И. Матаговн керлачу книжках дош
18.10.2024Диканна вог1ург диканца т1еэца веза
Къона поэт, журналист Матагов Ихьсандуьненчу ваьлла 1987-чу шеран хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь Шелахь. 2005-чу шарахьциггахь чекхйаьккхина № 9 йолу йуккъерашкола. 2006-чу шарахь деша вахара НР-н къоначу корреспондентийн школе. Цхьанашарахь дешна а волий, Шеларчу «Зама» газетанкорреспондентан балха хIутту иза. Цул тIаьхьакхо шо даьлча, Ихьсан НР-н «Даймохк» газете къахьега воьду. Кхин а ши-кхо шо даьлча изайухавогIу ша болх бинчу Шела кIоштан «Зама» газетан редакце.
Корреспондентан болх беш а волуш, иза дешавоьду Нохчийн пачхьалкхан университетанфилологин факультетан журналистикинотделене, и чекх а йоккху цо.
Россин журналистийн а, йаздархойн а Союзийндекъашхо а ву И. Матагов.
Дуьххьара байташ йазйан иза волавелла 2004-чу шарахь, 10-чу классехь доьшуш волуш. 2010-чу шарахь зорбане йелира цуьнан «Тешалахь, хьо…» аьлла цIе йолу байтийн жима гулар.
Иштта, Ихьсанан произведенеш зорбане йевллагазеташкахь: «Зама», «Исламан зIаьнарш», «Даймохк», журналашкахь: «Орга», «Вайнах», иштта «Синмаршо», «Дебют», кхийолчуйукъарчу гуларшкахь а.
Карарчу хенахь «Зама» газетан штатехь воцукорреспондент ву, байташ, дийцарш йаздешкъахьоьгуш а ву.
Матагов Ихьсан шен ала дош а долуш, дийцах1ума а долуш веана нохчийн литературе. Цуьнан лехамаш а, дуьнене хьежар а, нахацайолу уьйраш-марзонаш а йевзар йуйешархочунна кху книгин аг1онаш йоьшучухенахь.
Шен литературни турпалхочун к1орггера синхаамаш гойту автора, цуьнан дог-ойла, халахетарш, хазахетарш, дуьнене болу хьежамаш. И турпалхо къийсамехь ву, шеконийн йийсарера вала г1ерта иза, цоцӀеначу безамна т1ебоьду некъ лоьху…
Хазачу нохчийн маттахь йазйина йу Ихьсананговзарш, меттан таронаш шуьйра гайта аьттохилла цуьнан, шена уьш дика йевза дела.
* * *
Исбаьхьаллин литература шатайпана синхаам бу. Цуьнан шен, и ша йоцчуьнга хийцалур а доцушдолуш дерг а, хьан ойлане, нигаташка хьаьжжинадолу хиндерг а, цхьана а замане хийца ца делладолу д1адаьлларг а хуьлу.
Цунах кхеташ берш дукха ца нисло, ткъа цакхеташ, цу шайн ца кхетарх а ца кхеташ, и шенбоцу некъ бан г1ерташ, цу г1уллакхана ох1ла йоцушайн миска ойланаш хьийзош берш а ца хуьлук1езиг. Йуха и некъ шениг цахиларх кхетта, цунахйухабовлуш берш а цхьа тамашийна, шех дахаробинчу къинхетамах кхета ца лууш, дегабааме, йашен цхьа доккха ца нисделларг к1елдисча санна, дог доьхна а нисло.
Ткъа дахар-м д1адоьду, ша мацах, эзарнаш шерашхьалха санна, тахана кху карарчу хенахь санна, т1едог1ун долчу эзарнаш шерашкахь саннамеллаша, тийна, цхьана а кху лаьттан векалан зама сацон, дахар хийца, кхуьнан амал г1елйан ницкъ а боцуш, йиш а йоцуш, аьтто а боцуш. Шена Дала мацах ша кхуллуш деллачу дозанашца, шенбакъдолчаьрца, ша Цу цхьана Дела воцчуьнгахийцалур доцчу дахаран 1адаташца.
Ткъа бакъйолу исбаьхьаллин литература йеха цузиэрех, заманан чолхенех чекх а йуьйлуш, дахаранца хилча ца долу бакъдерг а хуьлий, заманеразамане, оьмарера оьмаршка йуьйлуш, х1ора Дала кхоьллина долу адам къинхетаме, вовшашнадезаре, вовшашна эшаре кхуьйкху мела, эсала, къинхетаме мохь, цхьа аз, цхьа лаам, цхьакхайкхам, цхьа беркате йоза шех хуьлий, шен цуйозанан х1ора хьаьрках диканна ара мел ваьллачунна тешаме накъост а хуьлий. Адамо адаме карара кара кховдош, заманера заманед1адаха дезаш долу, шен некъ абаде кхаччалц бехахила безаш долу, цхьа некъан гуш доцу, аммагуттар а латта, гуттар а даха дезаш долу цхьанекъан тача а хуьлий, б1аьстенан мелачу дог1анан беркате марха санна, х1орамма а лардеш, х1ора а иза гаре хьоьжуш, цуьнга сатуьйсуш волу, адамаллалаьттахь мел йеха, дикаллин, къинхетаман цхьаб1ог1ам, цхьа йоккха тарх, цхьа лекха, шенондалла дуьненан махе ца иэшабелла болу лекхалам санна…
Иштта ойланаш хилира сан, х1ара МатаговИхьсанан байтех дош алар сайга кховдийча. Ихьсанан ойланаш, цуьнан байташ, цу байтийнх1ора мог1а, х1ора дош, хьаьрк нохчийн поэзинцхьа жима, амма ша боккха хила хьакъ хиларал а совнаха, ша кхин а дика кхиа декхар болу цхьахилам бу, аьлла а хета суна. Поэзехь иштта хила дезаш а ду. Иштта ца хилча ца долуш а ду. И. Матаговн байтийн чулацаман ц1еналло а, ма-дарра, совнаха басарш доцуш, исбаьхьаллин сурт х1отто цуьнан йолчу говзалло а тоьшалла до иза ишттахила дезаш хиларан а, иза иштта хирг хиларан а. Ткъа кхид1а дерг хено гойтур ду, Ихьсанан кху аттабоцчу, цкъа а цхьанна а атта хилла боцчубакъйолчу поэзин новкъахь къахьега болчу лаамо а гойтур ду.
Боккхачу къинхьегамо шен дахаран некъах къилбадечу, цу некъан тача шен каралаца урх цу къар цавеллачуьнга д1акховдочу замано а гойтур дуИхьсанан кхид1а мел ницкъ кхочур бу, цу ницкъоцу сийлахьчу новкъахь кху вайн Нохчийчоьнна, нохчийн маттана, исбаьхьаллин литературина мел боккха пайда бохьур бу.
Ткъа вайн карахь дерг, Ихьсанан йозанаш деннакхин а кхуьург хиларх доггах теша а тешаш, х1ара жайна зорбане даккха реза хиллачу НР-н йаздархойн Союзана а, тахана, дерриг а дохка-эцаре марзделла, шен орамех хада г1ерташ санна, хьаьдда хьийзачу ткъе цхьаолг1ачу б1е шерандуьненан дахарехь, нохчий мотт, истори, литература кхион вайн аьтто бешсхьавог1уш волчу вайн Мехка-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а олуш, И. Матаговннохчийн литературе болу некъ маьрша а, ц1ена а, баккхийчу кхиамашца хила ваьшна лууш хилар а, къинхьегамах озавелла вуха вала цуьнан меттигцахилар а цунна д1ахаийтар, марша вог1ийла хьо,нохчийн къоман поэзин шатайпаначу хьаьрме алар, диканна вог1ург диканца т1еэцар ду. Ткъа кхид1а дерг, вай лакхахь хьаха ма-дара, хено а гойтур ду.
Дала мукълахь, Ихьсан ша йуьхьарлаьцначуннат1ехь шен декхарх кхеташ чекхвериг хиларх вайдог тешна а ду.
Дала аьтто бойла хьан, Ихьсан!
ШАМСУДИНОВ Бувайсар,
поэт, «Даймохк» газетан коьрта редактор.