Таймин Бийболат

22.05.2024 Выкл. Автор Zama

   Нохчийн халкъан исторехь йоккха меттигдIалаьцна ву иллешкахь вийцина волу ТайминБийболат. Цуьнан схьаваларх талламхошнайукъахь баккхий къийсамаш бу. Цхьаболчараиза Майртуьпахь дуьнен чу ваьлла боху, 1779-чу шарахь, вукхара Жимчу АтагIахь вина  вубоху. Амма вайна хууш цхьаъ ду: нохчех муьлххаа ирсе хир вара, и башха турпалхо шен йуьртахьвина ву аьлча. Делахь а цуьнан схьавалармиччанхьа хиллехь а, иза шен къоман тешамекIант хилла ву, цунна шен са ца кхоош гIуллакхдина волу.      

Иза онда а, доьналла долуш а стаг хилла, жима волуш дуьйна а шен цIе йоккхуьйтуш. ГIалгIазакхаша шен доттагI вийча, неканца Теркалдехьа а ваьлла, 11 гIалагIазакхи вийна цо, чIироьцуш. Цуьнан турпалаллин гIуллакхех лаьцнадийцарш Нохчийчохь шуьйра даьржина хилла. Шаханна жима хиллехь а, хьалкъан тхьамданех цхьаъхилла Бийболат.

Оьрсийн паччахьан Iедало дарж а делла, алапа а диллина хилла цунна. Йуьхьенца паччахьанэскарехь гIуллакх дан реза хилла иза, историкашадийцарехь, цу Iедална чIагIо йина а хилла, подпоручикан чин а делла цунна. Амма эскарангIуллакх гена дIа ца дахара. Нохчашна беш болу ницкъ а гина, паччахьан эскарера дIа а ваьлла, колонизаторшна дуьхьалвелира Бийболат. Цуьнанаьтто хилира тIом бан ницкъ кхочуш долу эскарвовшахтоха. Шен тIемалошца масех боккха толам баьккхира Бийболата паччахьан эскарна тIехь.

  ТIемаца Нохчийчоь эшайан хала хир дуйла хууш, паччахьан Iедалехь берш некъаш лоьхуш бара, хIара чолхе мохк хIун дича караберзалур бара техьа, бохуш. Таймин Бийболате кхин цкъа а машарен куьг кховдийра. Хьекъале а, хин долчунойла йеш а волчу цунна гора жимачу Нохчийчоьнанницкъ кхочур боцийла йоккхачу а, ондачу а Россица тIом бан. Паччахьан 1едалан чиновникашца дийцарш дечу хенахь Бийболат шенма-хуьллу Нохчийчоьнна шаьш урхалла ден йолубакъо йаккха гIертара, Россин куьйга кIел а долуш.  Иза чIогIа сатесна вара, хенан йохалла йозуш йоцуНохчийн пачхьалкх кхолла аьтто хир бу аьлла.

  Амма цуьнан сатийсамаш кхочушхила боьгIна цахилира. Машарен дийцаршна а, билгалбаьллабогIучу кхиаран некъана а новкъарло йира инарлаЕрмоловс. Иза тешна вара ламанхой герзацакъарбан беза бохучух. Ермоловца дийцарш дан гIертарх гIуллакх ца хилира Бийболатан. Инарлинаца лиира «талорхочуьнца» цхьаьнакхета, ишттаТаймин Бийболат хиларх тешна вара иза.

Нохчийчоь бехачу а, цIий Iанош болчу а тIеманновкъа йелира, имама Шемала дIаболийначупаргIатонехьа болчу боламна йукъа а йахана.  Иштта иттаннаш шерашкахь бахбелира КавказскитIом.

 Таймин Бийболат, дийцарехь, шен чIирхойн карах кхелхира 1831-чу шеран мангал беттан 15-чу дийнахь. Амма цхьа а шеко йац, иза дийна виснехь, цо нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латточукъийсамехь доккха дакъа лоцург хиларан.

АРСАНУКАЕВ Муса,

«Зама» газетан шен корреспондент.