К1ант йо1ана т1ехьийзар
25.06.2021Нохчийн хазачу а, ширачу а г1иллакхех ду ала мегар долуш ду к1ант йо1ана т1ехьийзар. Вайн къам кхолладеллачхьана схьадог1уш хила там болуш а ду и шира 1адат.
Х1ора къам а кхечу къомах къаьсташ хуьлуьйтуш дерг ши х1ума ду: цуьнан мотт а, г1иллакхаш а. Уьш х1ора къомана Аллах1а делла не1маташ ду. Царех д1ахаьдча, къомах къам (нация) ца хуьлу, «народность» а хуьлий, цхьана доккхачу къомах д1аоь. Америкехь индейцаш санна. Цундела к1ант йо1ана т1ехьийзар – вайна иза доккха х1ума ца хетахь а, нохчийн къоман оьздачу г1иллакхех хьалхарниг ду. Х1унда аьлча, т1ехьийзар – иза нохчийн к1анта а, йо1а а шайн доьзал кхоллабалале (вайна ма-хаъара, доьзал къоман бух бу) лелон езаш йолу юкъаметтиг ю.
Со кхета, таханлерачу хьелашца – телефонаш ю массеран а керахь, компьютерш, Интернат ю, зудабераш доьшуш, я белхашкахь ду. Цундела, «т1ехьийзар» бохуш долу къоман г1иллакх дикка херадаьлла, малделла, я, ма дарра аьлча, цхьаболчарна башха дош а ца хета. Амма вайн ворх1е дайшкара, наношкара схьадог1уш долу и оьзда г1иллакх иштта дита ца дезаран шеко яц. Цундела сан 1алашо – цунах лаьцна дийцар ю, сайна хуъучу кепара, тхаьш кегий долуш лелийначу аг1ор. Схьалоцучунна – схьалацар хир ду, лелочунна – карла далар хир ду, ца хуучунна – хаар хир ду.
Дуьххьара к1антана йо1 йовзар масийтта кепара хила тарло: новкъа вог1уш, синкъерамехь (х1инца, бакъдерг аьлча, уьш хила-м ца хуьлу) хьахийна (цхьаммо захало дийцина), я кхечу кепара. Новкъа йог1уш йолчу йо1е вистхилар а масийтта тайпана ду: бегаш бар (забар яр), я т1аьхьало а йолуш юкъаметтиг лелон лууш хилар (т1ехьовза лаар). Хьалха йо1е пурба деха деза – иза ша цхьаъ йог1уш елахь, яцахь цуьнан накъосте хатта деза, «вистхила мегар дарий, йистхила аьтто буй хьан?», аьлла. Х1унда аьлча, цунна бехке стаг (ваша, шича, дехо) хила тарло цигахь. Нагахь бакъо еллехь, хьо вовза а вовзийтина, иза йовза а йевзина, могаш-парг1ат а хаьттина, хьайн некъ д1акховдо беза: «дуьненан синкъераман некъ» лелон реза юй хьо соьца, аьлла. Цо иза т1елацахь, к1ант цунна т1ехийзаш лору. Шена юхаван пурба а доккхий, мичхьа ван веза а хоттий, д1авоьду т1аккха жимастаг.
Хьалха йо1 ган аьтто х1окху кепара хуьлура: я хинйисте (шовданан йисте) кхойкхура, я синкъерамехь гора, я белхехь гора, я чу кхайкхийтара лула-кула а воьдий. Цул т1аьхьа, шаьшшиъ дика девзина а даьлла, вовшашка безам баханехь, йо1е «дуьненан безаман некъ» т1елаца олура к1анта. Йо1а иза т1елаьцнехь, цхьа хан яьлча, «т1аьхьалонан дош» даккхара. Х1инццалц йоь1ан кхин к1ант т1ехьовзо йиш хиллехь а, «т1аьхьалонан дош» деллачул т1аьхьа и бакъо хир яц цуьнан кхин.
Кхид1а дан дезарг-йо1е «хан йиллийтар ду». Дуьххьара йуьллуш, цхьана шарна а, шина шарна а йилла йиш ю, цул т1аьхьа д1асататта йиш ю.
Хан йиллар т1еч1аг1деш, кера х1ума лора йо1а. Иза мерах хьокху йовлакх а хила тарлора, лергах, я п1елгах йуллу дашо ч1уг хила тарлора, я дашо сахьт хила тарлора. Амма сирникийн ботт бен иза яцахь а, кера ло аьлла д1аелла елахь, иза еза лоруш ю. Кера х1ума еллачул т1аьхьа йоь1ан а, к1ентан а духадала йиш яц, нагахь ший а дохкодаьлла дацахь. Нагахь дохкояьлларг йо1 елахь, к1ентан бакъо ю, шен нах цуьнан нахана т1е а бахийтина, кера елла х1ума д1а а гайтина, шайн зуда схьаяийта ала. Ткъа к1ант дохковаьллехь, йоь1ан бакъо елахь а, нохчийн йо1а, ша д1айига бохург ца леладора. Амма к1ант дохковалар – цунна ч1ог1а эхье а, дастаме а лоруш дара.
Хьалхалерчу заманчохь кера х1ума яккхарал а совнаха, йо1а к1анте кера куьг луш меттигаш а нислора. Иза оьзда доцуш х1ума лоруш дара, амма к1ант-йо1 вовшен дезаш а долуш, и шиъ вовшахкхетар ца нислуш хилча, я царех цхьаннан ц1ераниш дуьхьал болуш, йо1 кхечанхьа маре д1аяла г1ерташ хилча, цаьршимма, цхьаннийн а духадала меттиг ца хилийта деш х1ума хилла иза. Х1унда аьлча, к1анте кера куьг делла йолу йо1 атта кхечо ца йигара. К1ентан а вала меттиг бацара, йо1 схьацаялийча иза волуш вацара, нахана т1е эхь даийтар нислора иза т1аккха.
Х1инца вай шуна довзийтинарг (я карладаьккхинарг) – к1ант йо1ана т1ехьийзар ду. Т1аьхьа т1ейог1учу заманчохь, Дала мукъалахь, вай шуна зуда ялор, ядор, ехар, д1аяхар, синкъерамехь, белхехь лелийна долу нохчийн къоман г1иллакхех лаьцна дуьйцур ду. Шуна уьш ца девза бохург а дац, делахь а карладаьхча, кегийчарна схьалаца х1ума хир дара-кх иза.
А. СУЛЕЙМАНОВ.


