Исбаьхьа васт кхуллуш

30.07.2024 Выкл. Автор Zama

Нийсса шовзкъа шо хьалха Шела г1алахь дуьненчуйаьлла Виситаева Тумани. Цо чекхйаьккхинаШелара № 10 йолу йуккъера школа, цул т1аьхьа дешна зорбанан Ц1ийнехь йолчу журналистийнкурсашкахь.

Карарчу бIешеран хьалхарчу шерашкахь дуьйнацуьнан байташ, доций дийцарш, эссеш зорбанейуьйлу «Даймохк», Шелан кIоштан «Зама» газетийн а, «Орга», «Вайнах» литературин-исбаьхьаллин журналийн а агIонаштIехь.

Т. Виситаеван кхолларалла мелла а шуьйра йовзайуьйлира йешархошна НР-н йаздархойн Союзокъоначу йаздархойн кхоллараллин гуларшарахецча: «Синмаршо» (2017-гIа шо), «БераллерацIа» (2018-гIа шо), «Седа бохьур бу хьуна» (2019-гIа шо). Оцу кхаа гуларна йукъайахана ВиситаеваТуманин байташ а, дийцарш а. 2021-г1а шарахьНР-н йаздархойн Союзо Виситаева Туманин шен«Цхьаллин йесаллехь» цIе йолу гулар арахецна. Цунна йукъайахана къоначу авторан хаьржинабайташ а, масех дийцар а.

Т. Виситаевас тIаьхьарчу хенахь йазйина Iаламатисбаьхьа васташ кхуллуш йолу байташ. Царнайукъахь шен кIорггерчу чулацамца, доккхачуйуккъараллин маьIнийца билгалйевлла цуьнан «Даймохк», «Нохчийчоь», «Нана», «БIаьстейогIу», «Машаран де», «ЧIебарлойн ломахь», кхийолу байташ.

Ала деза, Туманин стихийн могIанаш тIехь баьхнадуккха а мукъамаш бу. Уьш дIаолу вайнреспубликерчу бевзаш болчу илланчаша, эшарлакхархоша. Карарчу хенахь и похIме нохчийнзуда къахьоьгуш йу СоьлжаIалин культуриндепартаментан культура кхиоран Центран«Исбаьхьаллин дош» студин куьйгалхо йолуш. Изадика ларайо шен корматаллин декхаршца. Цигахьцуьнан боккха сий-ларам а бу.

Т. Виситаеван х1ара ши стихотворени йовзуьйтуоха газетдешархошна:

Нохчийчоьне

Ас шело а ловрйара-кх, Нохчийчоь,

Хьан йовхонах хьоьгуш, со ца шелйелчахьана,

Ас гIело а ловрйара-кх, Нохчийчоь,

Хьан марзонах хьоьгуш, со ца гIелйелчахьана.

Ас хало а ловрйара-кх, Нохчийчоь,

Балано хьо холчу ца хIиттийчахьана,

Ас дуьне а дуьтур дара-кх, Нохчийчоь,

Сайл тIаьхьа хьо йехарйуй хиъчахьана!

Нене

Хеназа хебарша йуьхь йу хьан йаьжна,

Цаьрцанна ахь лайна баланаш го,

Декъазчех хилла-кха дакъа хьоь кхаьчнарг,

Цундела оцо сан дог Iийжадо.

Сов дика кхета хьох хьан йоI со, нана,

ГIайгIанийн йийсарехь йаьхна хьо йу,

Сан дуьхьа хилахьа хьайн ирсан гIала,

Суна а боккха кхаъ иза ма бу.

                   ***

Нана, мел даккхий дарах ас дезарш,

Резабарх массо суо йезарш,

Хьо реза цахилахь, Нана,

Хир йац-кха со ирсе кхана.

Нана, йахйойла хьан хан вайн Дала,

Ма гойла хьан дагна бала!

Сийлахьа лерина нана,

Хастам бо хьо йолуш Далла!

  Теша, Тумани кхидIа а шен кхоллараллехьлаккхарчу кхиамашка кхочург хиларх.

«Зама» газетан коллективо даггара декъалйоВиситаева Тумани йинчу денца. Дала могашалла а, кхоллараллехь керла кхиамаш а, доьзалехь барт-марзо а лойла хьуна!

А. ХАМИДОВ