Хьан боху хьо велла?
26.08.2023Нохчийн халкъан сийлахьчу к1антана
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина
Хьан боху хьо велла,
Кхин гур вац цкъа а,
Хезар дац нохчашна
Къонахчуьн аз?
И бакъ дац! Хьо висна
Дегнашкахь ваха,
Даккхийта Даймахке
Б1аьстенан заз.
Хьан болар, вистхилар,
Хьан б1аьргийн хьажар –
Вуьззинчу къонахчуьн.
Хьан оьзда васт –
Дицдийр дац шерашкахь,
Хан-зама йаларх,
Шен Даймохк безачу
Цхьана а дас.
Уггар а махкана
Оьшучу хенахь
Доьналла хьан хили
Орцаха вала.
Дуьненан рицкъ лехнарш
Х1инца бу генахь,
Ткъа ахьа т1елеци
Даймехкан бала.
Бехк боцу нохчийн къам
Х1аллак ца дайта,
Харцонна доьхьала
Хьо майрра г1аьтти.
Галбевлларш кхетабеш,
Нийса некъ байта.
Не1алтах ахь хьалха
Хийла к1ант ваьккхи.
Мостаг1а эшначу
Толаман дийнахь.
Мостаг1чул тоьлла хьо,
Декъала хила.
Къонахий даима
Хилла бу сийлахь,
Хьо бахьнехь Даймехкан
Кхане го сирла.
КАРАТОВ Бадрудди.