ЭгIаштахь даздарш дIадаьхьира

26.02.2023 Выкл. Автор Zama

 

Кху деношкахь Шела кIоштан ЭгIашта йуьртахь боккхачу айамца дIадаьхьира Даймохк ларбархочун Де. Меттигера синоьздангаллин Кхерчан белхахой дика кечбеллера оцу хиламна. Цуьнан сени чоьхьа ма-веллинехь хаалора дезчу дийнан хIуо: Даймохк ларбархойн суьрташ, леррина кечбина киншкийн гайтам, кхидерг.

Билгалйинчу хенахь схьакхечира хьеший. Царна йукъахь – тIаьхьарчу 30-40 шарахь хиллачу тIемийн дакъалацархой: нохчийн «овганхоша» тIера –хIинца Украинехь дIахьочу лерринчу тIеман операцин (СВО) бIаьхой а цхьаьна.

Уьш массо а маршаллица тIеоьцура региональни Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу ТIеман гIуллакхийн патриотийн Клубан куьйгалхочо Новрзукаев ИбрахIима а, йуьртан культурин ЦIийнан директора Сулаева Маликас а, йуьртан къанойн Кхеташонан председатела Новрзукаев Iадлан-Хьаьжас а.

РФ-н а, НР-н пачхьалкхан гимнаш лакхарца дIадолало даздарш. Меттигерчу дешархоша нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь дIайоьшу патриотически байташ. ТIаьхьарчарна тIехь даьхна вайн махкахь девзаш долу иллеш а, эшарш а йу.

Дешархоша НоврзукаевгIар – вежарша Наибис, Мусас дIайешна байташ а, Совнукаева Раянас, Магомадова Раянас, Новрзукаева Iайшата, Абдулазимова Амната, кхечара дIааьлла патриотически эшарш дехха тIараш деттарца тIеийцира гулбелчара. Ткъа цхьана хьешо-м, хиллачу «овганхочо», вевзаш волчу тележурналиста Зурушев Лом-Iелас шена йелла мидал дIайелира дика хелхар дарна жимчу эгIаштахочунна Новрзукаев Мусана.

— ХIинца сан жимчу йуьртахочун а ду тIеман совгIат, — элира Шелан муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочун гIовса Рашитов Руслана.

Концертан дакъа чекхдаьлча дIадолало тIемалой декъалбар. Ала догIу, ЭгIаштахь даим хилла бакъболу Даймохк ларбархой. Цара шайн турпалалла гайтина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь, Овганан махкахь, Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь.

Кху муьрехь Украинехь дIахьочу лерринчу тIеман операцехь дакъалаьцна кхузарчу 13 жимстага. Цига баха кийча бу кхин а иттанаш эгIаштахой.

Шелан а, Курчалойн а кIоштийн, Аргун-гIалин тIеман комиссариатан куьйгалхочун гIовса Бизаев Хасмохьмадий, лакхахь хьахийначу Зурушев Лом-Iелассий НР-н военкоман цIарах дIакховдайо къоначу эгIаштахошна сийлаллин мидалш. Царна юкъахь бу – Бачаев Солса, Налаев Iимран, Эрзанукаев Рустам, Рашитов Аслан, Хураев Ахьма.

Иштта къаьсттинчу совгIатца – «Овганан седа» цIе йолчу орденца билгалваьккхира хилла бIаьхо-интернационалист, Шела кIоштан РОВД-н хьаькаман гIовс полицин подполковник Седиев Герман.

И дагахь лаьттар йолу суьйре дIайирзира «хIусамнанас» – Сулаева Маликас кечбинчу нохчийн къоман кхачанах кхетарца. Дала сагIа дойла аш лелийнарг.

И. МАТАГОВ.