«Цигахь диънера ас бераллин той…»
12.12.2024Нохчийн поэт, прозаик Гадаев Мохьмад-Салахьвина 1909-чу шеран, гlуран (декабрь) беттан 10-чу дийнахь Нажин-Йуьртан кlоштарчу Чуьрча-Ирзехь ахархочун Гадин доьзалехь.
Герггарчу хьесапехь 1924-чу шарахь ГадаевгIерандоьзал Гезлой-Эвла кхелхина бахана. Оцу йуьртараворхIшеран школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа, 1928-чу шарахь Ростов-гIала рабфаке деша вахана иза. Цигахь кхиамца дешна. Рабфакехь доьшучу хенахьпрограммица йогIучул совнах дукха литературайешна Гадаев Мохьмад-Салахьа.
ТIевирззина Iамийна философин белхаш а. Цуьнанлерринчу тидамехь хилла немцойн философан И. Канта йазйина «Всеобщая естественная история и теория неба», французийн Iилманчин П.С. Лапласан «Трактат о небесной механике». ТlаьхьуоГадаев Мохьмад-Салахьа ша а йазбинаастрономихула а, философихула а болу белхаш.
1930-чу шерийн шолгIачу эхехь М-С. Гадаевнбайташ зорбане йийлина газетийн, журналийнагIонаш тlехь а, тайп-тайпанчу йукъарчу гуларштIехь а. 1938-чу шарахь цуо йазйина «Й-те» («Йисите») цIе йолу байт поэтан кхоллараллехьхилла ца Iаш, йерриг нохчийн поэзин безаманлирикехь хIинца а тоьллачарах йу.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча цуойазйина «Мехкан лоьмашка», «ДоттагIашка», кхийолу а байташ хIетахьлерчу къоман поэзехьдикачарех йара.
Нохчийн литературин уггаре къегинчу агIонехцхьаъ йу Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла.
ЦlЕН-БЕРД
Iожалло lехаво, оьций дlахьой,
Йал йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчахь,
Халкъана вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.
Даим со хьегначу Цlен-Берде гlой,
Цуьнга бlаьрг тохалаш, аьтто хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Гlеллой lаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш бlаьрг тоьхча геннара дlа.
Хьомсарчу ламанах хьерчаш lен дохк,
Гуш санна, вогlалой, веха со lа…
Догмерза гул а лой, Цlен-Берде гlой,
Дегнийн хьу йасталаш бlаьста-гурахь.
Сан метта бlаьрг тохий, сан бlаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кlел тlулг богlий, гуонаха берд хьой,
Безамна бlарлагlа йелаш цигахь…
Зорбанна кечйинарг – И. МАТАГОВ.