Поэт а, философ а, журналист а   Абдулаев Лечин 70 шо кхаьчна

13.03.2023 Выкл. Автор Zama

 

Х1инца ас вийца лерина волу турпалхо литературехь цхьаннена а вийца оьшуш а доцуш, литературица шовкъ йолучарна 1аламат дика вевзаш ву. Цо нохчийн къоман литературехь д1алаьцнарг йоккха меттиг йу. Ас сайн аьлларг хилча, уггаре хьалха филасофи 1илманан меттиг д1алур йара цунна, литература шолг1а а йуьтуш. И бохург дац иза поэзин декъехь г1ийла ву, г1орасиз ву бохург… Ахь ойла йича, и философи оцу байтийн мог1анашка охьайилла хаар а йу йоккха говзалла. Цундела, йуха, вукха аг1ор ойла йича, философ аьлла, поэзина хьалха а ца  таттало иза… И ши аг1о нуьцкъала д1а а лаьцна, и шиъ цхьана а  иэйина, шен дуккхачу говзарех вайна поэзин жовх1арш дина цо. Журналистика… иштта журналистикина йукъа а шен дакъа диллина цо. Оцу дерригенах дуьйцуш охьаг1ур ду вай кху статья т1ехь… Вай, шен  ц1е а ца йоккхуш, вуьйцуш верг ву Абдулаев Леча.

Лечин дуьнен т1е валар вайн къам махках даьккхинчохь хилла. 1953-чу шеран чилланан (февраль) беттан 15-чу дийнахь Казахски ССР-н Кустанайн областерчу Семиозерни к1оштан Аман-Карачай станцехь довзадоладелла  цунна дуьххьара дуьне. Цхьа а бехк боцуш, х1инцца дуьнен чу даьллачу цу берана а кхаьчна х1етахьлерачу боьхачу цу 1едалан къинхетамбацар (Масане дигна цара кегий бераш цу Сибрехарчу эрначу аренашка, масане цигахь  дуьнен чу девлла уьш, масане дуучуьнца, молучуьнца кхачо ца хилла  царна… Дукха  ду  цара  цигахь  хьегначу  халонех, баланех  дийца, далхо…).

Долуш долчух дика кхеттал ца хиллехь а, шен къомо хьегначу балех дакъа ца кхочуш ца висина вайн турпалхо а. (Вай х1инцца ма-хьахадарра, дуучуьнца а, молучуьнца а, духучуьнца а дукха халонаш лайна вайн къомо цу муьрехь…).

И баланаш а лайна, вайн халкъ 1957-чу шарахь шен махка ц1адоьрзуш, шайн дай баьхначу йуьрта ц1абирзира Лечаг1еран доьзал а. Жима хиллехь а, Лечин иэсехь йисина и хала хан-зама. Лечас шен дагалецамашкахь дуьйцу цу хенах (шаьш ц1адирзинчу хенах): «Беш йерриге къух даьлла, кондарш йевлла йара. Х1усамаш йацара… Цу къаххашна а, кондаршна а йукъахь шайн х1усамаш т1ехь лаьттина баххаш а карийна, цу т1ехь йуха х1усамаш меттах1иттийра шаьш хьалха ма-хиллара», — бохуш… Иштта, цу хенахь массара а санна, йуха д1адолийра Лечаг1еран доьзало а шайн дахар, кхин  дахар. Шайна х1усамаш ден йарах долуш дацара адам цу хенахь. Даа-мала а даккха дезара доьзал хенебаккха. (Дукхахьолахь вайн нах даима а даьхний а, латта а лелош хене бовлуш хилла бу…). Иштта къахьоьгуш мелла а хан йаьллачул т1аьхьа Лечин да Шерип милици балха вахара, ткъа нана х1усамехь шен доьзал 1алаш беш, шен доьзалца ц1ахь йоллуш хуьлура. Шарипан а, Сапиятан а доьзалехь пхиъ бер дара Леча а цхьаьна: кхо к1ант, ши йо1. Шина к1ентан ц1ераш Куьйра, Завалу йу, ткъа вукха шина йоь1ан  ц1ераш – Раиса, Ровзан.

1970-чу шарахь шайн йуьртахь – Т1ехьа-Мартан к1оштарчу Котар-Юьртахь чекхйаьккхира ишкол хинволчу поэто. Ишкол чекхйаьккхиначул т1аьхьа Нохч-Г1алг1ийн пачхьалкхан университете историн а, филологин а факультете деша вахара к1ант. Иза кхиамца чекхйаьккхиначул т1аьхьа нохчийн мотт а, литература а хьеха шайн йуьртарчу ишколе балха веара. Иштта мелла а цигахь болх биначул т1аьхьа, журналистике дехьавелира Леча. Цу декъехь дуьххьара г1улчаш цо шайн к1оштарчу «Ленинское знамя» газетехь йехира. Дукха хьен ца веллехь а болх беш, Грозненски к1оштан «Заветы Ильича» газетехь а болх бира цо. Леча даима а нохчаллица доьзна долучу х1уманна ч1ог1а т1ера вара. Ша иштта хиларе терра, нохчийн маттахь бен йазйийр йац ша, бохуш, къовсам бара цо д1ахьуш, цу муьрашкахь ша газетехь болх беш волуш. И къовсам бахьана долуш балхара д1а а велира иза. (Вай лакхахь кху статьяна тиллина ц1е йуьззина ца хета. Кхин т1е, патриот аьлла т1етог1а дог1ура цигахь. Х1унда аьлча, нохчийн маттахь бен ша йазйир йац, аьлла, цу газетера д1аваьлла ца 1аш, кхин а меттигаш йу Лечас советан 1едал долчу заманахь шен 1едалца нислучу г1уллакхашкахь ша йазден кехат нохчийн маттахь бен йаздийр дац, бохуш, къийсамаш латтийна).

Лечин нохчийн матте йолчу уьйре хьаьжжина, нохчийн маттахь долчу газетехь болх бан аьтто белира цуьнан т1аьхьо: 1990-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор а х1уттуш, йуха веара Леча журналистике. Цигахь кхаа шарахь болх бира цо. 1993-чу шарахь цигара д1авахара. Цу йуккъе иттех шо хан йаьллачул т1аьхьа йуха а йухавалийра иза х1инца «Ленинан некъ» ц1е хицинчу «Даймохк» газете. «Даймохк» газетехь  эвсараллица болх бира цо 2012 шо кхаччалц. Цул т1аьхьа пенсе вахара. Оцу шен белхашна йуккъехула литературица болу болх а схьабеара Лечас…

Кацаев Сайд-Хьсанна ша йеллачу интервьюхь шен литературе вар  дуьйцуш, иштта дагалоьцу цо: « Цигахь (Сибрех) суна инзаре бокхха битам (впечатлени) бисина – иза мукъам  бу… нохчийн мукъамаш… Суна хаьара  тоьллачу кехатпондарчин Димин 1умаран, дечигпондарчин Цугаев Супъянан ц1ераш (Цу хан чохь, к1иран чохь цхьа к1еззиг хан луш хилла  радиохь нохчийн мукъамашна. Цу чохь оцу пондарчаша мукъамаш балош, и нохчийн мукъамаш хезча, Даймахках бевлла, Даймахке сатуьйсуш болчу наха, белха а боьлхуш, оцу мукъамашка ладоьг1уш хилла…). Тхан х1усамехь радио йацара, ас «т1ом  оьккхуьйтура» нохчийн эшарш локхучу метте вига суо бохуш. Со гал ца ваьллехь, нохч-г1алг1айн эшарш, мукъамаш  п1ераскан дийнахь хуьлура. Оцу мукъамашна т1ера хилар дуккха а д1адаьхьира ас сайн дахарехь. Цул т1аьхьа, суо йаздан волавалар а, доккхачу декъана, суна хетарехь, сайн коьртехь хьийзачу мукъамашна дан х1ума цахилар бахьана долуш хилира аьлла а хета суна. Х1инца, тахана а со тешна ву, байташ йазйар а доцуш, сан говзалла музыка йазйар дара аьлла»… (Т1аккха мукъамаш бахаран (композиторан) говзалла х1унда ца хаьржира  ахь? — боху хаттар дуьсу йешархочунна хьалха. Тахана цуьнга и хаттар дала цунна т1екхочийла  ца нисдаларна, и хаттар жоп доцуш дуьсу…). И мухха делахь а, мукъамех (музыкех) дерг ала ца хаьа суна, амма Лечин говзалла поэзи хилар сан шеко йоцуш ду. Иза цо ша литературехь биначу балхаца гучадаьккхина, цо и дерриге а кхачадо. Мукъамаш бахарца дерг ца нисделлехь а, литературехь ондда, тоьлла меттиг схьа а лаьцна, схьавог1уш ву иза: тахана а шен литературин некъ сацийна бац цо, эвсараллица и болх беш схьавог1у иза, поэзи йезачарна шен керла-керла говзарш а йовзуьйтуш. Х1ора а Лечин ара мел йолу книга кхаъ хилла т1еэцна йу литература йевзачара а, йезачара а. Цо арахецначу цу цхьа мог1а поэзин гуларийн ц1ераш йу х1орш:

  1. «Орамаш а, т1емаш а» (1985);
  2. «Шоалг1а тулг1е» (1989);
  3. «Г1енех сан г1енаш» (2002);
  4. «Нохчийчоь, сан Нохчийчоь» (2005);
  5. «Х1олламаш а, к1арлаг1аш а» (2009);
  6. «Хаьржинарш» (2014).

Лечас бинарг ондда болх бу. («ондда болх» х1унда аьлла хьуна аьлча вай цо бинчу балхах – цо арайаьхна и гуларш к1еззигчу аг1онашца (страницы) арайаьхна гуларш йац. Уьш стаммий книгаш йу. Ткъа дийнна роман цхьа говзар (произведени) йелахь а, амма цхьа байт – цхьа говзар йу. Цхьана мог1анах а стих олу. Цхьа строфа (столбик), ши строфа… уьш-м хьал-охьа а дуккха стихаш (байташ) йу, цхьана байтан мог1анах а стих олуш хилча.

Кхин баккхий барамаш бацахь а, байтан (уьш-м хила йиш ма йуй йехий а), оцу байта чохь, нагахь санна, ахь и дика йазйинехь, цхьа книга йазйал маь1на а даккхало. Леча санна волчу поэто йазйинехь-м муххале а…

Вайна ма-хаъара, цхьана книги т1ехь б1е а, ши б1е, кхо б1е а, иштта кхин сов а байташ хила йиш йу. Лечин книгашна т1ехь хуьлу иштта алссам байташ. Шена зеделларг дуккха хиларе терра, иза боккхачу чулацамца охьадуьллу цо кехат т1е.

Абдулаев Лечас нохчийн литература дуккха а мехалчу т1ег1ан т1е йаьккхина аьлча, сайн и харц хир ду аьлла ца хета суна. Цундела, цо бинарг кхин цкъа а ондда болх а, доккха г1уллакх а ду литературина.

Лечин байташ иллешка а, эшаршка а йирзина. Уьш халкъо 1аламат ч1ог1а т1е а эцна, нохчийн къоман музыкальни искусствехь ондда шайн меттиг д1алаьцна йу.

Билгалдаккха дог1у, Лечин дукхахйолчу байташ т1ехь даьхна долу иллеш нохчийн махках а, халкъах а хьакхайеллачу халонех, баланех хилар. Царех  цхьаъ йолу х1ара байт шун кхеле йуьллу вай:

Диканиг хьахадан кхоьру со.

Хазаниг хьахадан кхоьру со.

 Диканах, хазачух хьаьгна хьо,

 ГIагI-аьлла, йелхарна кхоьру со.

 Да-нана хьахадан кхоьру со,

Буо виснарг велхарна кхоьру со.

 «ЙоI» ала, «воI» ала кхоьру со,

 ХIухаьддарг велхарна кхоьру со.

 Гуо талла бIов йоцуш висначохь,

 Букъ тоха берд боцуш висначохь,

 Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна,

 Хьо латто гIо доцуш висначохь,

 Хьан лекха лам хьахо кхоьру со,

 Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со.

 Нохчийчоь, хьо йийца кхоьру со,

 Къонахий белхарна кхоьру со.

Вай лакхахь билгала ма-даккхара, кху т1ехь Лечас балхориг нохчийн халкъан бала бу. Нохчийн халкъ шен исторехь даима а шех цхьа халонаш, баланаш 1итталуш хилла ду. Цундела Лечас кхузахь дуьйцург хийра дацара махкахошна. (Кхин х1ума ца хилча  а, кху т1аьхьарчу шина т1амехь лайнарг а тоьар дара вайн халкъо! И хаало Лечин кхоллараллехь). Цундела дара Лечин байташна т1ехь даьхна иллеш нах кхеташ а, нехан синошка   д1акхочуш а хилар.

Оцу т1емийн къизалла жимма лах а йелла, адам парг1атдала а, адамана чу са дан а долало хан-зама йара иза. Оцу заман чохь телевиденехь хаддаза хезаш хуьлура «Лазийний? Лазийна, хьаха. Къаръеллий? Дера, ца елла! -бохуш, кху дешнаш т1ехь Гадаев Валида д1аолу Лечин дешнаш т1ехь долу илли. И илли хезча, т1амо 1овжийначу дагна ницкъ хуьлура, йуха Нохчийчоь толург хиларх, кхуьург хиларх, тешам кхуллура цо. Нийсса аьлча, синтем лора-кха «Нохчийчоь йала ца йелла… ас вала дуьллу, Нохчийчоь г1оттур йу кхетачу малхах», — бохуш, Лечас шен байташкахь беттачу маьхьаро. Иштта вайн махкана а, халкъана а сагатдеш йу Абдулаев Лечин байташ. Иза кху махках, кху халкъах доглазар, х1ара мохк, х1ара халкъ дезар ду. Ишттачунах патриот олу…

Х1ора йаздархо патриот хила веза аьлла а дац. Амма вайн къоман йаздархой шайн кхоллараллел а хьалха потриоташ хуьлуш хилла аьлча, харц хир ду аьлла а ца хета. Масала, вайн классикаш схьалаьцча ахь, кхечу темина йазйича, шайга х1умма бохур доццушехь, нохчийн мотт, мохк хестор бахьана долуш, советан 1едало, националисташ бу, бохуш, хьийзина бу. Оцу вайн баккхийчу классикашна т1аьхьо-о йукъайеана йолу Лечаг1еран йаздархойн тулг1е а йу жимма оцу халонех 1иттайелла. «Пхьарматехь» церан хуьлуш хилла литературин цхьаьнакхетар а хилла, шу националисташ ду, — аьлла ца магийна… Амма, цу 1едална кху мехкан а, кху халкъан а патриоташ хуьлийла лууш ца хиллехь а, Леча а, иза санна болу патриоташ а кхиъна. Иза кху байташкахь гуш ду.

Вай йуьххьехь хьаха ма-дарра, Лечин поэзина д1айала йог1ург философин  меттиг йу. Т1аккха йу граждански, 1аламан (пейзажни), безаман теманаш.

Безаман темина йазйина байташ билгалйохуш, Лечин х1ара байт  билгалйаккха лаьа:

 

Дог 1ехадо хазахетаро,

Т1аьхьало йоцуш дуй хаарх.

Ларамза вай вовшахкхетар а

Цхьаъ дара – вай къаста бахьна.

 

Хаза г1ан г1енах а дезало,

Хьо сацон лаьара лаа-м,

Амма, г1ан цкъа хада дезарна,

Йитира боцуш дегабаам.

 

Т1ехтилла хьо хазахетар…

Масане тили цул т1аьхьа.

Хьо ас а йицйира х1етахь,

Вицвина хир вара ахь а.

 

Ткъа тахна ца йолу т1аьхьара,

Дуьхьалван сан некъ ца хилча…

Дуьнен т1ехь хьо йоций хааро

Хьо йицйан ца вуьту х1инца.

 

Шуна дагадог1у хир ду кху дешнашна т1ехь даьккхина илли а. Шуна ма-гарра, безаман лирика а йолуш йу Лечин кхоллараллехь. Ч1ог1а т1е1аткъам бо къаьсттина кху т1аьххьарчу строфано: «…Дуьнен т1ехь хьо йоций хааро хьо йицйан ца вуьту х1инца». Нийсса аьлча, Лечина муьлххачу теманехь а йешархочун даге кхача хаьа.

Иштта кхечу теманашна йаздинчу дешнаш т1ехь даьхна иллеш а ду Лечин. Амма, цо йазйинчу байташка хьаьжча уьш к1езиг ду. Уьш  к1езиг хилар цхьа бахьана хета. Иза ду Лечин классически байтийн барамехь йазйина байташ мелла а к1езиг хилар. Лечас йуьхьарлаьцнарг «к1айн стихаш» (белые стихи) а, иштта верлибр а йу (Доккхачу декъана «к1айн стихаш» йу аьлча ч1ог1а нийса хир ду цо йазйийраш, верлибр цунна т1аьхьа а тоттуш. Х1ара ас х1унда дуьйцу хьуна альча, цхьаболчара Лечин байташ верлибран кепехь йу олу, иза харц дацахь а, нийса а дац, х1унда аьлча, цуьнан дукхахйолу байташ «к1айн стихаш» йу.). «К1айн стихашна», верлибрна, классически байташна йукъахь йолу башхалла вай йийца доьлча… «К1айн стих» (белый стих) – ритмийн барам а болуш, рифма йоцург йу, верлибр (вольный  стих, свободный стих) ритма а, рифма а йоцург йу, ткъа  классически байт ритма а, рифма а йерг йу. Ткъа оцу кепашца йуьстича, классически байтан кеп мелла а йуьстах а йуьсуш, к1айн  байтин (белые стихи), верлибран (вольный стих, свободный стих) байтин  кеп йуьсу цуьнан Лечин поэзин йозанашкахь мелла а алсам. Иза иштта хилар т1еч1аг1деш, цуьнан масех байт билгалйоккхур йу вай:

 

…Серех йуьйцина керт.

К1айн кир тоьхна ц1а.

Бай сийна уьйт1е.

Бай т1ехь – бецан ц1ов.

Хецна лаьтта ворда.

Йежаш йоллу говр.

 

– Буьнан не1 д1акъовла…

– Аттана г1ад дилла…

– Ж1аьлина доьша дотта…

 

Доттаг1, доттаг1, дукха хан йеца суна и сурт ганза,

Эвлахь йан ма-йеззара суьйре т1ейаза…

Ас ненан маттахь Даймохк бешаза!

 

(Цхьаволчо ала тарло – «ц1а», «ц1о»в, «ворда», «говр» – уьш рифмаш йу, амма, билгала (нийса), оьрсийн маттахь аьлча, «точный» рифмаш йац аьлла. Ткъа цу байтехь кхин д1айерш – «д1акъовла», «дилла», «дотта» – уьш а ма йу цу байта йукъара… Вай Лечин байт йазйаран (стихосложени) толлуш ду. Кхин х1умма а дац вай йуьхьарлаьцнарг)…

Басаршца сурт дуьллучу суртдиллархочо санна, дешнашца мел хаза сурт х1оттийна поэта йуьртан дахаран. Дерриге а йуьртара сурт дуьхьалх1утту кху байтехь. Х1умма хала йазйина а йац х1ара байт, буха йазвина автор ца хилча, Лечин байт йу аьлча тешар а воцуш. Х1унда аьлча, Лечин байташкахь к1орггера маь1на хуьлу, байтех кхета шозза-кхузза йеша а йезаш. Амма, хьо  цо бохучунна т1екхиъначул т1аьхьа, ч1ог1а  боккха чулацам болуш, маь1не, философин к1орге йолуш хуьлу цуьнан байташ:

 

Чекхдолий, ца хеда дахар,

Дуьне а – и диъна волий.

Цхьана ханна т1аьхьа а лелий,

Ц1еххьана т1аьхьара долу.

 

Дахарх кхин мел дукха дийцарх,

Дош дац, и дерзош, ала…

Дахар – и делахь дийцар,

Йоцуш ду т1аьххьара аг1о.

 

Чекхдолий, ца хеда дахар? Диъна а волий, дуьне а? – аьлла хаттар кхолладала тарло йешархочуьнан. Шен кхетарехь харц вац дешархо а! Амма, кхузахь авторо бохург х1ун ду хьуна аьлча: стаг валарх, чекхдолуш дац  дахар, дахар кхид1а а шен рожехь д1адоьдуш ду, кхелхарг дуьне к1ордийна, и дуьне тоьъна кхелхаш вац, бохург ду. «Цхьана ханна т1аьхьа а лелий, ц1еххьана т1аьхьара долу», — бохуш, автора дуьненан дийцар вай кхетарехь  иштта ду: хьо шех 1еха а волуьйтий, шех воккха а воьйтий, хьуна дагахь  доццучу хенахь хьох дуьсу.

«Дахарх кхин мел дукха дийцарх, дош дац, и дерзош, ала…» — бохучух милла а кхетар ву аьлла хета. «Дахар – и делахь дийцар, йоцуш ду т1аьххьара аг1о» — аьлла, т1аьххьара х1ара байт йерзош долчу мог1анех а иштта кхета: дахар – дийцар лерина поэта. Ткъа дийцаран цхьа чаккхе ма хуьлий!.. Амма, дахаран…

Вай лакхахь ма-аллара, иштта к1оргера йу Лечин поэзи. Цуьнан поэзин масех тайпана маь1на долуш хуьлуш а нисло. Цундела олу аьлла а хета цхьана декъана, Лечин поэзи кхета хала йу, олий. Шозлаг1чу декъана аьлча, литературехь хьаьг1наш, гамонаш а хуьлу, муьлххачу а кхечу кхоллараллин хьаьрмашкахь санна. (Нохчийн литературехь нийса критика («Здоровая  критика») боху х1ума… нийса аьлча, произвденийн нийса мах хадош критикаш а (объективные критики) оьшура.).

Къаьсттина, тоьлларг вийцаре во массанхьа а, и везаш а, и ца везаш…

Шен байтех ца кхета бохучарна жоп луш, иштта боху Л. Абдуллаевс:

 

Сан йоза чолхе ду кхета

Бохуш, хьо ма цец а ваьлла.

Ваханчо дуьйцуш со кхеттарг

Вог1учо кхетор ду аьлла,

Цхьа ши дош аьлла ас, аьллехь.

 

Ахь таккхал дитахьа шена:

Йа когаш к1ел а ца 1ена,

Не1аре, коре ца оьху,

Даа йа мала ца доьху.

Дуьйцучул ду и ладоьг1на.

 

Д1а1аддитахьа шена:

Кхаза ца г1ерта хьан пенах,

Хила ца г1ерта хьан кхало,

Диса ца г1ерта хьан пхьоьрахь.

Тахначул ду иза кхана…

 

Нийсачу критикина («Здаровая критика») Лечас иштта жоп лур дара аьлла ца хета суна. Лечас буьйцурш и хьаг1-гамонаш йолу нах бу аьлла хета кху байтехь. Царна иштта жоп дан а дог1у.

Х1ара статья йазйеш, цуьнан дуккха байташ теллина ас. Суна билгалдаьлларг ду, х1инцца лакхахь вай йалийначу байташкахь шуна ма-гарра, цуьнан дуккхачу кхечу байташкахь а ритмика йоцуш а, рифмика йоцуш а йолу байташ хилар. Уьш йерриг билгалйаха воьлча, х1ара статья дукха йахлур йу. Вай кху т1ехь билгалйаьхнарш вай дуьйцург т1еч1аг1дан кхачаме йу аьлла хета. Вай Лечин байташ нийса йац, дика йац ала г1ерташ дац. Цо хаьржинарг иштта байтан х1оттам (стихосложени) бу – «к1айн байташ», верлибр.

Ала хьийзича а, Лечин кхоллараллина ала х1ума дац. Иза Лечин кхоллараллин беша т1улгаш кхисса г1ертар дац, цуьнан поэзина т1улгаш кхисса йа атта а хир дац. Иза дукха лекхахь ву поэзин хьаьрмахь. Лекхачу т1улг, г1орз, гел кхосса хала хуьлу…

Лечин байташ дукха хаза ритм а, рифма а нисйина, йазйинчу дуккхачу «поэтийн» байтел а мосуьйттаза тоьлуш йу. Х1унда аьлча, шен байташ чохь поэзи йолуш, дагахкхета а, дагна т1е1аткъам бан а, масал эца а дуккха х1ума долуш, йуьззина байташ йу… Лечин байташа ойлане вуьгу. Вай йух-йуха а ма-хьехадарра, философи йу цуо оцу шен мог1анех йуьйцина. Цундела элира ас лакхахь «Сайга хаьттича, философин меттиг д1алур йара ас Лечина уггар а хьалха…).

(Философ аьлла, ц1е луш хилча, философин 1илма схьа а лаьцна и дешар дешна хила веза. Юридически иштта хилча нийса а ду иза. Амма, и фолософски дешар а дешна, и говзалла йацахь а цуьнгахь, Лечин кхоллараллехь к1орггера философи  хилар б1аьрла гуш ду. Философи 1илманан хьукматашкахь цхьана дийнахь а дешна, 1амийна а боцуш, баккхий философаш бу. Масала: Конфуций, Сократ, Диоген, кхин а масане бу уьш. Амма, царалахь шайн хьехархой а болуш, царна т1е а оьхуш, цаьргара 1илма схьаэцна философаш а, иштта кхиболу 1илманчаш а бу. Т1аккха йуха а дешар бохучунна т1е а-м дера дог1у иза, х1окху дуьнен чохь массо философ шен хьехархо волуш а йа дешаран хьукматаш йаьхна волуш ца хиллехь а…) Вуьшта аьлча, иштта, шен цхьа суй болуш ойланча ву Леча а… Цо шех философ алар т1е-м ца дуьту, и цунах иштта аьлча, х1умма харц хир дац аьлла хетахь а.

Леча йаздархо хилар ларамаза дац. Абдулаев Зиявди бохуш, цуьнан тайпана стаг а ву вевзаш йаздархо. Тахана а шайн дайн некъ схьаэцна, и схьабохьуш бу Лечин доьзал а. Йаздеш ву Лечин ши к1ант – Мохьмад а, Адам а. Мохьмад литературица а, журналистикица а уьйр йолуш ву, ткъа Адам – йеккъа журналистикица. Доьзалехь верриге а виъ доьзахо хилла Лечин: кхо к1ант, цхьа йо1. Йуккъера к1ант– Муслим 2009-чу шарахь дуьйна воцуш ву (Дала гечдойла цунна)

Схьагарехь а, вийцарехь а Абдулаев Леча адамашца ийна, адамаш шена т1ег1ерташ стаг ву. Иза иштта хилар т1еч1аг1деш йаздархочо Абубакарова Пет1амата иштта хьахадо Лечас ша литературин новкъа йолуш цу некъа т1ехь ир-кара  х1оттор: «Ахь йазйе ахь, хьоьгахь цу белхан суй бу хьуна, цуо алар бахьана долуш, сан литературе йолу шовкъ ч1аг1йелира». Цу хенахь  литературин некъахь шен дог-ойла айарна баркалла а олу цунна. Пет1аматан зорбане йаьллачу книги т1ехь Лечина баркалла олуш йазйина иштта байт а йу:

Поэте

Цкъа мацах ахь йина лувца    (теша йина)

Аларца: «Хьох поэт хир йу!»

Д1акъаста ца туьгуш лела,

Йух-йуха иллешка йуьйлуш…

 

Иза хир эшарна догах

Йиначу ненан мотт суна.

Ва, Леча, баркалла хьуна!

И безар марздарна суна!                                                                                      

                                                                 БАНЖАЕВ  Аьрзу