Ваха лорура наха…
25.02.2023
Барх1 шо хьалха НР-н яздархойн Союзан правленис суна тIедиллира советски халкъо немцойн фашизмана тIехь Сийлахь-боккха Толам баккхаран 70 шо кхачарна лерина т1еман ветеранех лаьцна книга йазйар. Йелла хан чIогIа кIезиг йара – ши бутт.
– ДIавалахь, кхуьур вара хьо-м, журналистикехь болх бечу 40 шарахь ахь цхьа бIе йазйина царах лаьцна, – элира забареха правленин кхеташонехь вевзачу поэта, йаздархочо Мамакаев Эдуарда. – ХIинццехь дIаволало!
Иштта нийсса йиллинчу ханна арайелира сан дуьххьарлера очеркийн «Они ковали победу» цIе а йолуш книга. Цуьнан цхьаццанхьа хиллачу презентацешкахь вон мах ца хадийра. Амма со цхьана хIуманна реза вацара: сан аьтто ца белира цу жайни тIехь волчу 44 турпалхочун йукъа – Шелара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо Юнусов Ваха вахийта. Бакъду, иза авторан бехкенна йа хьагI-гамонна хилла хIума дацара. Ветеранан цIерачарна ца карийра цуьнан бIаьхаллин некъ буьйцуш долу кехаташ, суьрташ.
Зорбанехь (ткъех шарахь) ас кхузза-доьазза йазйинера цунах лаьцна. Амма сан цIеран архивехь а, кIоштан военкоматехь а хIумма а ца карийра. И «кIайдарг» дIайелира В. Юнусовн воккхаха волу кIант – 67 шо долу Бадрудди Россера цIавеъча.
1985-чу шеран йуьххьехь В. Юнусов Шелан йуьртда волчуьра пенсе вахача, махкахь а йоккхачу оцу йуьртан исполкоман куьйгалхо кху могIанийн автор хаьржира. Ширачу тIемалочо керлачу даржехь суна гIо-накъосталла дора.
…Шеларчу Юнусов Юнусан а, Масаран а кIант Ваха дуьнен чу ваьллера 1922-чу шарахь. Шен бархI шо долуш йуьртарчу «КIайн ишколе» вахара иза, хьалхарчу классе. Цул тIаьхьа сехьавелира 1938-чу шарахь схьайиллинчу шиъ гIат долчу йуккъерчу «ЦIен ишколе». И дешаран хьукмат кхиамца чекхйаьккхира кхиазхочо.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, 19 шо долуш волу жимстаг чIогIа холчахь вара фашистийн Германис тешнабехкаца диначу тIелатарна. Радиокедачухула кхунна кест-кеста хезара дикторан Левитанан шех бIобулу аз. Амма оцу радиохаамаша довзуьйтург хIумма дика хьал дацара…
Жималлехь дуьйна харцо ца йезаш, гIийланиг хьийзавар стогалла цахеташ, майраллех вуьззина волу Ваха, шен накъосташца Шеларчу Эльнакаев Башиций, Мусханов ШахIидций, Эпендиев Iабдул-Хьалакъций цхьаьна ЦIечу Эскаре вахара 1941-чу шеран 13-чу июлехь. ТIом болабеллачу деношкахь вуьгушшехь Генарчу Малхбалера Совгавань-гIала кхечира иза. Цул тIаьхьа бархI бутт баьлча кхеран полк Сталинграде йухайалийра. Цигахь йолу тракторийн завод стратегин чIогIа маьIна долуш Пачхьалкхан Оборонан Комитетан тидамехь йара, хIунда аьлча, иза тIеман гIирсаш арахеца кечйина йара. И завод мостагIех ларйан йезаш йара.
Цул тIаьхьа Курск-гIалина уллохь хиллачу тIаме кхечира Ваха, иза пулеметчик вара. Москвана гергахьа т1ом бечу хенахь чIогIа чов хилира кхунна.
1943-чу шарахь минометчик хилира иза. Смоленск-гIала йоккхуш шина баттахь тIемаш бира церан полко. МостагIий мосуьйттазза дукха бара ЦIечу Эскаран бIаьхойл. Цул сов цуьнан алсам дара герз а, йаккхий тоьпаш, танкаш, хIаваан кеманаш. ХIетте а цIенэскархоша йухатуьйхира фашистийн ардангаш, уьш Москвахьа дIацайохуьйтуш.
…Белоруссехь 62-чу армин командующи вара вевзаш волу инарла Л.И. Еременко.
– 1942-чу шеран 19-чу ноябрехь тхо инарлаш Н.Р. Ватутин, К.К. Рокоссовский коьртехь болчу фронтех дIакхийтира. Цу шимма йохийнера йовссарийн оборона, – бохуш дуьйцура В. Юнусовс. – ШолгIачу дийнахь диъ сахьт долуш тхо Сталинградски фронтах дIакхийтира. Оха массара гуолаьцнарг –немцойн ткъа, румынхойн шиъ дивизеш, дуккха а кхин тIеман дакъош хиллера, шайна йукъахь 330 эзар сов салтий, эпсарш болуш.
Польшина а, Германина а йуккъехула охьадоьдучу Одер-хин бердан йистошкахула къиза тIемаш хилира. Польша фашистех паргIатйаьккхича, тхо Германехула чекхдевлира, Берлин-гIала кхаччалц луьра тIемаш а беш.
1945-чу шеран апрелан йуккъехь вайн эскарш Одер, Нейса-хин бердашка дIанисделлера.
– Берлин тIекхача 190 чаккхарма бен йацара. ХIинца вайн кеманаша немцойн гIаланаш тIе бомбанаш, «Катюша» цIе йолу герз тохара. Цхьанне а шеко йацара ч1ог1а сатийсина Толаман Де кестта тIекхочург хиларх. Иза кхача а кхечира – 9-чу Майхь.
Йоккхачу Россера фашистийн Германин коьртачу шахьара кхаччалц тIеман хала дукъ дIакхийхьира Вахас. Минск, Витебск, Смоленск, кхийолу гIаланаш, бIеннаш йарташ мостагIех паргIатйохуш, доьналлица тIом бира цо. 1944-чу шарахь йеза чов йира цунна. Цул тIаьхьа иза 6I8-чу полкаца Польша фашистех паргIатйоккхуш тIом беш чекхволу. Уггаре а хала меттиг – Польший, Германий йоькъуш, схьадогIучу Одер-хин йистехь йара.
…1945-чу шарахь аьхка Шела цIавеара иза. Ваха тешаш вацара нохчий цIерабаьхна бохучух. ТIамера схьавеана волу хIара йуха эскаре дIаваха лууш хьаьвзира. Шеларчу милице балха вола аьлла дехар дича, оперуполномоченнин балха вахара. Амма цхьалха дара цIахь. Балхах самукъа ца долура. Цундела 1947-чу шарахь, кхидIа детта са а цахилла, Iедале дехар дира Вахас ша Казахстане, гергарниш болчу дIавахийтахьара аьлла. Цуьнан дехар кхочушдира… Иза дIакхаьчна ши кIира а далале, кхелхира церан нана Масар.
– Хаза товш воккхастаг вара Юнусов Ваха. ГIиллакх-гIуллакх хаза долуш, жимачуьнца а, воккхачуьнца а бийца мотт болуш. Цундела иза дIаваьлча йерриг Шелана тIедеара вуо. И саннарг, йуьртана эшна ца Iаш, махкана а эшна даима а. Ишттачарех Къонахий аьлла нохчаша, — дуьйцу йевзаш йолчу журналиста Эльдерханова Зайнапа. — Зама гена мел йели а, карлабуьйлуш, дийцаршкахь, масалшкахь беха иштта къонахий. ХIунда аьлча, нохчийн халкъ довр дац ша жимдаларх, амма бакъболу къонахий дIабовлахь, дан амалдоцу хьал хIуттур ду къоме. Ишттаниг хилийта йиш яц!
…1962-чу шарера 1984-гIа шо кхаччалц (1973-чу шеран ах шо йукъара даьккхича) Шелахь юьртда лаьттира В. Юнусов. Атта дацара Советийн Iедална а, нохчийн Iадаташна, гIиллакхашна а йуккъехь латта, шен йуьртахойн дагтIера ца вужуш, массаьрца а тарлуш, хьанал чекхвала.
Цуьнан хIусамнанас, Юнусова Сацитас, тхан дехарца масех дош элира шен цIийнда дагалоцуш:
– Йамартло, сийсазалла, малар чIогIа ца дезара цунна адамашкахь. ЦIеналла а йара цунна шегахь а, нахехь а оьшург. Даима а къахьега лууш вара иза. Шен доьзале а къахьоьгуьйтура цо. Цо олура: «Йуьртахь а Iаш, даьхни ца лелош муха вехар ву? Ма йоккха ледарло йу доьзал хецна битар…»
Вахин даккхий хилла бераш, церан бераш тахана Нохчийн Республикин пачхьалкхан тайп-тайпана белхаш беш ду. Шайн да, денда карлавуьйлу царна. Иза царна масал, йуьхькIам бу массо хIуманна тIехь.
Вайна йукъара нийсса вуьрх1итта шо хьалха дIавахара и оьзда стаг, майра тIемало. Ткъех шарахь Шелан районан тIеман ветеранийн Кхеташонан куьйгалхо лаьттира и йахь йолу къонах. Дала гечдойла цунна! Вайн лийр доцучу иэсехь хила беза и тайпана нах.
