«…Гермачигах ойла хьерча сан»

03.12.2024 Выкл. Автор Zama

Туркойн маттера гочдича Гермачиг боху дош – «чIагIо», «гIап» бохург ду.

Гермачиг йурт кхоллайелла, схьахетарехь, 1187-чу шарахь, Джалкх-хин йистехь. Нохчийчоьнанаренгахь уггаре ширачух лоруш йу иза, шена чохьтахана шийтта эзар вахархо волуш йолу. Кхузахьцхьаъ рузбан-маьждиг а, пхийтта жамаIат-маьждигаш а ду. Билггал хууш ду, 1807-1809 шерашкахь Гермачигахь кхоъ рузбан-маьждигхилла хилар (шиъ йуьртан йистошкахь, цхьаъйуьртана йуккъехь), кхаанний чохь рузба деш а хилла. Йуьртахойн Iар-дахар хилла латта а, даьхниа, йохк-эцар а лелорца доьзна...

Кавказан тIом болуш, 1830-1834-чу шерашкахь и кхо маьждиг, йуьртаца цхьаьна, мосуьйттазадохийна хилла. Йуьртана уллехь болу Чух-барз а, ГIойт-корт ашира кешнаш лаьттина баьрзнашхиларан тоьшаллаш ду карийна. Чух-борз – АстагIчу Тимаран эскар лаьттина меттиг йу бохуметтигерчу историн хьехархочо, 75 шо долчуУсманов Лом-Iелас.

Шен хенахь, 1832-чу шарахь аьхка, оьрсийн поэта Полежаев Александра хIара шира йурт йагийначултIаьхьа, «Гермчигара кешнаш» цIе йолустихотворени йазйо. Оцу байтан хIора могIано а йуьйцу Гермчиган истори, кхузарчу йуьртахойнтурпалалла, доьналла. Цундела оцу поэтехь хIинцаа сий-ларам бу дуккхаъчу гермачигхойн.  

Лакхахь вай хьахийначу Усманов ЛомIелас кхидIаа дуьйцу:

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, иттанаш йахь йолу кIентий бахара цига тханширачу йуьртара. Масала, Абдулхаджиев Сайпи, Айдамиров Мохьмад, Акмурзаев Лабаз, АлисхановМидан, Небиев Ваха, Идрисов СаьIид, ИнаевМухьади, Хатуев Амхьад, дуккха а кхиберш. Царахах гергга даим Iехка бисира Россин а, Европин а тIеман аренашкахь

Жимма хьалха хилла долу рузбан-маьждиг 1901-1902 шерашкахь йухаметтахIоттийна дара, изаНохчийчохь уггаре шираниг лоруш ду тахана а. Советийн Iедал долуш йеххачу хенахь цунах клуб йинера, амма 1991-чу шарахь йуьртахоша барт а бина, йуха меттахIоттийра иза

КIезиг бац Нохчийчохь а, Россехь а Гермачигарасхьабевлла Iилманчаш, йаздархой, лоьраш, спортахой, кхиберш. Масала, историн Iилманийндоктор, профессор Багаев Муса, экономикинIилманийн доктор, пачхьалкхан гIуллакххоПаскачев Асламбек, Iилманча-филолог ДыхаевВаха, медицинин Iиманийн доктор, профессор Паскачев Iабдулбек, СССР йолчу хенахь тоьллачеххилла волу штангист Ачичаев Iалим, поэташ Осмаев Асламбек, Ахмаров Рамзан, дуккха а кхиберш. Кхарах тIаьхьарчо – Р. Ахмаровсшовзткъа шо хьалха йаздина хIара дагах кхетамогIанаш:

Батто дети хьоьрсу Джалкха чу.

Вахалур вац генахь хийрачу.

Самах, дийнахь, йа гуш буса гIан,

Гермачигах ойла хьерча сан…

2021-чу шеран бекарг баттахь А-Хь. КадыровнцIарах йолчу Регионан йукъараллин фондангIоьнца Гермачигахь керла рузбан-маьждиг дан долийра, шена чохь 4500 стага ламаз дан йишйолуш. Цуьнан схьаделлар 2022-чу шеран аьхкечекхйолуш дезачу хьолехь дIадаьхьира. Оцубоккхачу хиламехь дакъалоцуш вара лераме хьашаНохчийчоьнан Мехк-Да, Россин ТурпалхоКадыров Рамзан-Хьаьжа а, муфтиятан куьйгалхой, министраш, кхиберш.

Гермачигхойн хьовха, йерриг Шелан кIоштанбахархойн а дозалла ду – НР-н Мехк-Ден гIоьнча, вайн муниципальни кIоштан администрацинхIинцалера куьйгалхо Ибрагимов ТурпалIела. Цошен берриге ницкъ, хаарш дIало вайн кIоштсоциальни, экономикин, культурин, кхидолчудакъошкахула Нохчийчохь а тоьллачех цхьаъхиларна. Дала аьтто бойла цуьнан оцу пачхьалкханжоьпаллин даржехь!

Зорбане кечйинарг

И. МАТАГОВ,

тхан корреспондент.