ДIакхайкхайо конкурс!

24.02.2023 Выкл. Автор Zama

 

Карара, 2023-гIа шо – нохчийн меттан Шо хилар тидаме эцна, Шела кIоштан «Зама» газетан редакцис оцу хиламна лерина дешархошна йукъахь (7-гIий – 11-гIий классаш) дIакхайкхайо конкурс «Биеза, хаа, ненанмотт».

Оцу къовсамехь лерринчу жюрис билгалйоккхур йу нохчийн маттах лаьцна йолу тоьлла кхоъ байт йа доцца йаздина дийцар.

Толамхошна иштта совгIаташ дийр ду:

I-ра меттиг – 5 (пхиъ) эзар сом;

II-гIа меттиг – 3 (кхоъ) эзар сом;

III-гIа меттиг – 2 (шиъ) эзар сом.

Шайн куьйгайозанаш схьада (йа схьатаса) 23-гIа бекарг (апрель) тIекхочуш кху адресца: 366300, Шела-гIала, Орджоникидзе урам, 4 («Зама» газетан редакци – «Бизнес-центр» чохь) йа электронни почта movsar40@mail.ru .

Вовшахтохараллин комитет.