Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дош

09.05.2024 Выкл. Автор Zama

 

(Дагалецамаш)

Хьалхара т1ом д1абирзина дукха хан йацара. Адам хьовха, 1алам а дара т1еман ирчачут1аьхьалонаша х1оттийна, к1аддина. Йуьртараг1ала боьдучу некъаца блокпосташ дукха хиларбахьанехь дийнна де ца тоьара д1асаваха.Саьлнашкахь 1уьллучу Нохчийчохь белханметтигаш йанне йацара ала мегар долуш хьал дара. Иштта, рицкъ хилла, х1етахь «Вайнах» радиохьлитературин-исбаьхьаллин редакцин редактор хиллачу Исраилова Яхитех беркат даьлла, «Вайнах» радио балха йахар хилира сан. Радионкоьрта редактор, Дала гечдойла цунна, Кусаев1адиз вара.

Лакхахь ма-аллара, т1ом д1абаьлла шерашчолхе, хала дара. Нохчийчу баьржина вайн наха «акха 1аьрби» олучу нахах болу 1аьрбой бара, шаьш вайн махка «ц1ена дин деана» бохуш, наханайа динца а, йа вайн къоман оьздангаллица а цхьаьна ца дог1у «х1умнаш» коча тийса хьийзаш.

И мур, цхьана дашца аьлча, нохчашлахь «ваххабизм» боху дош дуьххьара девзина мур бара. Ваша вешица, лулахо лулахочуьнца иэг1аш, тезетахь а, мовлидехь а т1ехь, нах вовшех хьерчаш, д1асакъаьсташ меттигаш а хуьлура. Ткъа уггаре цатовш дерг, цхьайолчу йарташкахь, 1аьрби хилчатоам беш, цуьнга нохчийн йо1 маре луш меттигашхилар а дара.

Иштта, цхьана дийнахь 1адизера пурба а даьккхина, Нохчийн Республикин Муфти волчуКадыров Ахьмад-Хьаьжас х1ун эр дара техьа оцуваххабизмах а, вайн махкарчу хьолах а аьлла хатта дагахь, интервью эца йахара со. «Минутка» олучу меттехь йара Муфтият.

Х1етахь со дуккха а жима йара. Делахь а, вайн халкъах кхетта сиркхо хала ловш йара. «Ахьмад-Хьаьжа, нохчийн йоь1ан мах 2 б1е доллар буй?»-хаьттира ас. Г1орг1а аз долчу цуо: «Вай дера бац-кх!» — аьлла, буьрсса жоп делира. «Т1аккха, вайннохчийн йоь1арий 200 — 300 доллар делчаХаттабаца баьхкинчу 1аьрбашка маре х1унда лушбу вай? И цхьаъ ду, шолг1а делахь, вай х1инцалц стаг велча зуькар а деш, зуда йалийча ловзар а дешхилла нохчий ма-дара, ткъа х1инца дерг ма-доккхах1ума ду вайн махка х1оьттинарг… И ваххабизм а мичара йаьлла вайн махка? Т1ом д1а а баьллавайна, Хаттаб а, цуьнца баьхкина мел болу хийранах а шайн ц1а д1а а х1унда ца хьовсабо вай? Цунах лаций а дийцахьа», — сайн дагахь ма-хилларахаттарш дира ас.

«Йо1, болх беш мукъана йуй и хьан карара диктофон?» — хаьттира Ахьмад-Хьаьжас. (Иза дукха тиша йара сан). «Дера йу». «Делахь хьалалатайел иза!» — аьлла, долийра цуо къамел. Ахьмад-Хьаьжас, бухера дуьйна кхетош дийцира ваххабизм ц1е йолу болам мичахь, маца кхоллабелла а. Изавайн махкахь йаржо арабевллачийн 1алашо х1ун йуа. Радиохь эфире йелира ас кечйина передача. Тханйуьртахоша а, гергарчу наха а, кар-кара оьцуш, ладуг1уш лелийра сан кассета, амма цхьамма йаьхьначохь йайра иза. Бакъду, суна дов деш берша бара: «хьуна санна нахана а гуш дара вайн махкара хьал а, ваххабизм а, иштта х1ума дийцакхераме ма-ду», — олура цара. Дан а дара кхераме. Балха вахнарг вуьйш, жимма сом дерг лачкъош, кхуоьзда лаьттинчу махкахь эвхьазалла йаьржинера. Со шен хеннара йолуш санна боккха ларам бира цуо сан. Шегара г1о эшахь, не1арехь ца лаьтташ, чу йан мегар ду, аьлла г1иллакх лецира. Интервью д1айаьлча жимма къамел деш а 1ийра тхо. Оцукъамелах дика дагадог1уш цхьа х1ума а ду. 

— Ахьмад-Хьаьжа, со санна йолчу 1овдална йа1аьрбийн йоза а, йа мотт а ца хаьа. Ткъа, сунахазарехь, Деле доьхуш деш долу до1а 1аьрбийн маттахь бен хила йиш йац техьа? 

— Вай! Хьан боху иза? Дера йу-кх, ду-кха йиш-м! Т1аккха ша дуьненчу ваьлчахьана мотт ца хуучо муха доьхуш ду аьлла хета царна иза? До1а дагцадеш ду. Вайн дист хила хьашто йоцуш, дерригхезаш а, гуш а ву къинхетаме Аллах1.

Дала г1азот къобалдойла Ахьмад-Хьаьжин! 1аламат боккха иэшам бара Ахьмад-Хьаьжад1авалар. Цуьнан суьрташ т1ехь йолчу хебаршкахьаьжча хеталур ду иза д1аволучу шарахь цуьнан70 шо, йа кхин а сов хан хилла аьлла. Ткъа изанохчийн махка боьссинчу балано къанвина, чахчийна 53 шо долу г1еметтах1оьттина, уггарехаза хан йолу, ша 1амийначу 1илманан пайдасхьало хан бен йоцу стаг вара…

 

З. ЭЛЬДЕРХАНОВА,

тхан корреспондент.