Нохчийн халкъан Поэт
16.08.2024
Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран хьаьттанбеттан (август) 15-чу дийнахь Дишни-Веданахьхьуьнан белхахочун доьзалехь.
Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIанте дешийталууш хилла. Дика доьшуш йуьртара школа чекхйаьккхина Шайхис. 1944-чу шарахь нохчийнхалкъ махках даьккхича, КазахстананСемипалатински областерчу Новопокровскирайоне кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахьйуккъера школа чекхйаьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа, 1949-чу шарахь циггахь финансийнтехникуме деша воьду жимстаг. Иза 1952-чу шарахь чекхйаьккхина, даймахка НохчийчуцIаверззалц (1958 шо) Казахстанехь финансийнорганашкахь болх бина.
Дишни-Ведана цIа баьхкича, Шайхи ВедананкIоштан финотделан куьйгалхо вохуьйту. Аммашколехь волуш дуьйна стихаш йазйеш волу Шайхишен дахар финансашца доьзна Iа лууш вацара. Цозаочни кепара чекхйоккху Нохч-ГIалгIайнхьехархойн институтан филологин факультет.
1965-чу шарахь Веданарчу «Колхозан дахар» цIейолчу газетан редакторан гIоьнча хIоттаво иза. Оцударжехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа изаСоьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжнииздательствон редакторан балха схьавалийна. Кхузахь кхиамца болх беш волу Ш. Арсанукаев1973-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн йаздархойн Союзоарахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986-чу шарахь – республикин йаздархойн Союзан правленинкуьйгалхо хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчушерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетаннохчийн литературин, фольклоран кафедрехьдоцент лаьттина.
Арсанукаев Шайхин стихаш зорбанехь дуьххьарагучуйевлла 1959-чу шеран йуьххьехь. Оцу муьрехь«Орга» альманаха тIехь а, республикин газетийнагIонаш тIехь а, йукъарчу сборникаш тIехь а алссам арайийлина цуьнан байташ.
Поэтан дуьххьарлера книга «ЛаьмнашкахьIуьйре» арайаьлла 1965-чу шарахь. Цу тIехьзорбатоьхнера авторан стихашший, поэмий. Гушдара къоман литературе шен некъ, кхоллараллинхатI лохуш волу, поэтически корматалла йолу автор веъна хилар. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссазадели, керла книгаш арайийлина Ш. Арсанукаевн: «Безаман шовда» – стихаш (1967), «ЦIеран суй» – стихаш, поэма (1969), «Новкъахь» – стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш» – стихаш, драматически поэма (1973), «Лакхенан гIиллакх» – стихаш, драмин поэма (1975), «Тешам» – поэмаш (1976), «Керла де» – стихаш, поэма (1980), «УшарминШих» – драмин поэма (1982), «Кхолламан сизаш» –стихашкахь роман (1987), «Лаьмнийн иллеш» –стихаш, драмин поэма (1991), «Сийна гене» –стихаш, поэмаш, драма. Хьалхара том (2009), «Уьшхийца тарлуш дац» – стихаш, драма-легенда, поэма, стихашкахь роман, гочдарш. ШолгIа том (2009).
Оьрсийн маттахь а Соьлжа-гIалахь, Москвахьарахецна поэтан книгаш.
ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчупоэзин цхьа агIо йу Арсанукаев Шайхинкхолларалла.
Авторан деган йовхо, граждански ойланаш йуАрсанукаев Шайхин байташкахь. Шен мехкан воIву цуьнан лирически турпалхо, цунна Iаламатхьоме бу Даймохк, иза воккхавеш ду къоман хьалхадIадахнарг а, хIинцалерниг а, цо дозалла до шенмахках, дайн къонахаллех:
Лаьмнийн мохк! Курачу къонахийн латта!
Лайначийн моьнаш го хьан некха тIехь.
Иэшам а, иэшар а кхаьчна хьан хьаьтта,
Амма ца лайна ахь осаллин эхь!
(«Винчу лаьмнашкахь»)
Даймохк Iалашбар, дайн гIиллакхаш лардар, нохчийн меттан сийдар тIекхуьучарна тIедуьллу«Весет» стихотворенин турпалхочо а.
Поэташа шаьш сийлахь лоручу, халкъалахьсийлахь долчу хIуманашна а, хиламашна а йазйогимнаш. Арсанукаев Шайхис Нийсонна йаьккхинагимн. «Нийсо» боху дош доккхачу элпаца йаздинацо. Нийсонна хастам беш йу иза.
Арсанукаев Шайхин поэзин лирически турпалхокъинхетаме ву, цуьнан коьрта амал адамалла йу, гIийлачух къахета цунна, вон деанчунна орцахвалакийча ву, адаман гIайгIа-бала шега схьаэца кийчаву.
Масала, стихотворенеш «Ма ойла ца йо вай», «Нагахь хьан гIо оьшуш», «Догдикаллех стихаш», «Ненан доIа», «Исбаьхьчу дуьнене», «Мохкбегор», «Лаьа суна», поэма «Баркалла, адамаш», сонетийнкочар «Адам – и дуьне ду, жима планета».
Ш. Арсанукаевн уггар йевзаш йолу стихотворенийу «Ненан мотт». Оцу стихотворенех лаьцнахалкъан йаздархочо Бексултанов Мусас аьлла: «Со теша, «Ненан мотт» цIе йолчу Арсанукаевнстихотворенис дуккхаъчу поэташна некъ бихкинахиларх, ненан маттах кхин дика стих йазйан йиш а йоцуш».
…ГIиллакхе, оьзда бу
ДоттагIчуьнга буьйцуш,
МостагIчуьнга вистхуьлуш –
Ду ира герз,
Хьомечу йезаре
Безам ахь буьйцуш,
Биэка и,
Шех хуьлий хьан деган мерз!..
Арсанукаев Шайхин кхолларалла кхечумехкашкахь а йевзаш йу: оьрсийн, балкхаройн, гуьржийн, гIазгIумкийн, гIалгIайн, казахийн, немцойн, полякийн, туркойн, хIирийн, кхечукъаьмнийн а меттанашкахь. Поэта нохчийн маттейаьхна А. Пушкинан, М. Лермонтовн, Н. Некрасовн, А. Блокан; казахийн – О. Сулейменовн, Д. Мулдагалиевн; гуьржийн – И. Чавчавадзен; эрмалойн – Р. Ованесянан; гIебартойн – А. Кешоковн; балкхаройн – К. Кулиевн; хIирийн – К.Хетагуровн, кхечу къаьмнийн а йаздархойн гуларш.
Ш.А. Арсанукаевн кхоллараллин лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-ГIалгIайнАССР-н культуран хьакъволу белхахо» цIе йелла, 1989-чу шарахь – «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъанпоэт», 2005-чу шарахь – «НР-н сийлахьгражданин» цIерш а йелла. Орден Дружбы а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» медаль а йара поэтан. Цуьнан поэзи нохчийнкъоман литературин йоврйоцу йоккха хазна йу.
Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012-чу шеранбIаьста Соьлжа-гIалахь.
АРСАНУКАЕВ Iабдулла,
литературин критик.
(Статья йацйина йу).