Винчу денца, Турпал-1ела Вахаевич!

24.07.2024 Выкл. Автор Zama

Тахана 45 шо кхечи Нохчийн РеспубликинКуьйгалхочун г1оьнча, Шелан муниципальник1оштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела Вахаевич дуьненчу ваьлла.

Оха даггара декъалво хьо, Турпал-1ела Вахаевич, винчу денца! Хьо хаъал хилчахьана халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанала къахьоьгуш схьавог1уш вухьо, хьайн могашалла а, са а ца кхоош.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжинаулле а ваьлла, цо д1аболийначу нийсачу некъат1ехь тешаме накъост а хилла схьавеана ву хьо. Шен дас йуьхьарлаьцна болу Нохчийчохь кхинцкъа а т1ом ца хилийтарна, бусалба дин ч1аг1дарна, адамийн дахар ирсе хилийтарнат1ехьажийна некъ тахана кхиамца д1акхоьхьуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, РоссинТурпалхочун Кадыров Рамзанан тешаме накъостволуш схьавог1уш а ву хьо.

Хьалха Шела г1алин мэран а, Шеланмуниципальни к1оштан администрацинкуьйгалхочун а, цул т1аьхьа министрийн а, республикин т1ег1анерчу кхечу лаккхарчударжашкаш волуш а, х1инца йуха а к1оштан администрацин куьйгалхо волуш а хьалхах1иттийначу декхарша кхиамца ларош, вайнбахархойн дуьхьа дерриге деш къахьоьгуш а ву хьо.Дела реза хуьлда хьуна!

Дала аьтто бойла хьан! Дала могашалла латтайойлахьуна нохчийн халкъан дуьхьа кхид1а а хьаналакъахьега!

«Зама» газетан редакцин коллектив.