Бехк а боцуш, шен махках ваьккхинарг
20.05.2024Иэс
Новрзакъан Минц1ин 1адлан махках воккхучухенахь йалх шо кхаьчна вара. Жима волу и цакхетара, хилларг х1ун ду ца хаьара йабаккхийчарна, йа цхьанне а. Бехк — гуьнахь а доцуш, дерриге нохчийн халкъ Даймахкара,сийсаздоккхуш, д1акхалхоран бахьанах цакхетара и, хилла йа даьлла х1ума а доцуш, йацхьа бехк а боцуш, шаьш хьере диначу бахьанах. Цуьнан жимачу коьртехь дукха хеттаршкхоллалора. Цкъацкъа дала жоп а доцушвуьсура, корта а хьаьвзий. Иштта массо а хьерехилла вара, шайн т1екхаьчнарг х1ун ду цахууш…
Шийла 1а доьллачу хенахь, эпсар коьртехь а волуш, кхеран керта салтий баьхкира. Иштта х1ора лулахойн кертахь а хезара хийра мотт буьйцуш, цхьа тамашийна, дера маьхьарий а детташ. Адам доьхна хьийзара… Кертахь лаьттачу ворданаховшийна, х1орш йуьрта йуккъехь динчу маьждигеохьа а бигна, цу чохь совцийра, не1арна дог1а а тоьхна. Йуьртара дерриге адам вовшахтоьхнадаьлча, Соьлжа-г1ала боьдучу некъа т1е охьакхалхийра эг1аштахой.
Аьчган некъахь лелачу ц1ерпоштан даьхнийлелочу вагонаш чу а теттина, Йуккъерчу Г1ум-Азед1акхалхийра дерриге вайнехан халкъ – цабевзачу,хийрачу, шийлачу махка…
Цхьа бутт гергга д1аихира ц1ерпошт геначугеналле, хьоме Дег1аста селханехь а йуьтуш… Цхьана дийнахь узловой станцехь ц1ерпошт сецначу хенахь, шен деца хи мала охьавоьссира1адлан. Дукха адамаш дара хьогалло хьовзийна, хи мала лууш, дег1ера г1ора д1адаьлла… Кайолучо хи оьцура, г1ора доцуш бисначарна мала. Жима 1адлан шен кийра 1аьнан шийла х1аваъ чууьйзуш, д1асахьоьжуш лаьтташ, цхьана шийлачу суьрто1адийра. Г1орийначу лаьттахь, лайлахь, т1ехула хьийзаш къийгаш а йолуш, 1уьллучу къоначувайнехан зудчун докъах б1аьрг кхийтира кхуьнан,.Х1ара сихха т1е а хьаьдда, къийгаш чехош, цузудчун докъа т1е г1орийна латта а, бецаш а, ло а т1ехьекха волавелира. Кхуьнан г1орийначу куьйгашна ницкъ хуьлура, амма х1ара вуха цаволура. Х1ара воьлхура, «ах1ий» декъехь, даггаравоьлхура!
Кхуо б1аьргаш т1екъевлира цуьнан, даккхийб1аьргаш. Ло, латта т1ехьоькхуш, велхар деш, вегаа веш, доггаха т1ехьоькхура, цо шийла латта оцухеназа кхелхиначу хазачу, жимчу зудчунна. Воьхналелачу кхуьнан тидам ца хилира ц1ерпошт, к1ур а тосуш, д1айолаелча. Т1аккха, и г1еххьа гена йаьлча, т1аьхьа хьаьдира жима къонахц1ерпоштана. Шен ма-хуьллу ведира, Висна ваьллааьлла хеттачу минотехь, цхьана 1аьржа чкъордолчу салтичо х1ара не1 йиллинчу вагон чуластийра. Т1аккха кхуо жимма садаьккхира.
Ши- кхо де делира 1адлан шен дех-ненах д1а цакхеташ. Амма, деца а, йа ненаца а цхьаьна вацарааьлла ца 1аш, х1ара ледара ца витира нохчаша. «Хьо хьена ву?» — аьлла шега хаьттича, жоп лушхилла 1адлана, ша Т1итин ву олий. Билггал ц1е йаккха йа ден, йа ненан хууш ца хилла жимачук1антана. Оцу вагон чохь, кхеран йуьртара стагхилла. Цу стагана, берийн аматашка хьаьжча, хиънах1ара хьенан доьзалера ву. Шен дех-ненах и д1акхетталц, ларвина цуо жима к1ант.
Т1аьххьар а д1акхечира вайн къам цабевзачу, шийлачу махка. Кхеран доьзал, йуьртахой а Семипалатински областерчу Боголословка ц1е йолчу йуьртахь сецира...
Шераш д1аоьхура, амма ойла Даймахкахь йара!.. Дерриге нохчийн къомо сатуьйсура Дег1астане! Церан марзо, ницкъ, церан кхане, ирс, церан садара Нохчийчоь! Ца оьшура кхузара бахамаш, цхьаНохчийчоь бен ца оьшура, даго къобалйеш и цхьаъбен йацара. Делахь а, валанза дийна виснаргд1алела везаш хилар бахьанехь, адам само йеш1ен-даха хиира… Болх бечо болх беш, доьшучодоьшуш… 1адлана, шайн доьзалехь божаберашнайуккъехь воккханиг хиларе терра, шен дена дика г1о-накъосталла дора. Иштта, шаьш дехачуйуьртарчу колхозе шоферан балха вахара иза.
Х1орш Казахстанехь д1анисбеллачу меттигераадамаш къинхетам болуш хиларна, цигара колхозанкуьйгалхо дика стаг хиларна а, ницкъ ца биракхарна, кхечу нохчашна санна. Х1унда аьлча, цуонийсо латтайора нахаца – керстанашца а, бусулбанашца а. Беркате адам дара иза. Кхин т1е, Новрзукаевг1еран а, кхечу нохчийн а доьзалшцамелла а гергарло лело вуьйлира, кхеран хьашташкахьожуш, кхочушдеш. Колхозан гуламехь цуо кхечукъаьмнех болчу нахе дуьйцура, эзарнаш нохчийСийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь фашисташцалеташ хиларх лаьцна, кхечу къаьмнашца цхьатерра— дера, шайн синош а, дог1маш а ца кхоош, уьшдоьналла долуш хиларан хьокъехь…
Оцу оьрсийн къомах волчу хьаькамах боккъал а дика накъост хилира нохчашна. Цунна гора вайнкъам балхана т1ера хилар а, шайна хьоьхучух уьшсиха кхеташ хилар а, д1ааьлларг сиха схьалоцушхилар а.
И колхозан председатель ша а вара жимстаг. Шанускал далош, цо тойне кхайкхира 1адлан а.Д1адоьдуш доккха ловзар дара, цкъа оьрсийн мерзапондар бекош, баян а озош, йуха нохчийнкехат—пондар локхуш, вота тухуш. Шен дагахькхуьнан ларам беш стаканчохь чаг1ар доьттирах1усамдас, ткъа 1адлана ша молуш вац аьлла, хи дийхира. Массо кхуьнга цецволуш хьаьжира. Ткъакхуо элира: ша нускал дистхилийта лууш ву аьлла. Нускало стаканчохь деъна хи а мелла, цу чу ахчатесира жимчу стага. Х1усамдена ч1ог1а хазахийтира х1окхо шеца и г1иллакх х1оттийча. Ткъа хьешан ларам беш, хелхаран бал баккхийтира1адлане.
Ша везийта, ларийта хаьара 1адланна, иштта шенаа хаьара нах лара, церан сий дан а. Вайн къамдерриге а дара шайн сий дайта хууш, иштта шаьш а лорура цара кхидолу къаьмнаш.
1957-чу шеран 9-чу январехь СССР-н ЛакхарчуСоветан Президиуман Указца Нохч-Г1алг1айн АССР йухаметтах1оттийначул т1аьхьа Новрзукаев1адлан, ц1аван тохавелча, колхозан председателакхо-йиъ тонна к1а делира цунна. 1адлана дуьйцура, оцу стага деллачу к1ано, шаьш Нана-Дег1аста дирзича, хене дехира, олий. Йуьртахошна дала а к1а хилира цуьнан.
Шен ткъе шиъ шо дузуш йуьртара нускал далийражимчу стага. Хенан йохаллехь доьзал а вовшахкхийтира.
Эг1аштарчу колхозехь ткъа шарахь къахьийгира1адлана. Грознерчу № 5 йолчу автобахамехьшоферан болх а бира цо. Иштта Аргунерчушекардоккхучу заводехь а, цигарчужижигкомбинатехь а. «Даймохк» ц1е йолчуйуьртарчу колхозан куьйгалхо а хилира цунах. Автомеханикан а, коьрта инженер а хилла иза, къаьсттина куьйгалхочун белхаш беш хан йаьккхина 1адлана. Йиъ мидал йу цуьнан, болхдика барна, советан 1едало йелла.
…Эг1аштахоша томка лелийна дуьйш-дерзош. Советан пачхьалкх йоьхча, дуьйш долу томкасацийра. Бакъду, и томка лело лууш дукха адамдацара йуьртахь, царех вара 1адлан а. Оцу хенахьшен куьйгашца даьккхинарг бен дацара даа-мала. Х1инца санна, ваха атта дацара. Ша муьлххачударжехь хилча а, ц1ена болх беш чекхваьлла1адлан. Вайн Къилбседа Кавказехь шофёрашна, механикашна йуккъехь хиллачу къовсамехь, хьалхара меттиг йаьккхинера 1. Новрзукаевс, машен говза лелон а, тойан а хууш хиларна.
Ас лакхахь ма-аллара, 1957-чу шарахь, СССР-н куьйгалхочо Хрушёв Никита Сергеевича пурба а делла, Аллах1ан къинхетамца, Цуьнан доккхачуг1оьнца, вайн къам ц1адирзира дай баьхначу махка. Ша ц1авеъча 1адлана Эг1аштарчу колхозехь болхбеш хан йаьккхира. Саратовски областерчуБалашов г1алахь пушно — меховой техникум чекхйаьккхира цо. Цул т1аьхьа 1. НоврзукаевсЭг1аштахь йуьртден даржехь болх а бира масехшарахь. Йуьртахь хилла ца 1аш, Веданан а, Шелана к1ошташкахь вевзаш, лоруш стаг вара иза.
Шен боккха доьзал хьанал къахьега 1амийра цо. Бусулба динца гергарло долуш, и лоруш, дайн 1адаташ лардеш, беркате т1аьхье кхиийра, шена а, нахана а тешаме накъостий. Боккха йуьхьк1ам буиштта иманехь болу доьзал йуьртана а, махкана а. Х1инца а лелош ирзош, бошмаш, даьхний а долушбеха цуьнан доьзал.
1адланан самукъадолура цхьаьццанхьа куьйгаш1уьттуш, кертарчу г1уллакхех, эрна хан йойъуш цалелара иза. Цо шен «УАЗик» сих—сиха тойора, мотор вовшах а йоккхий, йуха ша ма-йарравовшахтосура, «Дашо куьйгаш» долуш, говза адамдара иза.
Аьхка мангал а тухуш, кес доккхура, ишттахьуьнха а воьдий, дечиг а йоккхий, бел, йа шадатодан х1уттура. Малонча хилла ца лелла, йа шендоьзал а ца буьтура кертахь дан дезаш г1уллакх а долуш, цундела дан дезачух къехкаш ша доьзал а бац. Кертахь кхуьу к1ентан бераш школехь дика доьшуш ду, хьуьжаре лела, дикачу х1уманах пайдаоьцуш, шайн дехошна, дена-нанна муьт1ахь ду. Воккхачу стеган йоккха беркате т1аьхье кхуьуш йу, Аллах1ан боккхачу къинхетамца. Жимахволу к1ант кертахь 1аш ву, доьзал кхиош, ткъа кхиберш охьахьаренца беха, белхан некъаца, шайн доьзалшнанапг1а доккхуш.
Г1алахь 1аш белахь а, шайн аьтто баьлча, сих- сиха Эг1ашта хьала бог1у, шайн доьзал шайцацхьаьна а болуш. Оьшучохь накъосталла а до, х1унда аьлча, и массеран бух болу дела, вовшашцамерза хан а йоккху, марзо оьцуш. Йуьртаравон—дика а, воккха стаг хьалха воккхий, кхуьнгаболу ларам бахьанехь, дерзадора эг1аштахоша. Иштта беркате, дика адам дара Новрзукаев 1адлан. Шех эца дуккха дика масалш а долуш, воккхахьехамча а вара иза. Шен мохк, дин, 1адаташ дезаш, лоруш, бакъволу нохчий къонах вара.
Дукха хан йоццуш, дахаран чиркх д1абайна 1адланан. Х1окху шарахь, кхолламан беттан ткъеворх1алг1а де чаккхене доьрзучу хенахь – бусад1акхелхина иза. Шеко йоцуш, йоккха лар йитинацо шен йуьртахойн дегнашкахь. Аллах1-Дала гечдойла цунна!
САТУ 1аламадан Мадина.