Ахьмад-Хьаьжа вовза ирс хилла сан
24.08.2023А-Хь. Кадыров вина 72 шо кхачарналерина
Сан ирс хилла и сийлахь Нохчо – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) дийна волуш вовза. Дуьххьара иза дара 1989-чу шарахь бIаьста, хIетахь иза Гуьмса-гIалин рузбанан маьждиган имаман гIоьнча – Курчалойн-эвлахь (и юрт цу хенахь Шелан кIоштан юкъайогIура!) Къилбаседа Кавказехь хьалхара йолу ислам-динан институт схьайоьллуш. Со, «Коммунизманбайракх» — хIинца «Зама» газетан корреспондент,оцу хиламах репортаж ян хьажийнера цига. Сол кхо шо бен воккха хир воцуш цхьа къонахсхьайоьллучу оцу институтан кертахь хIайтъаьллахьийзара. Кхуза баьхкинера луларчу масех республикера а, иштта Узбекистанера а хьеший, хинболчу мутаIеламийн дай-наной. Уьш массо оцу Ахьмад цIе йолчу стагана тIегIерташ бара, бистхила. Иза кху керлачу ислам-дин Iамочу дешаран лаккхарчу хьукматан ректор хиллера.
Со редакцера вуй хиъча, Ахьмада резахилла тIеийцира: — ДегIастанара хьан кхи цхьа коллега а ву кхузахь, — аьлла. Бакъдерг дийицча, вайн республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша башха леррина тидам ца бира оцу исторехь буьсур болчу хиламан…
Цул тIаьхьа цхьацца бахьанашца ялх шо сов хан елира тхо хьа-са олуш ганза. 1995-чу шеран 19-чу сентябрехь шоьтан дийнахь, тхо йуха а цхьанакхийтира. Ахьмад-Хьаьжа – «Ичкери» олу республикин муфти, со – «Грозненский рабочий» дозуш доцчу газетан корреспондент санна. Кхузахь, Рошничоьнан юккъерчу школехь, дIахьушйара ОКЧН-н рогIера йоцу съезд. Дудаев Джохара: — Хьо муха кхаьчна кхуза, завгаевски «рупор»? — аьлла соьга чордо хаьттича, Шеларчу Алихаджиев Руслана цуьнга элира:
— Джохар, хIара харц хIума йаздийр долуш вацхьуна. Кхуззахь сан юха а аьтто белира муфтий А-Хь. Кадыровца къамел дан. Цул сов, Рошничоьнанйисттера федеральни блок-посташ дIакъевлинахиларна а, тIетоьхнна догIуш догIа хиларна а, кхуйуьртахь оха буьйса йаьккхира ши гIат йолчу доккха цIа чохь (иза хьена ду-м ца хиира суна, тахана девзар делахь а!).
Хьешашна бинчу кхачанах кхетта, цхьане пхьуьйра ламазаш а дина, тхо дIадийшира. Сатоссуш, Iуьйра ламазаш динчул тIаьхьа, цхьана Iежийн бошмашкахула тхо эвлах девлира…
2002-чу шеран гуьйре. НР-н ПравительствонгIишло (Гаражни урам, 4) кевнах чоьхьа довлучуметтехь, НР-н Iилманан Академин президент волу Х.И. Ибрагимов, сой – оцу хьукматангIуллакхашкахула волу куьйгалхо гира машенахьшен балха тIе вогIучу А-Хь.Кадыровна. Лекхачу дегIахь волу Хьамзат Исмаилович сихха вевзира Ахьмад-Хьаьжина. Машен а сацийна, охьа а воьссина, салам-маршалла а хаьттина, цо вевзашволчу физик — Iилманче шена тIаьххье схьаволаэлира, со цхьана а волуш. Цуьнан кабинет чохь оха ах сахьт хан яьккхира вайн Iилманах а, дешарах а лаьцна дуьйцуш, академин гIишло а, белхахойн Iар-дахар муха ду, Iилманчаш мичахь, хIун деш бу, бохуш…
АллахI-Дала хIора бIешерехь цкъа ло къоманайукъахь шен хьекъалца, кхетамца, собарца, доьналлийца, къинхетамца сов ваьккхина цхьа стаг. Цуьнан дахар башха деха а ца хуьлу дуьненчохь. Амма ша йаьккхинчу оцу кIезигчу хенахь шенкъомана керла некъ буьтий, стиглара седа санна, вогий, дIаволу иза вайна йукъара. Амма тIаьхьенашна бухадуьсу цуьнан довр доцу нур. Ишттачехь цхьаъ хилла висина XX-гIий, XXI-гIийбIешераш къаьсташ вай Кхоьллинчо нохчашнахьалхаваьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!).
…Шен «Некъ харжар» («Выбор пути») книги тIехь Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахмад-Хьаьжасйаздора: «.. Бала-гIайгIа дукха лайначу, чевнаш йиначу, деринчу, хьешначу нохчийн лаьтта тIехь тахана а адамийн цIий ду Iенаш. Вайн йарташ а, гIаланаш а саьлнашкахь Iохку. Байъинарш а, чевнаш йинарш а эзарнаш бу. Адамийн йаххьаштIера белар дIадаьлла, церан бIаьргашкахь меллашабовш бу сатийсаман суй, кханенах тешаран суй. Вайна тIехIоьттинарг къоман бохам бац. Вайнкъомана тIехIоьттинарг – къемат ду.
ХIетте а, вайна тIе даккхий зераш дахкийтинчуАллахIа вайна кхин а цхьа таро елла вайн къам лардан, вайн республика керлачу, баккхийчубохамех ларйан…
Цу тайппана зуламаш, бохамаш бохьучерандаррехь йа къайлах гIолацар, Нохчийчохь кхидIа а ницкъ баран, халкъ кхерамехь латторан гIолацар ду, хьал карзахдаккхаран гIолацар ду.
Нохчийн халкъана барт оьшу. Синтем оьшу. Цхьаьна гIуллакхаш дар а оьшу. Республикин политикин дахарехь, юкъараллин дахарехь синтем хилийтарехьа, хьал лартIе далорехьа цхьаьна гIуллакхаш дар, ницкъаш цхьаьнатохар оьшу. Калашниковн автоматан а, Макаровн тапчанан а метта вай караэца беза журналистийн къолам а, тIулгботтархочун гIирс а, пхьеран жIов а, ахархочун нох а…».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчуьра тIомгуттаренна а дIабаккха гIодайукъ йихкинаараваьлла вара, ша йуьхьарлаьцначу некъа тIераиза дIахьовзо, дIаваккха хIокху дуьненахь цхьанне ницкъ бацара, АллахIан бен. Цундела бира цо дуьне ма-дду дIасабаханчу нохчашка кхайкхам а. Нохчийчохь бен уьш нохчий хилла буьсур боцийла хаьара цунна, шайн ненан мотт а хууш, дайн Iадаташ а, халкъан оьзда гIиллакхаш а лардеш. БIаьннаш эзарнаша нохчаша къобалдира Ахьмад-Хьаьжас бохург. Уьш цо бохучух нийса кхийтира.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина нохчийн халкъ ирсе кхуьийла а, дебийла а, маьрша дехийла а лаара. ТIом бан Iемина ца Iаш, майра хилла ца Iаш– вай хьекъале, говза хила лаара. Вай доьшийла, Iилманаш карадерзадойла лаара. Вай бусалба хуьлийла лаара. Цуьнан дуьхьа шен са дIаделира цо. И дицдан бакъо яц вайн цкъа а.
А-Хь. Кадыров йамартхоша къиза теракт йина, вийначул тIаьхьа, Россин Президента В.В. Путина дуьненна а хезаш элира: «…Кадыров Ахьмад-Хьаьжех дош ца олуш Iойла дац. Иза башха стаг вара — вуьззина къонах, оьзда, доккха доьналла долуш, майра стаг. Цкъа а шена хIума ца доьхура цо. Даима, муьлххачу хенахь цхьанакхетча а, хIуъа дуьйцуш хилча а, — массо хIума а хьовззадой нохчийн халкъан хьашташна тIедаладора. Изасанна кIентий болчу халкъе ларам ца хуьлийладац«…
Нохчийн къам тахана дехаш ду Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш, цо дан долийнаргдIахьош. Цуьнан берриге лаам шайн дахаран коьрта декхар дина кIад ца луш къахьоьгуш бу тахана цунна уллехь лаьттина хилла тешаме накъостий. Царна хьалхаваьлла ву Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан. Ткъа нохчийн дерриге а халкъ муьтIахь ду шен Мехк-Дена а, цуьнанкомандина а. Иза иштта ца хилча, халкъан а, Iедалан а барт ца хилча, уьш вовшех дика кхеташ ца хилча хIинца Нохчийчохь долу маьрша, синтеме хьал хир дацара. Йоццачу хенахь меттахIиттийнахир йацара Гуьмсе, Соьлжа-ГIала, Аргун, ШелагIаланаш, йарташ. Оцу гIаланашка кхаьччацхьаммо а эр дац цигахь ткъех шо хьалха луьра тIемаш хилла.
Де-дийне мел долу хазлуш, цIинлуш, толушдIахIуттуш йу Соьлжа-ГIала. Дуьненанисбаьхьаллийн хазна хилла дIахIоьттина ду вайнкоьртачу шахьаран а, Шела г1алин а башхамаьждигаш… Масане ду уьш, дагардан воьлча дийца а, дагардан а. И дерриге а Ахьмад-Хьаьжасдолийнчу, йуьхьарлаьцна хиллачу цIеначу, хьаналчу гIуллакхан беркате тIаьхье йу. Цуьнанберкат шо-шаре алсамдолуш ду. Дер а ду! Дала мукълахь!
Ахьмад-Хьаьжин лаамаш, лазамаш, хьежамашгергара бара массарна а. Цхьажимма а куралла яцара цуьнгахь, гIиллакхах, оьздангаллех, собарех, ийманах вуьзна вара. И саннарг ца везалойла дацара халкъана. Иза бакъволу нохчийн халкъан Давара. Дала г1азот къобалдойла цуьнан!
Олхазар МУЦУРАЕВ,
НР-н хьакъволу журналист,
«Зама» газетан коьрта редактор.