«…Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу»
23.03.2023

Нохчийн Республикин Мехк—Дас, РоссинТурпалхочо Р.А. Кадыровс шен № 245 йолчу Указца(28.11.2022 шо) карара, 2023-гIа шо – нохчийнметтан Шо ду аьлла дIакхайкхийра. Оцу Указан 3-чу пункто билгалдоккху: «2023-чу шарахь нохчийнметтан Шо дIадахьарна кечамбаран а, мероприятешвовшахтохаран а план кечйар вовшахтухукомитетана тIедилла».
Оцу сацамца цхьаьна а догIуш, Шелан к1оштан дешаран отделан д1адолорца, Шела-гIалин № 7 йолчу йуккъерачу школехь (кхуззахь ханнад1атарйелла йу № 8 йолу йуккъера школа а!) йоккха мероприяти дIайаьхьира кху деношкахь. Кхузахь, Шела-гIалин къилбехьа йолчу школехьгулбеллера вайн кIоштан 30 школашкара итт-иттдешархой а, церан хьехархой а. ТIаьхьарчарацхьана баттахь гергга кечамбинера таханлерчухиламна, къаьсттина – хIусамдайша…
Эххар а Шелара МахкатIе боьдучу некъара куьгаьрро агIор схьайоьрзу Iаьржа йеа машенах лаьттакортеж. Уьш совцу, царна тIера охьабуьссу лерамехьеший – НР-н Парламентан декъашхо, республикин йаздархойн Союзан правленинкуьйгалхо Ельсаев Iаламхьад, Шелан кIоштанкъеда Неттиев Хож-Ахьмад, кIоштанадминистрацин куьйгалхочун заместитель Рашитов Руслан, Шела-гIалин мэр Саидов Iали, вевзаш волу журналист, йаздархо Муцураев Олхазар, кхиберш. Хьешашна дойш тIехь дуьхьал волу виъ бере. Сехьо, дечиг-пондар тIаьхьа а балош, М.Мамакаевн дешнаш тIехь мукъам баьккхина долу «Дог дохден цIе» илли дIаолу Шелан культуринЦIийнан солисташа:
Ма гIелвелла хир ву хьо…
Цул тIаьхьа, школин керта ма-велли, дIатарбинагайтамаш бу Шелара а, ЭгIаштара а, Сиржа-Эвлараа куьйгабелхан говзанчийн Юсупов Мовладин, Дудаев Бисланан, Абдулаев Андарбекан (Яхъян), Дуцаев Сайханан, кхечеран – аьчгах, дечигах бинатайп-тайпана гIирсаш.
ТIаьхьарчарна йукъахь – шаьлтанаш, тарраш, тайп-тайпана дахаран—Iеран гIирсаш, совгIатна лун бес-бесара хIумнаш, Iад хьокху пондаре кхаччалцйу.
— Аз долий хьан оцу Iад хьокху пондаран? – олий, хотту Ельсаев Iаламхада.
— Нохчийчохь а вевзаш волчу шелахочо, шен дендаа аьчгапхьар хилла волчу Юсупов ХIаронанМовладис оцу «акха» дечиг тIехь декадо пондаран(нохчийн скрипка) аз. Хьаша чIогIа резахуьлудIааьллачу иллина.
Кхузахь, школан уьйтIахь, маьI—маьIнехь латийнацIераш йу. Царна тIехь кечдеш ду тайп-тайпанакъоман даарш: жижиг-галнаш, хингал-чIепалг, плов, доттуш-кхорзуш ду уьстагIан ког-кортий, йоьхьаш (тIаьхьо оцу дааран лакхара мах хадор бухьешаша!)…
ХIаъ, хIара мероприяти йара карара шо – нохчийнметтан Шо дIакхайкхорна лерина. Ткъа нохчийнкъоман гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, кхидергненан маттехула бен дийцалур дуй? Дац!
Вайн Мехк-Дас – Р.А. Кадыровс нохчийн меттанШо дIакхайкхор кIорггера маьIна долуш гIуллакхду. Цхьаверг цунах дика цакхеташ хила тарло. Амма цхьа хан йаьлча нохчийн исторехь хиллачудикачу гIуллакхашна йукъахь цо тоьлла меттигдIалоцург хиларан шеко йац. Аьллачунна къеггинатоьшалла дора кху № 7 йолчу школан йоккхачусени чохь дIайиттинчу тайп-тайпанчу гайтаманхазачу стендаша. ТIаьхьарчара куьзгана чохь саннагойтура нохчийн маттана тахана Iедало онддатидам тIебохуьйтуш хилар…
Коьрта хилам дIаболабелира меттигерчу актовизала чохь. Хаийта лаьа, кхузахь массийта школерадешархоша йешна байташ, дIааьлла иллеш-эшарш, хIиттийна спектаклш тIера цхьацца сценкаш – къийсаман хьесапехь дIайаьхьна цахилар. Кхузахьцеран мах хадош жюри а йацара. ХIетте а гулбеллачара боккхачу лаамца, тIараш детташтIеоьцура дешархоша хIоттийна хIора номер.
Къаьсттина дегIе «зуз» доуьйтуш йара нохчийнхалкъан йаздархочун Ахмадов Мусан «Лаьмнеллекха» цIе йолчу драми тIера цхьа кийсиг. Изалаккхарчу говзаллица ловзийра Шела-гIалин № 8 йолчу йуккъерачу школан дешархоша (хIоттийнарг– хьехархо Осмаева Хадижат). Иштта, хьеннан а даге ойла йойтуш дара Дадин-йурт йохош (1819-гIа шо) Дадин Айбикас дина турпалаллин хелхар(кхочушдинарг– Шелан № 1 йолчу йуккъерачушколан дешархо Данбаева Аминат), жимачуРабийас дIалекхна эшар, дуккха а кхийолу номерш.
И йоккха мероприяти д1ахьош жигарадакъалецира вовшахтохаралллин комитетандекъашхоша а, школийн куьйгалхоша а. Царнайукъахь — Тарамова Малика (Шела-г1алин № 9 йолу ишкол), Эльнакаева Мадина (Шела-г1алин № 5 йолу ишкол), Хусаинова Раиса (Мескер-эвлан«Терра-Нова» гимнази), Халидова Хьава(Гермачиган № 2 йолу ишкол), Исраилова Жарадат(Мескер-эвлан йуккъера ишкол), НогамирзаеваТамара, Пираева Нуржан (Шела-г1алин № 1 йолуишкол), Тарамова Айза, Абдуллаева Хедижат(Шела-г1алин № 4 йолу ишкол), Насуханова 1айнаъ (Шела-г1алин № 7 йолу ишкол). Къаьсттинабаркаллин дош ала лаьа х1ара йоккха мехаллинмероприяти д1ахьош дакъалаьцначарна массарна а.
Лераме хьеший новкъабохуш, № 7 йолчуйуккъерачу школан къоначу директора БисултановШарпуддин йоIа Альбикас даггара баркалла элиракхуза мел веанчунна а, хIара мероприятии иштталакхарчу тIегIана тIехь дIайахьарна.
ДIасакъаьсташ цхьаммо-м йоьшуш халкъанпоэтан Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» цIе йолубайт хезира:
…Кхидолчу къаьмнашна
Шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а
Сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь,
Хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг,
Хьо цхьалха вуй!
М. АЛХАЗУРОВ.
И. МАТАГОВ.
Суьрташ тIехь: 2023-г1а шо – нохчийн меттанШо дIакхайкхорна леринчу мероприятиндакъалацархой.
АШАБ Ахьмадан суьрташ.
