Беттанийн ц1ераша а, т1улгаша санна дуьйцу…

29.03.2023 Выкл. Автор Zama

Хаа дезачух

Дагадог1ий шуна, Дагаев Валида Мамакаев Мохьмадан «Т1улгаша а дуьйцу» байта т1ехь даьккхина д1аолуш хиллачу иллин мог1анаш?

 

«Со лам чу вог1ура кху ширчу новкъа,

Некъаца тидам беш, т1улгашка хьийжи.

Дай баьхна г1ирсаш а, хилларг а довзош,

Цу т1улгийн тархаша шайн мотт а бийци.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,

Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна?

Къийсамо аьгначу хьан т1улган бешахь,

Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг»…

Оцу къонахаша йахь йолчу т1аьхьенашна ойлайан дукха х1ума дитина шайн иллехь. Бакъду, йа дика илли а, йа дайн весет а йахь йолчу т1аьхьенашна бен эшна дац цкъа а. (Тахана, дуьненан рицкъане марзделла, сийлахь хилларш ахь лоьруш дуйла хиъча а, хьо нахана 1овдал хеталучу т1е даьлла г1уллакх). Делахь-х1ета, йахь йолчу нахана эшахь а аьлла вайн дайша беттанашна техкинчу нохчийн ц1ерех а, церан маь1нех а дийца лаьа.

Стеган 1ер-вахар Даймахкана генахь хилча муххале а орамашка г1ерта дог-ойла. Махках ваьлларг дукха хьолахь маттах а волу.

«Беттанийн ц1ераш вайн нохчийн маттахь язйина тосур йацара ахь? Церан маь1на х1ун ду?», – телефонехула хоттуш берш а нисло. Субхьаналлах1, ткъа мел хаза йу уьш! Валидан иллехь т1улгаша санна вайн дайх а, вайн къоман водах а лаьцна дуьйцу-кх оцу беттанийн ц1ераша.

Шеран хьалхарчу (январь) беттан ц1е Кхолламан аьлла йу.         Шеран дахар 12 баттахьбен ца латтахь а, шеран а бу, дахаран санна, шен «кхоллам». Цундела аьлла хир ду оцу баттах кхолламан бутт. Шолг1ачу (февраль) баттах Чиллин бутт аьлла. 1аьнан муьрехь массарел буьрса, шийла, шело ч1аг1ло бутт бу иза. Оьрсаша «Крещенские морозы» олу оцу баттахь йог1учу шелонех. Мел буьрсачу 1аьнан а чаккхе нисйина Дала. Г1айг1анечу гуьйрено а, дехачу 1аьно а дижийна лаьттина 1алам самадолу. Дуьне а къагош, олхазарш лохкий, зезагаш, патарш даржош, шайог1ий хоуьйтуш, йоьлуш, екаш схьакхочу б1аьсте. Цундела аьлла шеран кхозлаг1чу (март) баттах Бекарг бутт. Б1аьстенан йовхонца латта дохделча, ирзошкахь а, хесаш т1ехь а белхаш д1аболош хилла вайн наха. Шен йолчо говр йа сту д1абужий, ларош велахь ша цхьамма а, ларош цахилча, белхеш беша, оханаш деш кечдора латтанаш. Цундела аьлла шеран боьалг1ачу (апрель) баттах Оханан бутт.

Латта аьхна даьлча бен д1адоьйла дац йалта. Оханна т1аьххье кхочура х1у д1атасаран раг1.  Цунах а, (май) батах, Х1утосург бутт хилийталира царна. Д1айийнарг кхиош верг Аллах1 ву. Ткъа адамна т1ехь ду и х1у кхион ша дан дог1ург деш бахьанаш лелор. Иштта, хесахь къахьоьгуш хилла вайн наха. Хийлазза дийцина гихь бераш а долуш асарш деш лелллачу зударех лаьцна. Х1утеснарг асар деш кхиайо. Оцу баттах а (июнь) Асаран бутт бен олийла а дацара цара.

1аьнна кечамбар леррина хилла вайн. Доьзал санна, даьхни а хилла 1аьнаха даккхархьама кечамаш бан безаш. Шайна сискалх а, кIалдан межиргах а кечйинчу ларчица юьртах бовлура мангалхой. Мангалш тусий, цанаш хьоькхий, гурралц докъарийн холанаш, раьгIнаш д1ах1иттайора цара. Х1ора а дикачу к1антана Асаран баттана т1аьххье бог1ург Мангалан (июль) бутт буйла хаьара.  

Д1адийна ялта хьокхуш белхаш беш хилла. Оцу балхана кечйинчу меттигах хьаьтта олуш хилла. Нохчийн халкъалахь мукъа лелачу стагах цундела олуш дисна ду «балхахь-хьаьттахь вац» а алар. Оцу балхана леринчу баттах (август) Хьаьттан бутт аьлла.  И г1уллакхаш д1асалуьстуш 1ашшехь хьалхуо, мангал биттинчу ирзошкахь а, басешкахьа, керла бецаш йовлура. (Товбуц олу цкъа яьллачу меттахь шолг1а а йолучу бецех).

Иштта, (сентябрь) баттах Товбецан бутт олу. Гуьйренан хьалхара бу Товбецан бутт. Аьхкенан йовхо д1айолий, г1арг1улеш махках йовлуш, четарш а (зонтикаш), г1овталш а самсайоху мур буиза.

Гуьйренан денош довха даг1ахь а, амма 1уьйре а, суьйре а деана хааделла дог1а а доцуш,  бецаш а, дитташ а т1е йис йуьллу.  Йис (иней) йуьллучу (октябрь)  баттах Эсаран бутт хилира. 1аьнна чубоьрзучу наха даа жижиг дакъош хилла.  Йалтех, докъарх токхечу аьхкено ен юсточу бежанах лахьана ден кхиош ду олуш хилла.  Ноябрь баттах Лахьанан бутт аьлла.

Гуьйренан аьхналла чекхйолуш, шийла ма1аш 1уьттуш схьакхочу 1аьнан хьалхара бутт. Эсаран а, лахьанан а беттанашкахь санна атта ца хуьлу хIокху батто йохьу шело лан. 1алам а, адам а чутоь. Товхана уллехь цициго санна, йовха меттиг а, бовха кхача а хержа долало адам. Чохь йовха, арахь г1орийна хуьлу оцу хенахь. Хиш, шовданаш, некъаш г1орийначу (декабрь) баттах Г1уран бутт аьлла.  

Вайн дайша-наноша латтаца къахоьгуш, шайн доьзалш кхабарехь само еш, саг1а дехар-м аьттехьа а доцуш, хьанал а, хаза а, мерза а баха хууш нах хилла хиларх лаьцна дуьйцу беттанийн нохчийн маттахь йолчу ц1ераша. Хьаша веача, тахана вай санна, луларчу супермаркет чу йа ларек чу цахьовдуш, бун чу, божал чу хьовдуш хилла вайн наной.

Дера, беттанийн ц1ераша а, т1улгаша санна мадуьйцу вайн дайн хьуьнарех.

ДештIаьхье

Вайн дайша лелош хилла беттанийн цIерашлохуш, толлуш, карлайохуш боккха болх бинаНохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца кхоьллинчу Нохчийчоьнаншуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахьнийсаяздарна тIехь терго латторан комиссиндекъашхоша. Цара шина шарахь гергга цу декъехь болх бар бахьанехь вайна юха а йовза йолаелла вайн дайша рузманехь лелийна нохчийн беттанийн цIераш. Дала йоле дуьллийла цара хьегна къа!

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап,

Россин яздархойн Союзан а, Россин журналистийн

Союзан а декъашхо, Нохчийн Республикин «Даймохк»

газетан культурин а, дешаран а отделан редактор.