«Дала ма лойла вай, кIентий!..»

03.06.2023 Выкл. Автор Zama

Дидигов Билухьаьжа – НР-н хьакъволуартист, илланча,

композитор вина 1959-чу шеран 3-чу июнехь Эвтарахь.

Меттигера № 1 йолу йуккъера школа чекхйаьккхинчул

тIаьхьа стажеран балха хIутту Шеланкультурин

ЦIийне. Кхузара дIаболабелира Б. Дидиговн

кхоллараллин некъ.

ХХ-чу б1ешеран 80-г1а шерашкахь, республикинкультурин Министерствон куьйгалхошайарташкара исбаьхьаллин самодеятельность кхиорхьама цхьана шарна к1ошташка хьовсабора зеделларг долу артисташ. Оццу хенахь Шеларчукультуран Ц1ийнах НГ1АССР-н пачхьалкханфилармонин филиал йинера. Цуьнан куьйгалхо а х1оттош, кхуза командировке ваийтинерареспубликехь ц1ейаххана волу артист, НГ1АССР-н халкъан артист Эдилсултанов Шит1а. Т1аьхьарчо йоццачу хенахь вовшахтуьйхира пох1мечу кегийрхойх йолу вокальни тоба. Иштта цуннайукъавахара Эвтарара 20 шо долу ДидиговБилухьаьжа а. Йуьхьанца  кхуьнан репертуарехьдара Гапураев Хьасанан дешнаш т1ехь долу иллеш:

«Хеда», «Эвтара», «Йо1е», «Со д1авоьду»…

Хан-зама ца лоруш, репетицеш йора къоначуартисташа. Цхьа-ши бутт а балале, уьш сцени т1е бовла кечбира зеделлачу илланчас, хелхарчо, Далашена пох1малла деллачу Эдилсултанов Шит1ас. Къона иллиалархой х1инца концерташ луш бара Чуьйри-эвларчу цемзаводехь, Аргунерчушекъардоккхучу заводехь, г1ишлошйаран майданашкахь, йуьртабахаман аренашкахь – 1аьларойн-эвлара Дуби-эвла кхаччалц. Цул сов, цхьа а хилам д1ацабоьдура оцу тобано концерт цалуш.

Цкъа шайн луларчу Курчалой-эвлара халкъанартист а волу Магомедов Султан шен тобанцаЭвтара веъча, школехь 4-чу классехь доьшушволуш цуьнан озе ладоьг1на хиллера Билухьаьжас. Кхуо цундела даим сий-ларамца йоккхура оцуилланчин ц1е.

Шелан к1оштахь къона иллиалархой а кхиабой, Соьлжа-г1ала йухавоьду г1араваьлла артист Эдилсултанов Шит1а. Т1аьхьарчун х1етахь ойла кхоллало республикин филармонехь «Илли» ц1е йолу фольклорни ансамбль кхолла. Цо кхузакхайкхинчех хьалхарчарех вара х1инца Нохчийчохь, шуьйра вевзаш волу илланча, «Кавказан дашо аз» ц1е тиллина волу ЯсаевМохьмад.

Оццу хенахь Ш.А. Эдилсултановна дагавог1у шаШелахь «кхиийна» волу къона эвтархо ДидиговБилухьажа. Шена д1асалела мел хала хир делахь а, к1анта хазахетарца т1еоьцу и кхайкхам. Пачхьалкхан филармонехь д1айуьйлало репетицеш, буьйса йуккъе йаххалц (Билухьаьжа шайн гергарчунехан х1усамехь д1анисло Соьлжа-г1алахь).

Кестта республикин коьртачу сцени т1ехь а, массо к1ошташкахь а концерт оьций йоьду «Илли» ансамблан тоба. Х1инца цунна йукъахь ву Дудаев Зеламха, Абдулкадыров Ильяс, т1аьхьо – ЭбиевИльяс, кхиберш. Иштта нохчийн искусствехьйукъайолу керла къоман иллиалархойн тоба.

Амма цхьа шо а далале Б. Дидиговга СоветскиЭскарехь г1уллакх дан кхойкху. Х1етте а армехьдаьккхина ши шо эрна ца дайра: т1еман тайп-тайпана г1ирсаш, техника йевзина ца 1аш, б1аьхочунна бевзира Союзан халкъийн дуккха а векалш, йевзира церан амалш, искусство. Т1еман декъан исбаьхьаллин самодеятельностана йукъахьвара х1ара оьрсашца, гуьржашца, г1езалошца, кхечаьрца цхьаьна.

Эскарехь г1уллакх дина ваьлча Б. Дидиговхазахетарца т1еийцира «Иллин» коллективо. Кхузахь жимма хийцамаш хиллера, амма халкъанилли алар коьртаниг дара.

Хелхарийн а, эшарийн а фольклорни «Илли» ансамблан декъашхой хилира вайн республикехьхьовха, Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, иштта Иорданехь, Сирехь, Иракехь, Турцехь, Польшехь, Германехь, Чехословакехь, кхечанхьа а. Ала деза, массанхьа а безаш т1еоьцура вайнеханартисташ. Цул т1аьхьа кхарах дукхахберш«Нохчийн Республикин хьакъволу артист», цхьаберш – «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь ц1ераш лелош хилира, Б. Дидигова цхьаьна. Амма Билухьаьжина уггар коьртасовг1ат – адамаша кхуьнан иллеш т1еэцар дара. Кесткеста кхунна йуьхьа дуьхьал а хезара: «Дала ма лойла вай, к1ентий!» – вуй хьо? – олуш. Изадара поэтан Яралиев Юсупан дешнаш т1ехь кхуоша даьккхина илли. Делахь а, валар х1оранна т1ехь ду

2003-чу шеран 20-чу октябрехь 1уьйранна «Магас» аэропортера шен тобанна т1е Москва д1авахавезаш а волуш, Несарерчу «Асса» хьешац1ийнехь х1ума кхоллуш, шен накъостаца, вевзаш волчу илланчица Эбиев Ильясаца, дагесихха лазар а деана, кхалхар хилира сан воккхахаволчу вешин, – бохуш дуьйцу Дидигов Якъуба. – Иштта байлахь висира цуьнан кхо к1ант, х1усамнана. Уьш-м х1инца баккхий хилла, иттехшо хьалха т1ера нана  д1айаьллехь а…

Дидигов Билухьаьжех долу дийцар суна дерзолаьа сан а, цуьнан а доттаг1чун, х1инца бакъдуьненахь волчу илланчин, поэтан, композиторан  Усманов 1имранан байтанмогIанашца:

Мила ву? Мичахь ву? – замано хаттахь,

Д1айийца ц1е а йу, гайта ду каш.

«Дала ма лойла вай, к1ентий», кху лаьттахь

    Вайл т1аьхаьа вайх ала ца дуьтуш дош!

  М. АЛХАЗУРОВ.