Тхан рузма
19.06.2023
Нохчийн прозаик, драматург Мусаев Мохьмадвина 1915-чу шеран 15-чу июнехь Соьлжа-ГIалинайуххерчу нохчийн йуьртахь Алдахь, ахархочунМусан доьзалехь. Шайн йуьртара школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу нефтанучилищехь дешна. 1931-чу шарахь кIант балхавахна нефтах гIуллакхдечу заводе.
1938-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн радиокомитете редакторан балха воьду. Кхузахь шен кхоллараллинтаронаш зен а волавелла иза. М. Мусаевнисбаьхьаллин даше безам бахийтинарг халкъанбарта кхолларалла хилла. Цуьнан дуьххьарлераговзар – 1939-чу шарахь йаздина долу «Дашогуьйре» цIе йолу дийцар ду.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, шен лаамехь фронте воьду Мохьмад. Амма 1942-чушарахь могашалла дика цахиларна армера цIа вандезна цуьнан.
Иза Казахстанан Джамбульски областерадаймахка цIа веана 1957-чу шарахь. ЦIавирзинчултIаьхьа цо, заочно доьшуш, чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историко-филологин факультет. 1957-чу шарахь республикинкнижни издательствон исбаьхьаллин литературинредакци редакторан балха воьду иза.
М. Мусаевн кхоллараллехь Iаламат беркатехилла 1960-гIа шераш. Оцу хенахь йаздархочуниттех говзар зорбанера арайаьлла.
Цуьнан дуьххьарлера книжка арайаьлла1960-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Иза йара«Садаьржаш» цIе а йолуш, дийцареххий, повестеххий лаьтташ йолу гулар.
1963-чу шарахь арайолу цуьнан шолгIа повесть– «Дашо маха».
Мусаев Мохьмадан говзаршна йуккъехькъаьсташ йара 1966-чу шарахь зорбанера арайаьлла«Анзор» цIе йолу повесть.
Цул тIаьхьа ши шо даьлча, Мусаев Мохьмадазорбатоьхна «Теркан тулгIенаш» цIе йолу пьесийнсборник. Цу йукъахь йара «МаршоннагIевттинарш» цIе йолу керла пьеса а. 1969-чушарахь арайаьлла цуьнан «Тапча йаьлча» повесть.
Москвахь 2009-чу шарахь оьрсийн маттахьарайаьлла вевзаш волчу авторан хаьржинчугуларийн книжка.
Мусаев Мохьмадан литературехь болу кхиамашIедало а билгалбаьхнера. Цунна «Нохч-ГIалгIайнАССР-н культурин хьакъволу белхахо» аьлласийлахь цIе тиллинера.
1999-чу шеран 23-чу ноябрехь дIакхелхира иза.Дала гечдойла цунна.
Кечйинарг – МАТАГОВ Ихьсан.