Хьарам-хьанал къастор

09.12.2024 Выкл. Автор Zama

      «Хьарам-хьанал» бохург х1ун ду техьа? Деккъа цхьа дешнаш ду техьа уьш, шена пайдехь долчохь лара а лоруш, ца оьшу аьлла хетачохь – ца хуучуха 1адда а дуьтуш: «Со доьзал кхаба безаш ву, и х1уманаш ловзон йиш йац» — олуш? Цхьаболчарна т1ехь долуш, вукхарна ца лерича а мегаш ду техьа хьарам-хьанал къастор? Доккха къа дуй ца хаьа техьа цхьаболчарна хьарам рицкъа гулдар а, и шен доьзална даор а? Мухха гулдина а, шен доьзал меца ца битичхьана, мегаш ду моьтта техьа царна и рицкъа?

   Хьарам хьанал къастор г1елдаларан бахьанавайн йукъарчу хьолах (системех) дозуш а дуцхьадерг. Россин пачхьалкхана йукъахь дехашхилча, цуьнан законаш ца лелийча ца довлу. Аммаи бахьана а суна доккхачех ца хета. Х1унда аьлча, вайн республикин йаккхий бакъонаш а йу, хьарамхьанал ларде бохуш схьакхайкхош вайнрегионан куьйгалхо а ву.

Даккхийчу бахьанех цхьаъ, суна хетарехь, кхин ду. Белхан меттигаш к1езиг хилар бахьана долуш, божарийн болх бар а, доьзалшна рицкъа даккхар аг1елделла. И г1уллакх, дукха хьолехь, зударшкад1адирзина. Ткъа вайна ма хаъара, хьарамхьаналкъасторна т1ехь зударий ледара бу божарел. Божарша цу т1ехь нисбеш хила беза уьш. Со зударшна лен г1ерташ вац, мелхо а бехк божарийн бу ала г1ерта. Цхьаболчу «боьрша нахана» шайн зударша рицкъа чу деачхьана мегаш ду. Мичхьара деана йа муха даьккхина, бала а бац. Дуьне мел ду арабевлла лелаш бу нохчийн зударий, мехкарий, цхьацца баккхалш а айбина. Мегаш дуй техьа уьш иштта лелийта а, цара даьккхина рицкъ даа а? Хьарам дуй техьа иза? Хьарам ду-дац ала ца хаьа суна, амма церан «боьршачу наха» атта дуьне дуий-м хаьа суна. Ма дакъаза бевлла нах бу уьш!
   Дукха жима волуш дуьйна хезна ву со: «Хьарам рицкъ даош кхиийна доьзалхо иманехь кхиа йиш йац» олуш. Доьзалхочуьнгара цхьа ледарло йаьлча, цец а довлий, «ас цхьа х1ума а ца эшош кхиийна вара иза» олу. «Ас хьанал рицкъ а даош кхиийна вара» аларан метта олуш ду иза. Хьарам-хьанал а ца къестош, х1умма а ца эшийта г1ертар дуй техьа иза? Дера ду.
  Со цец волуш кхин цхьа х1ума а ду: харц-бакъ кехаташ а кечдой, цхьа ца торруш йолу цамгар т1е а йазйойтий, берана пенси доккхуьйту цхьаболчара. Дай, наний муха даьхьа-те, шайна оццул дукха дезаш долчу шайн берана йоцуш йолу цамгар а кхоьллина, цунах ахча эца? Оцу берана оьший техьа и тайпа ахча а, и цамгар шена т1ехь кхоллар а? Воккха хилча цунна т1ехь лаьтташ а хир йу и цамгар, цхьаццанхьа балха воьдуш цунах новкъарлонаш а хир йу цунна (масала, нуьцкъаллин структурашка). И тайпа рицкъ оцу дений, нанний хьанал делахь со тамаша беш ву-кх. Берийн дуьхьа лела шаьш, эра ду-кх оцу дас-нанас. Бакъ дац иза. Шайн дуьхьа бохку, х1унда аьлча, и бер кхаба дезаш берш уьш бу, хьанал къа а хьоьгуш. Хьанал ду-кх беш лелийна йа бежана лелийна даьккхинарг, йа пачхьалкхан балха вахана даьккхина алапа, йа куьйгашца болх а бина даьккхинарг (г1ишлошйархой).
 Иштта къахьега ца лаахь, йохка-эцар лелийна адаккха мегаш ду рицкъа. Доьзалехь, муьлххарниг а, ша вацахь а, чуьраниг цхьаъ хилла а, йохка-эцаран болх ца бича волуш вац. Махлелабар деза лерина ду, нагахь иза ц1ена лелош делахь. Цунах лаьцна эра вай цхьажимма.
  Хьарам лерина йолу х1ума (къаьркъа, хьакхийн жижиг) йохка а, эца а магийна дац шар1о. Хьарам йолчуьнца хийцича, хьанал йерг а галйолу (хьарам хуьлу).
  Стагана оьшур йоцуш, пайденна а йоцу х1ума, цунна хаз а йина, йохка а, йухкучуьнца накъост хилча а къилахь ду.
   Йухкучо ша схьагайта деза йухкуш йолчу х1уманна т1ера сакхташ, уьш цу т1ехь делахь. Оьцуш верг а леррина хьажа веза ша оьцучуьнга.
  Т1едиллина луш йара аьлла, мах лакхабаккхамагийна дац йухкучу х1уман. Т1е х1ума йаккха магийна йухкучунна. Делахь а, оьцучунна хаийта деза цуьнан болуш болу мах, айхьа т1ейоккхуш йерг а, хьайн цунах д1адаьлларг а. Айхьа оьцуш белла, дуьххьарлера мах а бийца беза. Боцу мах биэха а, цунах йохка а магийна дац. Ша мел валалоа, охьавала веза механа. Оьцуш волчо дукха къийса магийна а дац мах, нагахь шега балалахь, боьххург д1абелла эцча дика ду. Дан х1ума доцуш висинчуьнгара йораха схьаэца а мегаш дац. Оьцуш верг ца эцча ца волу аьлла, йеза йохка а мегаш дац.
   Масала, мархийн бутт т1екхочуш а, цу баттахь акхачан сурсаташна мехаш т1екхеташ го вайна. Уггар хьалха йухкуш болчу наха олуш дерг, «тхуна схьайохьучара т1етоьхна мах» ду. Амма иза бехказло йу аьлла тешна ду вай. Х1унда аьлча, т1едохьург схьадале, бухахь дисина, хьалхалерачу мехах деана сурсаташ доцуш бац уьш. Уьш, ша хьанала мах беш волчо, хьалхалерачу мехах дохка дезаш ду. Ца дохкахь, дешначу наха дийцарехь, бухарчарех а, т1едеанчарех а (уьш ц1ена доьхкина делахь а) бина мах хьарам хир бу. Ткъа мархийн баттахь иза леладар гуттар а далатохар ду.
    Мах сов балийта г1ерташ, йухкуш йерг дукха хестон мегаш дац, ма йарра д1агайта а йеза оьцучунна. Оьцуш волчо а мегаш дац, мах охьабаккхийта г1ерташ, оьцуш йерг йемал йан (вон йу баха).
  Йохкаэцарна т1ехь дуйнаш даар, ч1аг1онаш йармагийна дац. Хенал хьалха а, нахал т1аьхьа а махбар къилахь лерина ду.
Иштта ду йохкаэцарна т1ехь лардан дезаш долу, цхьадолу г1иллакхаш.
  Шеца дуста а дуьстина, ша лардо аьлла, ойла йичхьана хуур ду ша доккхуш дерг хьанал рицкъа ду-дац. Хаа ца луург, ца хууш санна 1ад1ийр ву, амма ца хааро к1елхьара волуьйтуш вац хьо, х1унда аьлча, хаа йиш йолун дела. 1амо аьтто бу бохург ду иза.
  Хаспа деш болу нах оьшуш а бу, ца хилча ца бовлуш а бу, амма дукхахболчара жижиг дохкарна т1ехь харцонаш лелайо. Терза нийса ца леладо (иза доккхачех къа ду боху), т1е даь1ахкаш кхуьссу жижигана, бежана схьаоьцуш (йухкуш) нах 1ехабо… Масане ду уьш, цара лелориш? Хьарам хир дац царна шаьш лелориг? Дера хир ду.
  Делахь а, уьш-м шайн куьйгашца къахьоьгуш нах бара, ткъа шайна алапаш а дог1уш пачхьалкхан балхахь боллушехь, т1евеанчу стагана «сом» д1а ца делча, шаьш дан дезарг а ца деш болчу нахана х1ун до вай? Цара доккхург дуй ткъа хьанал рицкъа? Церан-м хир ма дуй шайгахьа ала х1ума: «Балха воьдуш ахча а делла вахана ву со, и схьа ца даьккхича ца волу, лакхарчарна д1адала а деза кхунах дакъа». Д1адиттича а, схьадиттича а г1ийлачуьнгара доккхуш ду иза а. Т1аккха и хьанал муха хир ду?
  Тхан лулахь вара (х1инца воцуш ву иза, Дала гечдойла цунна) к1орггера дешна 1елимстаг Жигирхан Сайд-Ахьмад. Ша мовлид деша кхайкхинчохь, цхьаболчу нахехь кхачанах ца кхетара иза. Тхан дас, ас шега цу хьокъехь хаьттича: «Хьарам даьккхинчу рицкъанах ца кхета иза» — элира. Ткъа х1инца дой техьа цхьаммо а и саннарг? Хезна-м дац. Шен лулахь мовлиде кхайкхина воллушехь, цига а ца воьдуш, вехаш волчо, йа хьаькамо кхайкхинче воьдуш верг-м хаало вайна.
  Гуттар буьйцуш берш, мухха даьккхина а шен доьзална рицкъ даккха г1ерташ къахьоьгуш болу г1ийланиш ма бу х1окхуьнан. Ца догг1ушехь пенси доккхург йа т1етухург ахчанаш оьцург, йа кхаьънаш (взяткаш) оьцуш болу хьаькамаш ма ца буьйцу, аьлла, ойла кхоллайала тарло доьшучера. Цкъа делахь, уьш ца бийцича а, вайна а, шайна а хаа хууш, хьарам рицкъанах бехаш нах бу. Дакъаза бевлла нах а бу, йа кхетар болуш а бац, йа вайга нислур болуш а бац. Дала нисбойла уьш. Вай кхетон безарш г1ийланиш бу, дакъаза ца бовлийта г1ерташ. «Наха а ма оьцу, мухха а доккхий пенси, йа кхечу кепара ахча, суна а мегар дац техьа иза», олий, 1ехалуш берш бу вай буьйцурш.
 Рицкъ доцуш дисина, мацалла даларна кхоьрутехьа вай? Дала аьлла ду боху, са чохь мел кхоьллинчу адамна а, дийнатна а, цкъа хьалха рицкъ кхоьллиний бен, уьш дуьненчу ца доху Ша, аьлла. Делах тешаш дац вай? Массо а до1анна т1ехь деха ма дезара вай: «Везан Дела со а, сан доьзал а хьарамчу рицкъанах ларделахь, хьаналчу рицкъан т1ехь аьтто белахь тхан». Дала хьарамчунах лардала а, хьаналниг лаха а доьналла а, хьуьнар а лойла вайна, бусалба вежарий.
    Дала иманехь нисдойла вай!

   А. СУЛЕЙМАНОВ.


   Р.s. Делахь а, наггахь телевизор чохь, дукхахьолахь ватсап чохь: «Карийна ахча ду, йа«Карийна бежан ду!» — олуш кхайкхар хезаш мел ду вайн г1уллакх иштта галдаьлла а дац шуна, х1унда аьлча, хьарам-хьанал къасториш вайна йукъахь болуш бу, уьш к1езиг а бац.