Невцалла леладар

14.12.2024 Выкл. Автор Zama


Хаза а, оьзда а, кхечу цхьана а къоман доцчу г1иллакхех цхьаъ дунохчийн невцалла лелор. Невцалха вахарх лаьцна дийцина а, хууш а думассарна а. Делахь а, цхьажимма карладаккха хьовсур ду вай иза. Вайн1алашо х1инца и г1иллакх муха леладо дийцар йац, хьалха, суна дага а дог1уш, муха лелош хилла хаийтар йу.
   Зуда йалийна цхьа бутт гергга зама д1айаьлча, шайн к1ант невцалхавахийта кечамаш бо зуда йалийначара. Иза ч1ог1а жоьпаллин г1уллакх лоруш хилла нохчийн гуттар а. Х1унда аьлча, дуьххьара х1усамненан ц1ерачарна дуьхьал х1уттуш ву иза. Цигахь хадош бу цуьнан г1иллакхан, лелахааран, оьздангаллин, собаран мах. Дуьххьара, невцалха ваханчохькъаьсташ ду зудчун, майрачун кхоллам кхид1а цхьаьна хир бу-бац.
   Невцалха ваханчохь нуц ч1ог1а хьовзош хилла, забарш йеш хилла цуьнансобар зуьйш, цо стунцахой муха лору, цаьрца эвхьаза вер волуш ву йа вац, хьовсуш. Невцо забарш лан а ца лайна, шегара цхьа ледарло йалийтича, дец1а (ден ц1а) йеана йолу шайн йо1 йуха д1а ца йохуьйтуш меттигаш а хилла. Олуш ма ду нохчийн: «Ненахой а, стунцахой а ца леринарг стаг вац» — олий.
    Невцалха воьдуш, коьртахь х1ума а хила йеза. Боккъал дийцичакоьртахь х1ума-м боьршачу стеган гуттар а хила йезара, делахь а, х1инца тезета воьдуш бен хила ца йеза бохучу т1е даьлла х1ара г1уллакх. Маьждигчохь а го коьрта 1уьйраниш, невцалха воьдуштилла йеза аьлла цхьаннадагадог1учух тера а дац. Уггаре ч1ог1а и г1иллакх лардан дезаш болу, и лелон хьакъ болу кегийрхой бу и дохош берш. Воккхачунна хьалха х1уттуш, ненахошна, стунцахошна хьалха х1уттуш коьртахь х1ума ца хилар дастамелоруш хилла гуттар а.
Невцалха воьдуш волчуьнца ши накъост хуьлу, «невцан накъостий» олуш. Цхьаъ, воккхониг, «багахь мотт» болуш, г1иллакхаш а девзаш, лелон дезарг, ала дезарг хууш, бухарчара мел ч1ог1а забарш йарах шайн галдовла йишйоций а, г1иллакхах доьхна йухадаха йиш йоций а хууш верг хуьлу. Шозлаг1ниг шаьш керахь йеанарг лар а йеш (бухарчара, кадаьлча, къайла а йоккхий, хьийзош меттигаш нисло). Бухарчарна, шаьш д1адаххалц, изатоийта г1орта везаш ву иза, церан самукъадаккха а деза. Ала дашна, хьалхаСоветийн 1едал долуш, 1адат хилла д1ах1оьттина дара невцо шеца къаьркъадахьар, цигаьркаш йахьар а. Х1инца, Дала мукълахь, и 1адат д1адаьлла.
    Невцан йиш йац, х1уъа хилла латтахь а, вистхила а, охьахаа а. Зударший, бераший хьийзош хуьлу нуц. Гонах а бовлий, «кисанахь беран кара йалах1умма а йац хьоьгахь?», бохуш, кисана кхийда. Оцу балхана кисанайиллина марзаллех х1ума, йа кега-мерса ахча хила деза берашна дала. Бухарниш оьзда нах белахь, цара дукха эвхьаза забарш йойтур йацзударшкий, берашкий. Стоьла гонаха хевшина болчу кегийчара а оьзда йанйеза забарш. Амма уьш мухха лелахь а, невцан, цуьнан накъостийн бакъойац собарх боха. Делахь а, меттигаш нислуш хилла, стунцахойн забаршдукха сов йевлча, циггахь шен зуда «йита а йуьтий» ц1а бог1уш а. Амма и тайпа меттигаш к1езиг нислуш хилла, х1унда аьлча, мел ч1ог1а забарш йарх, т1ехтохар иза ца хилчахьана, нохчаша забарш ловш хилла, невцалхабаханчара-м х1етий-ветий а.
   Дуьйцуш дара масийттамма дина а долуш, цхьа х1ума. Невцалха вог1уш волу нуц дег1ана лоха вуй хууш хилла йоь1ан ц1ерачарна. Схьа а кхаьчна, не1арх иза чоьхьаволлушехь, «арадовла бераш, арахь совца» аьлла, берашцаарахь витина хилла нуц. Цу хенахь атта оьг1аз боьлхуш ца хилла, забархкхеташ хилла. Забарх ца кхеташ волчунах «лай санна атта дегабаам беш вуиза» олуш хилла. Д1ааьлларг шена т1ехтухуш, 1уттуш олу моьттуш хуьлу«лай». Невцан-м х1етий-ветий а ца хилла оьг1аз эха йиш.
   Цул т1аьхьа, стунйижарий бовзийта дехьа чу зударий болчу а воккхий, уггар уллера стунйишица шуьне хааво нуц. Г1еххьа х1ума а кхоллий, стунйишина шуьна чу совг1атана ахча а дуьллий, д1абоьлхуш хилланевцалха баьхкинарш. Цу буьйсанна стундений, стуннанний гучу волуш цахуьлу нуц. Шолг1ачу 1уьйранна хьалххе ван а вог1ий стундений, стуннаннийгучу а волий, могуш-парг1ат а хоттий, ша вовза а вовзуьйтий, д1авоьдуш хуьлу.
   Невцалха вахаран маь1на доккха а, к1оргера а ду. Кхечу къаьмнийн санна, зуда йалайале и йалош верг йоь1ан ц1а воьдуш а, йа цуьнан ц1ийна уллехьша гойтуш а ца хуьлу. Йалайале а, йалийначул т1аьхьа невцалха ваххалц а, мелла а стунцахойх къаьхкаш хила веза нуц. Цундела, йоь1ан ц1ерачарна, дукха хьолахь, вевзаш а ца хуьлу иза. Невцалха вахар невцо шастунцахошна вовзийтар ду. Хьалха стунвежаршна (зудчун вежарий, шичой, кхиболу церан боьрша нах), шолг1астунйижаршна, ткъа шолг1ачу дийнахьстундений, стуннанний хьалха а х1уттий, шен мах хадабойту. Шенастунцахой а бовзуьйту. Миччанхьа а т1енисвелча – новкъахь, арахь, чохьцаьрца г1иллакх лелон дезаш ву нуц.
   Ненахой ларар а, ненан безамна хилла ца 1аш, шен ден сий дар а ду. Х1унда аьлча, ден стунцахой бу уьш. Стунцахой шен берийн ненахой буй а хууш, оьшучу хенахь уьш берашна накъостий хир буй а хууш, цаьрца ларам лело беза невцо. Шен берашна а т1едожо деза ненахой ларар, цаьрцаг1иллакх лелор. Нуц ша а г1иллакх лелош, стунцахой лоруш ца хилахь, йишин бераш а башха т1еозош ца хуьлу ненахойн: «шен дех хилларг бен хирйацара царах-м», олий. Дикавон 1оттаделча, йа марха достучу дийнахь, 1уьйрре воьдуш, д1ах1уттуш хила веза нуц. Стунцахошца эвхьаза забаршйан, стунвежаршца цхьана стоьле хийша, сакъоьручохь царна хьалхацигаьрка ийза, малар мала-м х1етий-ветий а мегаш дац, г1иллакхехь дац. Нуцэвхьаза вала воьлча, стунвашас а, йа муьлххачо сацош хуьлу. Церандоьзалехь дукха бераш хиларх, уьш цхьана бехаш болу мел дукха хан хиларх, шайца г1иллакхах воьхначу стагера схьа а йоккхий, шайн зуда ц1а йуьгушметтигаш хуьлу нах болчу нехан (нах боцчерастунцахоша невцалла лелоша хуьлу, нуц вехаш, йа лакхарчу балхахь велахь). Г1уллакх долуш а, доцуш а стунцахошка эхар а, церан чохь парг1ат лелар а товш дац. Олуш ма дунохчийн: «Невцан дикалластунцахошка к1езиг эхар йу» — олий. Стундега а, стунвежаршка а салам далар, царна мараветтавалар а нийса дац нохчийн1адатехь, бусулба дино иза магош делахь а.
    Стунцахоша а лара веза нуц, нагахь иза ша ларийта хууш велахь. К1ант воцуш болчу стундений, стуннанний к1ентан метта а хуьлий, царна накъостхуьлий д1ах1уттуш меттигаш а хуьлу нуц. «Лела хууш ву хьенехийн нуц» — олу и санна волчу къонахчунна. «Машен хьена йу? аьлла хаьттина бохуцхьаммо, вукхуьнан йоций хууш волчу, иза машенахь гича. «Вай йу-кх»,жоп делла вукхо. «Шу невцан йац иза?». «Нуц вай вац? Нуц вай хилча, машен а вайн ца хуьлу – эли бохура стунвашас. Оцо гойтург невцан шенх1ума стунцахошна кхоон йиш йац бохург ду. Царна оьшучу хенахь, муьлххачу г1уллакхна д1ах1оьттина хила везаш ву иза. Лаа олуш ма дацнохчийн: «Хьан ваша хуьлучул, хьан стуншича велира со» олий. Иза нуцстунцахошна дукха «чукагвелла» хилча олуш ду. Г1иллакх а, ас лакхахь ма-аллара, г1еххьа лелон дезаш ду. Шен ц1ахьчул дукха а 1аш цаьргахь, церанкертара г1уллакхаш а деш (уьш бахамаш болуш, йа г1уллакхехь белахь), пайда боцчу а ваьлла лелаш хилча а дац нийса. И санначух «стунцахошнавала а велла ву иза» олу. Хаттар кхолладала там бу: «Цхьа а нийса ма дацх1окхуьна-м. Г1иллакх лелийча а ца мегча, ца лелийча а нийса ца хилча, кхуодан х1ун де боху техьа
Ас бохург, массо а г1иллакхан шен барам бу, бохург ду. Г1иллакхна т1ехваьлча, хьеставалар хуьлу. И доза лардан хаа деза. Цхьаьнца ахь лелошдолу г1иллакх вукхуьнца а лелийча, иза нийса ца хуьлу. Масала, ахь новкъайоьдучу йоккхачу стагера т1оьрмиг схьа а эцна, цунна г1о деш, д1абехьча, цунах г1иллакх лелор олу. Амма оцу йоккхачу стеган меттана хьан стуннанаа йолуш, ахь изза дича, пайда боцуш хуьлу. Цундела, г1иллакх хьеставалархкъастон хууш верг ву бакъволу къонах а, дика нуц а.

СУЛЕЙМАНОВ Абубакар.