Зеделларг долчу хьехархойх йу иза
08.12.2024
Томе хуьлу, жимчохь дуьйна даг чу йоьссинайолу ненан матте йолу марзо ойланехь а кхобуш, и мотт бовзаран хаарш шегаратlаьхьенна дlа а кхачош адамаш хилар.
Цул сов, хlора а ша-ша кепара амалш йолчуберашка уьш кхетош бийца мотт хаьа а безахьехархочунна. Аьлча а, уьш муха дийцичадешарна тlебоьрзур бу а, цара шайна хьехнарг дlамуха дийцича лоцур ду а хууш зиэделларгхиладеза.
Царах йу Шеларчу №6 йолчу йуккъерчу школиннохчийн меттан а, литературин а хьехархоМусхаджиева Алла а. 1981-чу шарахь, Шелара №3 йолу йуккъера школа кхиамца чекх а йоккхий, оццушарахь Нохч-Гlалгlайн пачхьалкхан университете, филологин декъе (факультете) деша йоьду хинйолухьехархо.
Нохчийн меттан хьехархочун болх шенойланашкахь школехь доьшуш йолуш дуьйнакъастийнера йоlа. Матте а, берашка а болчу безамобайтира цуьнга и харжам.
Лакхахь хьахийначу университетехь заочно доьшуш а йолуш, 1983-чу шарахь Шелан кlоштан«Зама» (хlетахь, «Коммунизман байракх») газете корректоран дарже балха йахара Алла. Цигахь кхаашарахь сов болх бира цуо. Ткъа, дешна 1988-чу шарахь йелира иза.
Хьехархочун говзалла ша Iамийна йаьлча, ша къастийначу новкъахь хьалхара гIулчаш йахардIадаьхьира цуо ша дешначу Шеларчу №3 йолчуйуккъерчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьехарца. Цигахь 10 шарахь болх бира.
Йуьхьанца атта дацара къоначу хьехархочунна, делахь а ша хьоьхург шена сов беза хеташболу шен ненан мотт хиларо ницкъ лора цунна халонаш эшон а, дешархойн дегнашка боьдунекъ карон а. Билгалдаккха лаьа, тахана 37 шо зама йу, Мусхаджиева Аллас шайн школин хьехархойн коллективана а, дешархошна а дика накъост а йолуш болх бен. Цу шерех — 26 шо, иза хlинца шайолчу школехь йолу а ду. Кху шарахь 5-8-чуй классашна нохчийн мотт хьоьхуш а, 9-чу «в» классан куьйгалхо а йу А. Мусхаджиева.
Цо дийцарехь, нохчийн меттан керлачу кепашца, уьш берашна йовзуьйтуш болх а бо цара.
— Алла дикачу хьехархойх цхьаъ йу тхан. Берашна дика а хьоьху цуо, шен белхан декхаршдика девзаш а, шеца зиэделларг долуш а хьехархойу иза — дуьйцу, церан школин директора Дергиева Зулайс — цул сов, чlогlа дика адам а дуиза.
Цуо бохург бакъдеш хетало шен белхандекхаршкахь ларош къахьегарна, Аллина НР-н дешаран Министерствос а, кlоштан дешаран отделоа деллачу совгlаташа (грамоташа).
МАТАГОВ Ихьсан