Иза шен халкъана орцах ваьллера

27.08.2023 Выкл. Автор Zama

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 72 шо кхачарна лерина

Нохчийн халкъан сийлахь кIант Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ( Дала гIазот къобалдойлацуьнан!) шен халкъана орцах ваьллера, вайнатIе кхераме хьал хIоьттича. Иза вайх, нохчех, бусалбанех, цхьаъ вара, амма иза шатайпа стагвара, шен халкъ дезаш, цунах дог лозуш, дахардика девзаш, шеца кIорггера Iилма долуш, кхерамна, халонна хьалха вухавер воцуш. Деланлаамца цо тIелаьцнарг доккха декхар дара: шенкъам баланах, хIаллакь хилархкIелхьардаккхар. Цо и декхар кхиамцакхочушдира, халкъан дуьхьа шен са дIа а луш.

Вайн халкъана тIе бохам беача, иштта доьналла а, йахь а йолу къонах волу вайна йукъара. Хьалхалерчу заманашкахь халкъан турслой хилладIахIитина бу Шайх Мансур, Адин Сурхо, МадинЖаьммирза, Жумин Акхтула,Таймин Биболат, Бенойн БойсагIар, Харачойн Зеламха, дуккха а кхиберш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа церан могIарехьволу вайн заманан турпалхо, халкъ кIелхьардаккхаараваьлла йахь йолу къонах вара. Цунна дика девзара шен халкъ, бевзара цуьнан лазамаш, цохалахеташ тIеоьцура цунна тIехIуьтту бохамаш.

КIорггера дешна Iеламстаг ша хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжа, хIор а боккху ког динаца а, Къуръанца а, Мухьаммад-Пайхамаран (1.с.в.) хьадисашца а бустуш, схьавогIуш вара. ХьалхаратIом дIа а баьлла, вайн республикехь ваххабисташа, церан идеологаш а баьржича, муфти а, Iеламстага волчу цунна хиира, мел боккха кхерам бу цутелхинчу наха бусалба динна а, ворхIе а дайшкахьнисделла схьадогIучу нохчийн йукъараллиндахарна а бахьаш берг. Нохчийн амалца, вадца, гIиллакхашца аьттехьа ца догIу хIуманаш вайнайукъахь даржо гIертара и йовссарш,

Дела а, дин а, Къуръан а дуьйцуш. Ахьмад-Хьаьжаслуьра къийсам болийра цаьрца. Цунна йуххехIиттира кIант Рамзан а, кхин шортта тешамекъонахий а. МостагIо тешнабехк бора, шен ка ма-делли, цо йамартлонан некъаш лоьхура Ахьмад-Хьаьжина а, цуьнан накъосташна а дуьхьал шабечу тIамехь. Мосуьйттаза лелхарш хилираАхьмад-Хьаьжа нахаца къамел дан веанчуметтигашкахь, цунна уллера кегий нах, шенгергарниш а тIехь, декъал хуьлуш меттигаш а нисйелира ( Дала гIазот къобалдойла церан!). Изаонда къийсам бара, халкъан дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас болийна болу. Дала аьтто бира цуьнан цукъийсамехь толам баккха.

Нохчийчохь шолгIа тIом болчу халачу муьрехьхалкъе хаьттира Ахьмад-Хьаьжас: «Шуна гуш духуьлуш дерг. Вайна тIехIоьттинарг хала киртиг йу. Кху баланах довла некъ ца лехча ца болу. Вай хIундо?» Халкъ, шеко йоцуш цунах теша а тешна, машаре боьдучу новкъа делира. НаханакIордийнера тIом: денна хезаш долу ирчакхаьънаш, дойу адамаш, тIеман кIуьрлахь тIепазабовш болу махкахой, отуш йолу гIаланаш, йарташ – и дерриг а лан хала дара. Бохийна, баржийна мохкгуш, шайн синош довдийна, махках дуьйлучуадамех дог лозуш, холчохь бара нах. «Вайна ма цаоьшура тIом, дохар, даржар. Халкъе хаьттина дина хIума ма дац, йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхош!» – бохуш долу хабарш хезара халкъалахь. Иза ишттадан а дара.

Хьекъалечу наха ма бехира, Соьлжа-ГIалахьмайдане а хIиттина: «ЖовхIар! Маршо! Нохчийчоь!» – бохуш, маьхьарий хьоькхучу нахе: «Сих ма ло, ма баийта кху чу тIом! ХалкъхIаллакдан гIерта шу?» Амма цаьрга ла цадуьйгIира, «национал-предательш» аьлла, цIерштехкира царна. Вайн халкъана йукъара Iилманчаш, йаздархой, журналисташ, хьехархой, лоьраш, нохчех къахеташ, хиндерг хууш нах ма бара уьш. Амма оцу халачу хенахь «паргIато йаккха» хьалхабевллачу лидерша дIатеттира интеллигенци, политика хIун йу а хууш, махкахь хIоьттинчухьолах дика кхеташ болу хьекъале нах.

Ткъа хилларг хилла даьлча, тIом гена а баьлла, мохк хIаллакбича, дерриг а дIадерзо Ахьмад-Хьаьжин дийзира. «Патриоташ» а, «Iасанашцакеманаш чуоьхуьйтуш берш» а къайла бевллера, миска халкъ дIа а тесна.

Ша Нохчийн Республикин АдминистрацинКуьйгалхо хIоттийча, уггаре а шен коьрта декхартIом дIабаккхар лерира Ахьмад-Хьаьжас. Цодерриге а дуьненна хоуьйтуш, дIахьедар дира: «Со тIом сацо веана вац, со иза дIабаккха веана ву», – аьлла. Иза уггаре а хьалха дан дезарг дара. Цодукха цхьаьнакхетарш дIахьора аренцаболчутIемалошца, церан командирашца, уьшмашаре новкъа баха царна хьехарш деш. БIеннашкахь, герз охьа а дуьллуш, тIамна йуккъерасхьабевлира уьш. Ша царна делла дош, цхьана а хIуманна тIехь ала хIума ца дуьтуш, кхочушдораАхьмад-Хьаьжас. Берриш а аьлла герзохьадилинарш машаречу дахаре баьхкира. Царахцхьаберш керла кхоьллинчу нохчийн милицинмогIаршка а хIиттира, Iедал а, къепе а, машар а ларбархьама. Нохчийчоь машаран новкъа йаьллера, цуьнан теш хилла дIахIоьттира 2003-чу шеран 23-чу мартехь республикехь дIайаьхьна референдум. «КхидIа вайн некъ Россица бу», – цу ойланна тIехьсецира нохчийн халкъ.

 2003-чу шеран 5-чу октябрехь дIабаьхьначухаржамашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа НохчийнРеспубликин Президент хаьржира, 80 процент сов бахархоша шайн кхаьжнаш цунна дIа а луш. Халкъо ша цунна белла тешам тIечIагIбира цудийнахь. Ша гуттар а вара шен халкъах тешаш, олура Ахьмад-Хьаьжас. Цунна чIогIа дезара шенхалкъ, ша деш дерг дерриг а цуьнан дуьхьа деш, цуьнан халонаш дIайаха гIерташ, мискачу нехандог эца гIерташ вара иза. Нахана а чIогIа везараАхьмад-Хьаьжа, царна хаьара, цо шаьш нийсачу, машаречу, беркатечу новкъа даьхнийла.

Республика, халачу тIамех чекхйаьлла, денлуш, когаирахIутташ йара цу шерашкахь. Ахьмад-Хьаьжа ша ца кхоош къахьоьгуш вара, республикин экономика меттахIотто гIерташ, нахана белхан меттигаш хуьлуьйтуш, дешаран а, могашалла Iалашйаран а, культурин а гIуллакхдIанисдеш.

Амма мостагIий а бацара йухабовла дагахь. Ахьмад-Хьаьжина тешнабехкаш бора цара аьттобаьллачохь.

2004-чу шеран 9-чу майхь, йерриге а РоссехьТоламан Де даздечу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу стадионехь эккхар дира Делан а, халкъана мостагIаша. Цу дийнахь кхалхар хилира нохчийнхалкъан сийлахьчу баьччан, Нохчийн РеспубликинХьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжинала г1азот къобалдойла цуьнан!).

Халкъана ла цайаллал хала чов йира йамартхоша. Цара вийнарг халкъан тхьамда вара, адамашамашаречу, ирсечу кханенга сатесна йолудогдохийла шеца йахьаш вогIу сийлахь къонах.

Историкаша, политикин Iилманан талламхоша, журналисташа лаккхара мах хадийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн республикехь тIомдIабаккхарехь а, машаре дахар дIахIотторехь бинчубелхан. «Феномен Кадырова Ахмата-Хаджи» олуцара цуьнан дар-леларх шаьш йазбечу белхашкахьа, статьяшкахь а. Уьш талла гIерта, политик цахиллачу стагах дуьненна а вевзаш, массара а цунахтамаша беш, политик а, куьйгалхо а муха хилира. Замано а, хIоьттинчу хьоло а вира цунах политик а, дипломат а, халкъан баьчча а. Амма иштта жоп а дуьззина хир дац. Цунах лидер винарг а, дуьненна а иза вовзийтинарг шен халкъе цуьнан болу безамбара, цуьнан дуьхьа вала а иза кийча хилар дара.

Шен дас вайга кховдийначу сирлачу новкъа а ваьлла, йоццачу хенахь вайн республика йухаметтахIоттийра Кадыров Рамзан-Хьаьжас, шарегионан куьйгалле веача. Вайн гIаланийн а, йартийн а хьал цкъа а ца хиллачу кепара хазделла, хийцаделла дIахIоьттира. Соьлжа-ГIала таханакъилба Росс ехь уггаре а хаза гIала йу. Иза машареа, беркате а шахьар йу.

Тахана вайн догдохийла йу кханалерчу ирсечудахаре. Ахьмад-Хьаьжас, шен халкъана беркатдахьаш йогIур йу аьлла, сатийсина хан тIекхаьчна.

АРСАНУКАЕВ Муса,

НР-н халкъан йаздархо.