Рузбанехь бина хьехам

Рузбанехь бина хьехам

03.07.2021 Выкл. Автор Zama

   Вайна тlехь лаьттарг хала мур бу. Короновирусан ун хlинца а дlадаьлла дац вайна. Хууш ма-хиллара, кхечу мехкашкахь санна, цо бохьучу кхерамна дуьхьал вакцинаци яран гlуллакх дlахьо вайн махкахь а.
Карарчу июль беттан 2-чу дийнахь, рузба дале хьалха, оцу хьокъехь дерг дийцира Шеларчу «Бусалбанийн дозалла» (Гордость мусульман) аьлла долчу, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цlарахчу рузбан маьждигехь, Шелан муниципальни кlоштан къедас Неттиев Хож-Ахьмада.
«Оцу вакцинацех лаьцна дуьйцуш тайп-тайпана эладиташ ду. И йича цомгаш хуьлий, иза могашаллина вон юй, бохуш. Иза бакъ дац. Мелхо а, уьнах ларво цо, массара а яйта еза вакцинаци. Цу гlуллакхах вай къехка ца къихкичхьана, Дала мукълахь кхин карантин а хир яц, туьканаш, кхийолу меттигаш дlа а къуьйлур яц, тезетан низаман кеп а хуьйцур яц, паргlат ара-чу дийла йиш а йолуш хир ду вай дика-вон дерзош а», — бохура цо. Тlаккха, Деле могашалла йоьхуш доlа дира цара, цомгаш болу бусалба нах юкъа а лоцуш. Дала дарба дойла могаш боцчарна.
Цул тlаьхьа хьехам бира Шелан муниципальни кlоштан администрацин куьйгалхочун динан декъехула гlоьнча волчу Ахматов Мохьмада.
Цо иштта дийцира: «Хlай, лераме бусалба вежарий! Хастам бу сийлахь волчу Аллахl-Далла! Цуьнгара гlо лоьху вай ваьшна. Цунна хьастадаларца гечдар а доьху. Вешан болх а Цуьнга буьллу вай. Цо нисвинарг гал а воккхур вац, галваьккхинарг нисван а цхьа вац. Дала нисдинчарех дойла вай массо а. Сайн дегlе хьалха а деш, весет шуьга а до ас, вежарий: Делах кхерарца а, Цуьнан а, Цо вазвина ваийтинчу Элчанан а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) омрана муьтlахь хиларца. Иштта, Ша ларде аьлла долу дазонаш лардеш хилла волу бусалба стаг, Дала мукълахь, Дала декъал а вийр ву, Цо вай дикачу метте а кхачор ду, кlеззиг вай нисдала гlоьртичхьана.

Аллахl-Дала Шен сийлахьчу Къуръан чохь бах (Астаlузубиллахl): «Хlай, ийман диллина, Дела цхьаъ вина болу бусалба нах, Делах кхерийла шу — кхера хьакъ ма-дду, дала а ма лойла — бусалба долуш бен». Вайга схьакхаьчна Делан къамел ду иза. Цо хила бохучу кепара а хуьлуш, кхера ма-деззара Цунах кхера а кхоьруш дlадолхахь, вай вовшашца а, цу тайппана нахаца а дика хир ду, хьарам-хьанал а къастош дехар ду. Ша бахьана долуш, нахана хьовзам баларх а, да-нана, йиш-ваша делхарх а ларлур ду. Вай ламазаш а до, Дела а хьехаво — сийлахь а, Ша цхьаъ бен а воцуш волу. Ша хьехон а, lибадат дан а хьакъ верг ву Иза! Амма, Дела хьехорца цхьаьна, Цунна lеса хуьлуш хилча — иза бохам бу вайна. Шена муьтlахь а волуш, Ша хьехош волу лай, Ша Шен къинхетамца хьехор ву аьлла Дала. Нагахь санна, Шена lеса а волуш, Ша хьехош верг, Ша Шен неlалтаца хьехор ву аьлла.

Къемат дийнахь хинйолчу халонех, lазапах теша а тешаш, ша декъал вийр вац-те Дала бохуш, дуьненчохь деш долу lибадат цlена хир ду. И ойла дагчохь а йоцуш, шен дегlан лаамашна тlаьхьа а ваьлла, шена хет-хеттарг дийца а дуьйцуш, шена моьттинарг бакъ а деш, лелашверг бакъон тlехь хир вац.

Корта бахон малар мелла ара ца валарх а хуьлу lеса. Нахана хьовзам бер болу, цатоме долу хlума лелош, машенахь некъан низам дохош, буьйсанна нах набарна тийча церан наб йохорца гlовгlа еш, вон дош олуш, байн даьхни даар, зинаш лелор – дуккха а ду-кх и Дела реза воцу хlуманаш. Хьайна lеса хlума лелон дагадеача, Дела дагаваийталахь хьайна, лараме бусалба ваша! Хьо нахана юкъахь волуш а, хьуо цхьаъ волуш а, ахь лелориг хууш ву хьуна Аллахl-Дела! Хьуна дагатеснарг а хаьа хьуна Цунна. Хьан ерриге ойланаш евзаш а ву Иза. Цхьа а пардо дац, хьо Делах кьайлаваккхалур волуш. Хьан тохалуш долу дог, хьан коьрте оьхуш йолу ойланаш, хьан луьйш болу мотт, хьан массо хlума гуш а, хезаш а ву хьуна Дела. Хьан ког-куьг лоьлуьйтуш, хьуна рицкъ латтош, вижош, гlаттош, дуьненчохь ваха хьуна пурба луш верг а ву Иза, хьан lожаллин рагl тlе ма-кхеччина хьо лаьтте верзонверг а ву.

Цунах эхь хета деза хьуна, хlай Далла lеса верг. Кхин сов хьуна эхь хета оьшуш цхьа а вац, хьо а, вай массо а кхоьллина волу Иза цхьаъ воцург. Цунна хьалха хила веза хьо юьхьlаьржа а. Делах кхоьруш хила деза вай баккъал а. Цунах тешарца, Иза цхьаъ веш, Цуьнан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъвеш тоьшалла (шахlадат) далорца бусалба вай хилча, мичахь ду вайн и тоьшалла, вай lосаллех ларлуш ца хилча? Веза а, сийлахь а волчу Аллахl-Дала лардойла вай, Шена lеса хиларх а, шукур ца дечарех а.
Хаттабан кlанта lумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина шен къамелехь: «Цхьа зама йогlур ю — нахана юкъахь шена lеса дерг гича, бусалба динехь ца мегаш дерг лелош волчуьнга хlумма а ца олуш, цхьа ирча болх лелош цхьаъ гича я оьгlаз а ца воьдург дика стаг ву олуш». Иза дика хилар дац, мелхо а бусалба динах дог ца лазар ду.

Цундела, вайн декхар ду: питана лелош, харцо еш, нахана зулам деш, муьлхха а вон белхаш лелош волчуьнга, и хlуманаш ма леладе, дlаалар. Хlунда аьлча, Далла гергахь хаза а, лераме а, деза а лерина ду адамийн юкъаметтигаш нисъяр. Хlара бусалба дин лерина лело дезаш ду.

Турпал-lелас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Кхо хlума ду бусалба адам шех тасаделла латта дезарг. Делах кхерар а — Цунна муьтlахь хиларца, Къуръан (Астаlузубиллахl) доьшуш хилар а — цуьнца нисваларца, валарна кечам беш хилар а — lамалш ярехь совваларца» Ткъа мила ву и аьлла волу Турпал-lела? И дера ву Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) девешин кlант.

Вай бусалба нах хиларе терра, вайна боккха болх бу, «Лаилахlа ИллАллахl» бохуш берг. Ондда чулацам болуш ду и дош, вежарий.

Дала вайга лаьттан букъа тlехь зуламаш ма де, гlиллакхе хила, лараме хила вовшашца, бах. Вай кест-кеста хьахош ду вешан машенийн некъийн низамех дерг а. Ваьш lаччохь а, машенахь доьлхучохь а, гlаш лелачохь а ваьшкара дика масал гойтуш, вовшех дешаш, дезаш, лоруш хила дезаш ду вай, вовшийн сий а, цlий а лардеш. Гlиллакх — иза мотт ца хуучу хьайбанца а лоцуш хила дезаш ду. Шена а, шен нахана а шегара хьовзам ца балийта, ларлуш хила веза хlора а. Вайга къемат дийнахь, цхьа а хlума юкъах ца дуьтуш, хоттур долуш ду ваьш мел диначух. Вайга жоп а далалур доцуш, и ца делча девр а доцуш даккхий хlуманаш хуьлу вайна. Лайн ши ког меттах бер бац, бах, цо ша лелийначух жоп ца делча. Доккха хlума ду и, вежарий. Ваьш кху дуьненчохь яьккхинчу хенах жоп дала дезаш ду вай. Муха яйъира ахь хьайна елла хан, Далла lибадат деш яйъира ахь иза, я зиэ яйъира ахь, аьлла, Дала хаьттича байттамал хир доцчу хьолехь даха деза вай тахана кху дуьненчохь. Дала, дахар а, кхалхар а ийманчохь долуш дойла вай! Ассаламу lалайкум варахьматуллохlи ва баракатухlу».

Цу тайппана, мехала хьехам дlа а берзийна, рузба дира бусалба вежарша. Дала къобал дойла массеран ламазаш! Дала тlаьхье беркате а йойла!

И. МАТАГОВ.