«Кху махкахь х1орамма шен са а, сий а туьрца лардо»

«Кху махкахь х1орамма шен са а, сий а туьрца лардо»

19.06.2021 Выкл. Автор Zama

«Хьуьнан т1еман маршал», Мичиковски волостан мудир (куьйгалхо), имам Шемалан уггаре а уллера, тешаме наиб Ц1онтройн Шо1ип-Молла вина Мухьаммад-Хьаьжин доьзалехь 1804 шарахь, Билта-эвлахь (тахана – Дагестанан Новолакски к1ошт, Тухчар).

1829-1844 шерашкахь эскарехь хилла.                                                                 1844 шарахь – Ц1оьнтрахь кхалхар хилла.

-Къилба-Седан имаматан Нохч-Махкахь Мехкан кхиелан куьйгалхо.         Цуьнан г1арабевлла болу толамаш:

— 1840 шеран эсаран баттахь Моздоке йина поход;

— Оццу шарахь Цатынах-ч1аг1о схьалацар;

— 1841шеран эсаран баттахь Г1излар-г1алана т1елатар;

— 1алхан-юьртахь хилла т1ом;

— Амир-Аджи юьртара ч1аг1о йохаяр;

— Арахтаусера б1ов схьалацар.

Шо1ип-Молла воккха 1еламстаг хилла ца 1аш, нохчаша ч1ог1а лоруш, дуккха а хенахь Мехкан-Кхиелан куьйгаллехь лаьттина. Жима волуш дика йоза-дешар 1амийна, корматалла йолуш, г1арабевллачу Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а 1еламнахаца 1емина хилла иза. Нохчийниг боцург, 1аьрбийн, г1умкийн, суьлийн, шаберг 13 мотт хууш хилла. Мухьаммад-Хьаьжина шен к1анта 1илма 1амош ч1ог1а хазахеташ хилла, ша Шо1ип а хилла ч1ог1а 1илманна т1евирзина. Цхьана ханначохь молла а лаьттира иза. Амма болабеллачу Кавказан т1амо 1алашонаш хийцира цуьнан. Паччахьан эскаршна дуьхьал уггаре а жигарчех г1азотан декъашхо хуьлу цунах.

1829 шарахь хьалхарчу имаман Гимрерчу Г1еза-Мухьаммадан уллера накъост а, цуьнан мурд а хуьлу цунах. Имам вийначул т1аьхьа, Шо1ип 4 шарахь Оки-юьртахь молла лаьтта. Паччахьан 1едало бехказа витина хуьла иза. Шайгахьа ваккха, я вен 1алашо йолуш, дуккха а даржаш кхийдина цара цуьнга. Амма 1едалца берта ца вахана иза.

1838 шарахь ламчу хьала а воьдий, Сесанарчу Ташов-Хьаьжин тешаме накъост а хуьлий, т1емалойн тобанашна т1ехь куьйгалла деш д1ах1утту иза.

Эла Орбелианис цунах лаьцна яздина: «Шо1ип юккъерачу дег1ахь,1аьржачу аматехь а волуш, массо а х1уманна т1ехь т1ахъаьлла а волуш, тоьлла дошло хилла. Х1илла долуш, хьекъале т1емалойн баьчча а волуш, т1амт1ехь т1ахъаьлла стаг хилла».

Нохчаша дуьххьара юкъадаьккхина текхаш долу (ползающие) эскарийн дакъош, ламанан артиллери (Т1елхиг, Бийболат), ламанан–дошлойн артиллери, дехьа-сехьа йохуш йолу батареяш (кочующие), г1ашлойн окопаш (жима ч1аг1о). Европас тамаш беш хилла болчу г1алг1азакхийн партизанийн т1еман хьесап нохчаша юкъадаьккхина хилар ца дуьйцу цхьаммо а. Х1инца а кхоччуш 1амийна дац, уггар а пох1ма долчу имаматан баьччас Шо1ип–Моллас беш хилла болу, д1асабаржаран хьесапехь болу т1ом (война на рассеивание).

1840-г1а  шерашкахь Нохчийчоьнна т1ехь тергам бан Шо1ипа г1ап (Шуаиб-капу) йина хилла, чохь гарнизон а йолуш. Б1ачи-юьртаний, Ц1оьнтарний (Ахмат-юрт) юкъахь лаьтташ хилла иза. Дуккха а Россин инарлаш иза схьаяккха г1иртина, амма дуккха а шерашкахь ч1аг1о хилла лаьттина иза.

Паччахьан Росси Шо1ип-Моллина дита дагахь яцара Моздок йохаяр а, 1841 шарахь лецнарш схьабахар а, кхидерш .

1841 шеран августехь Г1излар-г1ала амалтана д1абигна хиллера Ц1оьнтрара маьрша бахархой. Уьш Шо1ип-Моллин зудчун гергарчу нехан Кхоьшкилдара ловзаргара ц1абог1уш хиллера. Божарий Герзеле д1абигнера, ткъа зударий, бераш – Г1излар-г1ала. Ц1онтройн тайпанан кхеташонехь барт хилла, мухха баьхна а, зударий, бераш схьадаха деза аьлла. И г1уллакх Шо1ип-Моллина т1едиллина хилла. Имам Шемале шега яккхий тоьпаш лахьара аьлла, дехар дина цо. Шемала ца елла. Цул совнаха, цига вахар а ца магийна цо цунна, зенаш дукха хир ду бохуш.

Шо1ипан шен накъосташца барт хилира, къайлаха, ц1еххьана т1елатар дан. Г1излар-г1алина гонах йолчу ярташкарчу ц1онтрошкара доккха г1о хилира царна. Цу операцехь дакъалоцуш Шо1ипан накъостий – дуккха а кхечу тайпанийн векалш хилла. Г1изларера г1умкаша г1о а деш, г1ала схьа а лаьцна, г1ап йоха а йина, нохчийн т1емалоша шайн 1алашо кхочушйира: амалтана д1абигина хилларш к1елхьара бехира.

Дуккха а т1еман трофейш яьхнера цара, юкъахь 6 йоккха топ а йолуш. Йийсаре балийна салтий, эпсарш – шаверг 72 стаг хилла. Юха бирзича царна дуьхьалдаьлла инарлин Ольшевскин 15 эзар салтичух, эпсарх вовшахтоьхна долу эскар. Цу эскарх тасавелла Оьздамар-наиб шен 500 дошлоца. Цара кхерам боцуш юхадовла аьтто бина нохчийн тобанна. 700 т1емалоца т1екхаьчна Шо1ип-молла а т1елетта царна. Амма т1амо даккхий зенаш деш хилла нохчийн отрядашна. Цу заманчохь флангехь т1елатар дина Шо1ип-моллин йишин к1анта – ч1инхойн наиба Г1ези Эзас, шеца 300 дошло а волуш.

Инарла Ольшевскин эскаран, даккхий зенаш а хуьлуш, духадала дийзира. Иштта ринжа а даьккхина, Нохчийчу схьабаьхкира уьш. Цул т1аьхьа Шо1ип-Моллин эскарехь яккхий тоьпаш а яра.

Ц1оьнтара ц1а а вог1ий, цигахь кхеташ-коьрте яккхий тоьпаш д1а а х1иттайой, Шо1ип-Моллас уьш Даьрг1ан (имаматан пачхье) эвла-йисте етта йолайо. Юьртахь берш боьхна хьаьвзича, Шо1ип-моллин амал йевзаш волчу, имама Шемала аьлла хиллера: «Шо1ип-Молла ву иза, кхин сан яккхий тоьпаш шена оьшуш йоций хоуьйтуш».

Цул т1аьхьа, хьалхабевлла хилла болу наибаш а, къонахий а шайн ярташка юхабаха йиш йолуш ца хуьлу.

Оки-юьртара ц1онтро 1елин Хоси Ц1оьнтарна куьйгалла дан вохуьйту. Цунах Хоси-юрт хуьлу. Тахана Ахмат-юрт ю иза.

 

Шо1ип-Моллин ц1ийнах волчу стага дуьйцу:

– Наиб ШоIип дIакхалхарх лаьцна дуккха а дийцарш ду нохчийн а, оьрсийн а, кхидолчу къаьмнийн а. Иза кхеташ ду, хIунда аьлча ШоIип йоккха меттиг дIалаьцна ву Къилбаседа-Кавказан Имамат аьлла, исторехь цIе дIаяхана йолу пачхьалкх дIахIоттош. ГIараваьлла тIеман баьчча а, пачхьалкхан гIуллакххо а хилла ШоIип. Имам Шемалан тешаме наиб хилла иза. Цуьнан заманхоша дечу тоьшаллашца, ша дийна висинехь, мел йоккха киртиг тIехIоттарх, цу тешамах вухур волуш ца хилла ШоIип. И лакхахь дийцина долу хьуьнарш ШоIипан хилар мостагIаша а тIечIагIдеш хилла. ДIакхалхале хьалха имам Шемала Нохчийчоьнан мудир хIоттийна а хилла ШоIип: кхечу дешнашца аьлча, Нохчийчохь болчу наибийн коьрте хIоттийна хилла иза.

Тхан кхузахь еккъа цхьа Iалашо ю: дайшкара дуьйна схадеана долу цIонтаройн къанойн ШоIипан дIакхалхарх лаьцна долу дийцарш халкъана довзийтар. Бусулбан Iилма хууш, хьекъале, майра, каде, хьуьнар долуш, озабезамаш беш воцуш, ша низаме, цу низамна кхиберш тIетеIош, амма буьрса а, сиха а амалш йолуш хилла бохуш, вуьйцура цара иза.

ШоIип ЦIоьнтарарчу К1орни-некъин Мухьаммадан кIант ву. ЦIонтарой доккхачу кхаа гаре бекъалуш бу: иэжа-эвлахой, Iаьлбиг-эвлахой, теза-кхаллой. К1орни-некъе Иэжи-эвлахойн гар ду. КIорнин кIант Суьнтар, цуьнан кIант Бурнакъ, Бурнакъан кIант Чаьлбиг. Ткъа Чаьлбиган кIентий хилла: Бахьад, ГIазбиг, Муртаз, Хьаса, Iама. ГIазбиган ши кIант хилла: Дада а, Мухьаммад  а. Цу ГIазбиган Мухьаммадан кIант ву ШоIип. Мухьаммад дешна стаг а, молла а, хьаьжо а хилла. Хьаьж диначул тIаьхьа Мухьаммад-Хьаьжа аьлла, цIе дIаяхана цуьнан. Дешна нах нохчаша шайн ярташка молланаш кхойкхуш хилла цу хенахь. Ишта Билт-эвла молла кхайкхина дIавигна Мухьаммад-Хьаьжа.

Билт-эвлах хIинца Тухчар олу, иза Дагестанан Новолакски района чуйогIуш ю. Хууш ма-хиллара, иза нохчийн (аьккхийн) юрт ю, нохчийн къам Сибрех дигале хьалха Дагестанан Ауховски района чуйогIуш хилла иза. Нохчийн къам Сибарехара цIа дирзича, Дагестанехь болчу нохчашна шайн ярташкахь баха пурба ца делла советийн Iедало, иштта яртийн цIераш хIинца а юхаметтахIиттийна яц. Цу Билт-эвлахь 1804 шарахь дуьнентIе ваьлла ШоIип. Билт-эвлахь уьш мел Iийна ца хаьа. Амма, Гихтахь молла хилла Мухьаммад-Хьаьжа бохуш, дийцира цIонтаройн къаноша. Ткъа Гихта нохчийн уггаре яккхийчу яртех хилла цу хенахь а, хIинца а ю.

Шемал Нохчийчоьнан имам хьалхатеттинчех а ву ШоIип. Хууш ма-хиллара, Шемил Нохчийчоьнан имам, 1840 шеран бIаьстенан юьххьехь,  Хьалха-МартантIехь д1абаьхьначу нохчийн къоман векалийн гуламо дIакхайкхийна. И гулам вовшахтухуш а, дIахьош а жигара дакъалаьцначарех ву ШоIип. Ша имам дIа ма-хIоьтти, Нохчийчоь 4 вилайате екъна имама Шемала. Нохч-Мехкан вилайатан коьрте ШоIип хIоттийна цо. Оьрсаша «наибство Мичиковское (Ичкерийское)» олуш хилла цунах. Яьсса (Аксай) а, Хули (Хулхулау) а, Мичикх (Мичик) а хиш хилла цуьнан дозанаш. ШоIип-наибан тIеман куьйгаллина кIелахь хилла Аьккхийн вилайат (наибство Ауховское) а, оьрсаша «наибство Большая Чечня» олуш болу мохк а.

ШоIип виеран бахьанаш иштта дийцира ЦIоьнтарара къаночо К1орни-некъин Бахьин Чомакхан Салмана (1914–1992). Теркал дехьа луьра тIом хилла, адам дукха хIаллакьхуьлуш хилла, амма ШоIип юхаволуш ца хилла, юх-юха оьрсашна тIелетарш деш. ТIаккха цуьнца девне ваьлла цуьнан девешин Дадин кIант Оьлжа, хIара нах хIаллак ма-байта, IадIе, юхавала, бохуш. ТIаккха ШоIипа иза циггахь тур тоьхна вийна. Юха хIорш цIабирзинчул тIаьхьа, шен шичин тезет схьаоьцуш, тезетан да а хилла иза, бохуш, дийцара цхьаболчу къаноша.

Оьрсаша цу хьокъехь яздо: «Стохка, 1843-чу шеран март баттахь, Шо1ип-Моллин тIеман бIоно Моздокана тIелетарш деш, полковник Циклауровн аьтто хилира мостагIчунна баккхий ницкъаш тIеберзо. Цу тIамехь нохчий эшийра, амма ШоIип-Молла юхаволуш ца хиллера. ТIемалой нуьцкъашха тIамна тIеберзош хилла, цул совнаха, Нохч-махкарчу ЦIоьнтара-юьртара лоруш волу стаг тур тоьхна вийна цо». Гуш ду, къаноша дийцинарг а, оьрсаша цу хиламах яздинарг а цхьаьна догIуш хилар. Кхузахь билгалдаккха лаьа, дIабоьдуш тIом болуш, тIеман баьччица девне ваьллачунна муьлххачу заманахь а луьра таIзар деш хилар. Изза низам имаматехь а хилла.

Схьахетарехь, Оьлжин гонах болчара аьлла хир ду, иза ШоIипан шича волун дела, шайн стаг сацаве, ма дайийта ала хIара адам, юхавала ала цуьнга, аьлла. Ткъа ШоIип, лакхахь ма-аллара, цхьана а тайпане озабезамаш беш ца хилла; низам, уггаре хьалха а, чIогIа а шен нахаца чекхдоккхуш хилла. Вай тидаме эца деза, имамат пачхьалкх дIахIоьттина дукха хан ца хилла, цуьнца тIом беш ерг цу заманахь уггар йоккха а, ницкъ болуш а пачхьалкх хилла. Оцу шен ницкъаца, тоьлла долу дакъа Къилбаседа-Кавказе теттина хилла Россис. И луьра мостагI юхатохаран 1алашонца, Нохчийчохь дерриге дахар тIеман низаме дерзийна хилла. И низам лардар, чекхдаккхар наибашна тIедиллина хилла, цара и, чIагIонаш а йина, т1елаьцна а хилла. Амма адамашна, къаьсттина нохчашна, даима а шайн лаамехь баьхна болчу, цхьана а тайпана олалла хилла доцчу, атта ца хилла цу луьрачу пачхьалкхан низамах бола.

ХIинцца бен дIахIоьттина йоцчу пачхьалкхан низамца доьзна долу кхачамбацарш къаьсттина хаалуш хилла цIонтарошна, хIунда аьлча, ЦIоьнтара вилайетан коьрта шахьар хилла, ткъа ШоIип-наиб кхузахь Iаш а волуш, пачхьалкхан низаман чIагIалла а сов хилла. Лакхахь вай дийцинчу бахьанашна тIетоха деза ШоIипан амал сиха хилла хилар а. Оцу дерригено кхуллуш хилла ШоIипний, юьртахошний юккъехь цакхетарш, резадацарш. Ткъа юьртарчу наха и тайпа меттигаш хилча, ШоIипан нахе бехк боккхуш хилла, шайн стаг сацаве олий.

ШоIип виеран барт кхоллабалийтинарг хилла цо шен дешича волчу Хомутайн йоI шена уллерчу стаге маре яла хьовзор. Зуда ялоран-яхаран Имаматан низам хилла: зуда ялоза висинчуьнга зуда ялаяйтар, маре яхаза ерг маре яхийтар наибашна тIедиллина хилла. Наиб ШоIипна уллехь хилла МIаьжиг цIе йолуш стаг, цунна чIогIа муьтIахь а волуш. ШоIипна хиина хилла, боху, МIаьжиг Хомутайн (Чаьлбиган Iамин кIант) йоI езаш вуй. Ткъа Хомутайн йоI ЦIоьнтарахь уггар хазачех хилла, кура а хилла, боху. ШоIипа Хомутайга йоI цу МIаьжиге дIаяхийта аьлла. Хомутайс иштта жоп делла: ша дуьхьал вац, нагахь йоI реза елахь. Амма йоIа ша реза яц цу стаге яха, аьлла.

ТIаккха ШоIипа и йоI, резаярхьама, «зинданна» чу йоллийтина. Зиндан (хIинца набахте олу цунах) – цу заманахь ор хилла. И ор Кхеташонан коьртехь хилла боху. Амма ша ор чу йоьллича а, йоI юха ца яьлла. Хомутайн хIусамнанас бехкбаьккхина хилла боху шен цIийнадега, и йоI хьийза хIунда йойту ахь, аьлла. ЙоI ор чу йоьллича, ШоIип вен барт кхоллабелла цуьнан верасийн. ШоIип вен сацамбеш, цунна бехке диллинарг хилла, цкъа делахь – йоI ор чу йолларо тайпанна тIе эхь даийтина; шозлагIа делахь –хьалха Теркал дехьахь тIом бечу хенахь цо вийна волу шен шича; кхозлагIа делахь – юьртахоша кхарна и шайн стаг сацаве бохуш, дохкуш долу бехкаш а. ШоIип вуьйш дакъалаьцнарш бу: Элтай (Чаьлбиган Iамин кIант, ШоIипан дешича хилла иза), Хомутай (йоьIан да), Соьлжа (Чаьлбиган ГIазбиган Дадин кIант – ШоIипан девешин кIант, цо Теркал дехьахь вийначун ваша), Мишта (Ч1аьлбиган Бахьадан Татархин кIант, царех уггар жимахверг). Цхьаболчара дуьйцу и Мишта юккъе озийна хилла, Бахьадан тIаьхье ШоIип веран декъахь хилийтархьама, бохуш: ШоIипан чIир лаха верасаш ца хилийта.

ШоIип ша юьрта юха вирзича лаха-юккъехь ваха охьахиъна хилла: хIинца Эциг-некъе юккъехь МагамалиевгIар Iаш болу меттиг цуьнан дакъа хилла бохуш дуьйцу. Цунна гена воцуш Iаш хилла Элтай (хIинца К1орни-некъин Дадашев Тажа Iаш волчохь), ткъа Хомутай а, Соьлжа а, Мишта а лакха-юккъехь Iаш хилла. 1844-чу шеран март баттахь, Iуьйра-ламазан хан хилла  боху иза, ШоIип ламазан гIуллакхна араваьлла хилла боху, белшаш тIетесна кетар йолуш. Юха чувогIуш кхара тIекхайкхина боху иза, шайн цхьа гIуллакх ду аьлла. ТIевеъча, шаьлтанаш етта йолийна цунна. ШоIипан керахь гIуммагI бен ца хилла. Цу гIуммагIца дуьхьало еш хилла цо. Цу хенахь тIекхаьчна цуьнан гIаролан куьйгалхо Хьамза (Оки-некъе). Цо, етташ йолчу шаьлтанашна кIелхьара ваккха, чуийзош хилла ШоIип, амма ца кхиина – ШоIип дIакхелхина.

ШоIип вийначул тIаьхьа берриге К1орни-некъе юьртах бевлла.

Имам Шемал ШоIип вуьйчу хенахь Iаьндахь хилла, кхеташо дIахьош. Цу дивано сацам бина хилла ШоIип мудир хIотто. ШоIип вийна аьлла хаам шега ма-кхеччи, Шемал массо хIума дIа а тесна, дукха сиха ЦIоьнтара ваха новкъа ваьлла хилла. ШоIип вер Iаламат чIогIа новкъадеана хилла цунна. Цкъа хьалха  Iаьндийн тоба ЦIоьнтара чуян гIоьртина хилла, амма цIонтароша юьрта чу ца битина уьш. Цара аьлла хилла боху: «ШоIип шен наха вийна, ткъа уьш юьртара арабевлла, юьртахь аш дан хIума дац». Кхузахь билгалдаккха деза: Имаматехь имама Шемал хIоттийна низам хилла, пачхьалкхан чоьхьара низам лардар Нохчийчохь суьйлаша дIахьош, ткъа Дагестанехь – нохчаша дIахьош. Озабезамаш ца байта хIоттийна хилла иштта  низам. И чоьхьара низам лардаран тоба тIекхиина Коьжалгин дукъа тIехь цу агIор дIабаханчийн цхьана декъана. Ткъа цара цигахь, кара ца бахархьама, луьра дуьхьало йина. Зударий а цхьаьна хилла, боху, леташ. Цигахь байинчеран массеран а цIераш ца хаьа, амма, схьадийцарехь, цигахь вийна Хомутай, цуьнан маре ца йоьдуш дуьхьал яьлла хилла йоI, кхин цхьа йоI, Миштин воккхахволу ваша а, да а, кхин а божарий, зударий.

Цара дуьхьал леташ 13 суьйли вийна. Церан декъий ЦIоьнтара хьаладеана боху. имам Шемал шен бIоца юьрта веана. Юьртахь талламаш бинчул тIаьхьа, жамI дина хилла боху: ШоIип вер юьртан бертахь хилла аьлла. Байинчеран терахь 13 стаг хилла. Ткъа К1орни-некъе, лакхахь аьлла ма-хиллара, юьртара арабевлла хилла. Имама Шемала кхиэл шарIо бохучунна тIе а доьгIна еш хилла. Кхиэл кхочушйина лекха-юккъехь, ишколна дуьххьал, кешнашка боьду некъ къаьстачохь. Малх чубуза хан хилла, боху, и кхиэл кхочушъен хан. Имам Шемал хилла шен гуоца цигахь. Резабоцучеран аьзнаш хилла, боху, хезаш. ТIаккха вен кхиэл йинчарна юкъахь волу Окин кIант ГIинжалха вистхилла боху нахе. Цо аьлла, боху, цаьрга: «ХIара лелаш ерг Делан кхиэл ю, Делан кхиэлана реза а хилий, вайн къиношна гечдар дехий, есанаш деший, Далла дуьхьалхIитта кечло», аьлла. Шемала, и стаг кхарна юкъавогIуш вац аьлла, юкъара ГIинжалха дIаваьккхина, боху.

ШоIипан чурт имам Шемала, ворхI сту а боьжна, ЧагIанкхара баийтинчу тIулгах дина ду, боху. ХIоллам а богIийтина боху цунна имама. Хууш ма-хиллара, Ташу-Хьаьжьа дIакхелхина хан 1843 шо лоруш ю. Амма ЦIоьнтарарчу дукхахболчу къаноша дуьйцура ШоIип лахьтийчу виллинарг Ташу-Хьаьжьа хилла бохуш. Кашчуьра хьала ваьлча, цо аьлла хиллера: «Шен доьналлех воьхна вацара ШоIип ша бакъдуьненчу вирзича а».

Ала диэза, Шоип-Молла вуьйш дакъалаьцнарш, тIаьхьо шаьш динчунна чIогIа дохкобевлла хилла. Лакхахь ма-аллара, ШоIип вийначул тIаьхьа цуьнан цIийнан нах юьртах бевлла. Хомутай, лакхахь дийцина ма-хиллара, имам Шемалан бIоно вийна.

 

                                                                                                   А. СУЛЕЙМАНОВ.