Поэт, журналист Кибиев Мусбек

13.08.2024 Выкл. Автор Zama

Кибиев Мусбек вина 1937-чу шеран хьаьттанбеттан (август) 7-чу дийнахь ВеданахьгIуллакххочун Мохьмадан доьзалехь. Нохчийн къаммахках даьккхинчу хенахь дукхаха йолу хан Киргизехь йаьккхина КибиевгIеран доьзало,

Киргизерчу Кара-Балтахь ворхIшеран школа чекхйаьккхина Мусбека. Даймахка йуха цIадирзинчул тIаьхьа дешна Веданан № 1 йолчуйуккъерчу школехь.

1961-чу шарахь Кибиев Мусбек деша воьдуМосква, М. Горькийн цIарах йолчу литературниинституте. Цо иза Iаламат дика доьшуш чекх а яьккхина.

Литинститутехь доьшучу хенахь дуьйна а поэтаналссам стихаш арайийлина Нохчийчохь  зорбатоьхна ца Iаш, Москвахь, Ростовехь, Молдавехь, Гуьржех, Украинехь, кхечанхьа.Оьрсийн матте а йаьхна, цуьнан стихашзорбатоьхна «Дружба народов», «Дон», «Техника-молодежи» журналаш тIехь, «Литература и жизнь», «Молодежь Молдавии», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь.

Кибиев Мусбекан дуьххьарлера книга арайаьлла 1962-чу шарахь. Иза «Ши зама» цIе йолустихийн гулар йара. ШолгIаниг, – «Наьрташ» цIе а йолуш, 1964-чу шарахь арайаьлла.

«Ши зама», «Наьрташ» цIерш а йолчу оцугуларшна  йукъаяхначу стихашкахь шера гуш дара нохчийн поэзехь хIинццалц хиллачух къаьсташдолу стихан хатI, стихан форманаш къоначу поэтанкхоллараллехь хилар.

Кибиев Мусбекан кхолларалла шен чулацамца, маьIница кIарглуш, цуьнан поэзин исбаьхьаллинхотIан шатайпаналла хилла хан йу 1960-гIа 1970-гIа шераш дуьйладелла мур. КIорггера, шуьйрахаарш луш йолу Литературни институт кхиамцачекх а йаьккхина, 1967-чу шарахь Нохчийчу цIавеана поэт. Йуьхьанца Кибиев Мусбека болх бинаНохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойнинститутан «За педагогические кадры» газетанредаторан даржехь. Цул тIаьхьа цхьана муьрехь«Ленинан некъ» газетехь, тIаккха «Орга» альманахан редакцехь  белхаш бина. Поэтандахаран дукхаха йолу хан ша винчу юьртахьДишна-Веданахь дIайахна. Веданан районан«Колхозан дахар» газетан редактор лаьттина иза.

Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь арайийлинапоэтан книгаш: «Денойн чам» (1969), «ШийлацIерш» (1975), «Лаьттан куьзга» (1984), «БеттандогIа» (1985), «Седарчийн чIара» (1988), «Хьекъалан бохь» (1992), «Хаьржинарш» (2012). Оьрсийн маттахь араяьлла  «Вершина разума» (1993). Москвахь 1995-чу шарахь зорбатоьхна «Лунный дождь» цIе йолу книга.

Кибиев Мусбекан поэзин башхаллех лаьцнаАрсанукаев Шайхис йаздина: «Мусбекан поэзиншатайпаналла, чолхалла йозуш йу, цуьнан шендахаран кхолламах. Цуьнан шен Дуьне ду, цуьнанДуьнене, Iаламе, адаман дахаре шен хьажар ду, шен Аз ду, шен йозанан хатI ду, шен философи йу. Иза Поэт-философ ву. Суна хетарехь, цундела ду-кх Мусбекан поэзехь деган синхаамел сов философин ойланаш нисйалар». 

Нохчийн хIинцалерчу литературехь мехала ю Кибиев Мусбекан поэтически кхолларалла. Бакъду, цуьнан исбаьхьаллин дашах кхоччуш марзоэцархьама, литературехь мелла а зеделларг долушхила веза.  

Кибиев Мусбек кхелхина 1997-чу шеран гурахь шавинчу Веданахь.

Зорбане кечйинарг

А. ХАМИДОВ