхий бийр бу, майраллица дог-ойлийгIуьттур йу церан бохучу маьIнехь аьлла хета цуоиза, нагахь санна цо иштта алар бакъ делахь

   Кавказан  тIеман хенахь, паччахьан эскарнахьалхаваьлла инарла Ермолов Алексей волчузаманахьлера, вайн къонахийн турпалалла а, нанойн доьналла а гойтуш, тIаьхьа тIекхиинчутIаьхьенна а доккха масал хилла, кху заманахьвайна а схьахезна долчух цхьа дийцар довзийталаьа суна.

   Цхьана йуьртахь вехаш Махьма цIе йолуш цхьастаг хилла, шен ворхI кIант а волуш. Цхьа йиша а хилла цуьнан йисина Iаш, шен цхьа доьзалхо(кIант) а волуш. Вовшашна дукха генахь а боцуш, шайн-шайн хIусамашкахь бехаш хилла уьш.

Йуьртахь къамелаш хазадоьлла: «Йуьрта догIушпаччахьан эскар ду, ваьш хIаллакьхила ца лаахьвайга лаьмнашка а, хьаннашка а дIасагIо аьлла», бохуш.

   ТIаккха, Махьмас шен кIентий тIегулбина, царнашен лаам бовзийта а, шена церан лаам бовза а.

   Шега ладогIа гулбелла шен кIентий а болуш(царна йукъахь хилла зуда йалийнарш а, шайндоьзалш берш а, зуда йалонза берш а), къамелдолийра боху Махьмас: «ЛадогIал соьга, хIай сан бераш! Вай хIаллакдан Iалашонца йуьрта чу догIуш эскар ду бах. Шуна а хезна хир ду иза. Шайна баха лууш болу вайн йуьртара бахархойлаьмнашка а, хьаннашка а дIаса гIур болуш бу. Шуна сайн лаам бовзийта а, шун дагара сайнахаархьама а схьакхайкхина ас шу. Со хIинца айсадуург диъна ваьлла ву. ДIаваха а ваьлла, мостагIашна сайн букъ гойтучул а, кхалхар тоьлусуна. Ткъа, шу кегий ду. Шайн жоьпаллехь доьзалшберш а бу шуна йукъахь. Уьш кхерамах хьалхабахархьама а, уьш а эцна кху йуьртараарабовлучаьрца шу а дIадахча бехке лорур дац ас. Цу хьокъехь шуна хIун аьлла хета

ТIаккха, кIентех воккханиг вистхилира боху, дегарапурба а даьккхина: «ХIай тхан Дада! Хьайндахарехь цкъа а гиний хьуна, хьалхайаьлла борз а йолуш, берзан кIезий дIасауьдуш? Лахь а, дисахь а хьуна уллохь хила лаам бу-кх тхан. Дехаш хилахь цхьаьна дехар а ду вай, леташ хилахь хьунахьалхара лата а, кхалха дезахь дIакхалха а тхокийча ду хьуна, Дада».

   Иштта, шен кIентийн дог-ойла а йевзина IашМахьма а волуш, кхуьнан йисина Iачу йишин цхьаъбен воцу кIант веара кхаьрга. Цуьнга, хьайн Нана а эций йуьртара аравала, элира кхо. Иза шен Ненаца(Махьмин йишица) йуьртара дIавалар иза доккхагIуллакх лорура кхуо. ЧIогIа лаара Махьмина, шенйиший, цуьнан кIанттий кIелхьара долийла.

   ГIеххьа дегабаам а болуш, Махьма (ненаваша) волчура Нана йолчу цIехьа вирзира кIант. Цуоэлира шен Нене: «Нана, Вашис хьо а эций, кхуйуьртара дIавала аьлла вухаваийти со».

   Ненан йуьхьа тIе оьгIазалла хIоьттира. Ца тайрацунна, кIант иштта вухаваийтар а, ала ма-эллина, иза йуьртара дIавала резахилла хилар а. КIантрезаволуш ца веанера схьа, ненавашас бохучуннадуьхьалвийла тар а ца делла веанера.

   Хьажахьа тIаккха, нохчийн Нанас шен цхьаъ бен воцчу цу кIанте аьлларг. «ХIай сан кIант!» – элирацо. – «Велла ма вала хьо! Цхьаъ бен вацахь а, тIехьда воцуш кхиийна велахь а, махкана тIегIертачутIамах иштта къахккал коча, йа осала Iамийна мавацара ас хьо. «Махьмин йиша» аьлча, йуьртахьйовза а йевзаш, йуьртахойн ларам а болуш йу со. Махьмин йишин кlант, тlамах а къаьхкина, шенненаца йуьртах ваьлла олуьйтучул а, иза гlазотехьдlакхелхина алар гlолий хетар ма ду суна. Вайцхьана а метте гIур дац. Леташ хилахь а, тIом бар нислахь а, хьо хьайн ненавешина а, шичошна а уллохь хила везаВайшиъ йуьртах даьлла цхьана а метте даха реза дац ала хьайн ненавеше. Сан а, хьайн а лаам иштта бу ала».

   Нохчийн зударий а хилла, къонахий санна, оьшучу меттехь майра а, доьналла долуш а. Эсалаа, болар дайн а, экама а йолу нохчийн зуда, цхьакхерам тIехIоьттина зама йеача, болатах терра, чIагIо а хуьлий, доьналлехь а йолуш гIоттуш хилла.

   ТIом чу а богIий, марса болу. Махьма а, цуьнанворххIе кIант а, йишин кIант а, хIорш боцурш кхина дуккха кIентий а хуьлу цу тIамехь дакъалоцуш. Дехьа-сехьа йарташкара гIоьнна баьхкинакъонахий а хуьлу цаьрца цхьаьна мостаг1ашна дуьхьал леташ. Амма, тIамна деана долу эскардукха хиларна, тIом беш хилла болу хIорш массо а гIазотехь дIакхелха.

   Цул тIаьхьа, цу йуьртарчу наха, тIех мел волучунна хаийтархьамаадам дукха дIасалелачу, йуьртарайуьрта боьдучу некъан йистте дIабухкуи гIазотехь эгна турпалхой. Амма, цхьа хан-зама йаьлча, Советан Iедал тIедеача, оцу Iедало дIадохуцеран кешнаш.

  Вайн къоман истори ойла а йеш йоьшуш болу кегийрхой, йа кхиазхой, йогIучу заманахь вайнкъомана пайде хир бу. ХIунда аьлча, историнагIонашкара йевзар йу царна къонахийн амалш. Зударшна а хир ду дIабаханчу турпалчу зударехмасал. Цхьана а къоме мостагIалла а ца кхийкхош, цхьанна а коча а ца гIерташ, Дала Мухьаммадехула(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьакхачийна долу бусалба дин а лелош даха дезавай. Амма, махкана тIе кхерам беача, Даймохкларбан «гIарчI» аьлла, берзалой санна, гIовтта а деза.

И. МАТАГОВ.