Зандакъара 1аьлбаг-хьаьжа

Зандакъара 1аьлбаг-хьаьжа

14.06.2021 Выкл. Автор Zama

 

   «Со ца теша цхьа къам кхечул лакхара ду бохучух. Амма къоман синхаам лакхара а, ц1ена а хуьлу бохучух теша со. Эхь-бехк а доцуш, тайпа-тукхам а доцуш волу, лайшна юкъахь кхиъна волу лай сайн нийсархо воций а хаьа суна». — Алдаман 1аьлбаг-Хьаьжа.

  Дагестанан а, Нохчийчоьнан а имамаш:

хьалхарниг (1) – Гимрера Г1еза-Мухьаммад, 1829 — 1832 шераш;

— шозлаг1ниг(2) – Гоц1атлера Хьамзат-бек, 1832-1834 шераш;

— кхозлаг1ниг (3) – Гимрера Имам Шемал, 1834-1859 шераш;

— воьалг1аниг (4) – Хорачара Акхмурзин Тоза, 1865 шо;

— пхоьалг1аниг (5) – Зандакъара Алдаман 1аьлбаг-Хьаьжа, 1877 шо;

— йалхолг1аниг (6) – Шоьнара Имам Моцу, 1932 шо.

 

1959 шарахь Шемал йийсаре вахарх, Кавказан т1ом чекх ца баьллера. Къилбаседа-Малхбузерачу Кавказехь кхид1а а боьдуш бара т1ом. Россис шен коьрта ницкъаш адыгашна дуьхьал теснера. 1864 шарахь бен къийсам ца сацийра цара. Т1аьххьара а герз охьадиллинарш убыхаш бара. Амма 1862 шарахь юха а меттахбевлла нохчий къарбала ца туьгара. Кеста-кеста г1аттамаш хилара нохчийн лаьмнашкахь.

1865 шарахь дуьйна д1адоладелира, 1едало хаз а деш, бакъо а луш, махках бевлла, Османски импере (Турце) нохчий, шайн доьзалшца, д1аг1ортар.

   Веданан округан (х1инца Нажий-юьртан к1ошт) Зандакъан юкъараллера Симсир-юьртара Алдамовг1еран ц1ийнах схьаваьлла волу 1аьлбаган цу шерашкахь 10-15 шо бен ца хилла. Амма, жима волуш дуьйна, 1аьлбаг шен сица, дагца нохчийн къоман парг1атонехьа къийса 1алашо йолуш хилла. Бусалба дин дезаш, иза 1амош а волуш, т1ахъаьлла, каден жимстаг хилла иза.

Алдаман доьзалехь ялх (6) к1ант кхиъна: 1еламха, 1ала-Мохьмад, 1арапха, 1аьлбаг, Заламха, Султ1и. Шаберш а, 1аьлбагна дика накъостий а болуш, г1аттаман жигара декъашхой хилла уьш. Цхьаберш Маккахь Хьаьжин-ц1ахь хилла уьш. 1аьлбаг-Хьаьжа жима волуш, шен деца Алдамца, вахана Хьаьжин-ц1а.

1877 шеран оханан беттан 13 дийнахь, 26 шо долуш волу 1аьлбаг-Хьаьжа, Сесанна уллерачу хьуьнхахь гулбеллачу 600 стага (ламанийн яртийн векалша) Нохчийчоьнан имам хаьржира. Цунна улле х1утту г1араваьлла волу къена т1емало Дуин 1ума шен к1антаца Шемилца. 1умин шолг1а к1ант Дада Россин паччахьо амалтана д1авигначохь эпсар хиллера. 1едало, хьайн да сацаве, аьлла, дена т1евахийтича, цунна уллехь а соций, г1аттамехь дакъалоцу цо. Иштта цу боламна юкъахь хуьлу Залмин Дада, Герин Арса-Хьаьжа а, кхиболу дуккха а г1арабевлла болу, къоман парг1атонехьа болчу къийсамехь паччахьан эскаршца леташ, бахчабелла болу, бакъ болу нохчийн къонахий.

Церан барт хилира 1едалца йолу массо з1енаш д1ахедон а, Нохчийчоь йозуш йоцуш ю аьлла, д1ахьедан а.

Шолг1ачу дийнахь дуьйна д1аболабелира Нохчийчоьнан ламанан декъехь г1аттам. Барх1 баттахь хаддаза т1емаш беш лаьттина и г1аттам, цул хьалха, паччахьан 1едална дуьхьала ламанхоша иттаннаш шерашкахь латтийначу къийсамца буьстича, беха ца лаьттира. Айдамиров Абузара шен «Лаьмнашкахь ткъес» книги т1ехь ма-аллара, буьйсанан боданашкахь ц1еххьана тоьхначу ткъесах тера,  сиха а, нуьцкъала а къегина чекхбелира и г1аттам.

Я сонталло, я хьоло букъбина, хьерабаьхна ца г1евттинера уьш къийсамна. Царна гуш дара шайна хиндерг а, кху г1уллакхан (г1аттаман) чаккхе а: танг1алкхаш, каторга а.

Маршонехьа, мацалла ца бала г1ерташ, г1евттина ахархой а, церан куьйгалхой а, исламан мостаг1ий бу бохуш,  кхайкхабо меттигерачу динан дайша массо а маьждигашкахь. Ишттачу динан дайх луьра бекхам оьцу 1аьлбаг-Хьаьжас.

Дин 1амийна а, и дика девзаш а ву иза, амма фанатик вац. Шен халкъана т1ехь паччахьан 1едало латтош йолу харцо а, къиза 1азап а, цуьнгара г1ело а шера гучу 1аьлбаг-Хьаьжас иза маьршадаккха некъаш лоьхуш дукха ойланаш йинера. Иза сацам боллуш тешна хуьлу шен халкъана дуьненан 1илма, дуьненан серло оьшуш хиларх а. Цунна хьалха а х1уьттуш хилла хаттар: «Эрна дуй-те х1ара 1енош долу ц1ий?» Цу хаттарна иштта жоп а карийна цунна: «Эзарнаш шерашкахь адамаша къуьйсу шен маршонехьа, ирсехьа. Къийсамо бен эша ца йо харцонаш, къийсамо бен ца эшайо халонаш, къийсамо бен ца 1амаво стаг ваха а, вала а. Вайл т1аьхьарчарна некъ гайтича, уьш мелла а ларлур бу, кхетаме а, хьекъале а хир бу».

Саг1ат1лахь (Дагестан) т1аьххьара т1ом бечохь, меттигерчу бахархоша тешнабехк а бой, мостаг1ашна керабоьлху 1ума-Хьаьжа шен к1антаца Дадица (воккхахволу к1ант Шемал кху т1амехь д1акхелхира), кхин  дуккха цуьнан накъостий а. 1аьлбаг-Хьаьжа, шен уллерачу накъосташца, гуонна юкъара т1амца араволу (1умма-Хьаьжина ца лиънера юхавала).

1аьлбаг-Хьаьжас, имама Шемала кхайкхийна г1азотан лозунгаш д1а а йохий, «маршо», «нийсо», «латта» боху лозунгаш юкъайоху. Шен дег1аца, сица нохчийн халкъан тоьлла г1иллакхаш, васташ, амалш долчу 1аьлбаг-Хьаьжас, паччахьан хьадалчаша ярташ йохор, г1ийла нах хьийзор, боламан декъашхойн гергарниш д1алецар даге ла а ца лой, 1877 шеран лахьанан беттан 27 дийнахь Ведана — г1опе а воьдий, цигарчу администраторе ша д1алоцуьйту. Х1уманна а бехке доцу адамаш т1еман администрацин та1зарх а, къизачу 1азапах а, 1ожаллех а к1елхьардаха вахара иза кера. Цо дош доккху оьрсийн хьаькамашкара, ша бахьанехь, бехк боцу нах хьийзор бац, аьлла. Соьлжа-г1аларчу набахте, буржулш а тухий, 1аьлбаг-Хьаьжа д1авуьгу, цунна т1аьххье цуьнан шийтта наиб а валаво цига.

Айдамиров Абузара шен «Еха буьйсанаш» ц1е йолчу романехь иштта яздо: «Бекарг беттан 4-6 деношкахь д1аяьхьира суд. Бехке вина ткъе цхьаъ стаг, шаьш суьйранна пхьоьхана бевлча санна, лоха вовшашка къамелаш а деш, хевшина 1ара. Наггахь цара гоьл т1е баьккхина ког хуьйцуш, я куьг хьадича, татанаш дора когех а, куьйгех а тоьхначу болатан буржалша. Суьдо делкъе еш, шаьш цхьана ц1а чу а дуьгуьйтий, делкъан ламазаш дора тутмакхаша. Цхьа а бехках хьалхавала ца г1оьртира, цхьаммо а гечдар а, та1зар к1аддар а ца дийхира. Хьала мел г1аттийначо, 1аьлбага аьллачунна т1етоха а, т1ера д1адаккха а х1умма а дац шайн, олура».

Пхиъ – маж-мекх сирделла бакхий нах бара, важа ялхийтта – ткъе итт шаре бовлаза къонаниш бара.

Кхойттанна: Алдаман 1аьлбаг-Хьаьжина, Дуин 1умина, 1умин Дадина, Къосамна, Нурхьаьжина, Залмин Дадина, Герин Арса-Хьаьжина, Пиркъин Янг1улбина, Апин Мит1ийна, Пхьагин Хьуьси-Хьаьжина, Г1айт1ин Куркъона, Пишин Г1убхина, Танг1атаран Тозуркъина ирх охка кхел кхайкхийра суьдо.

Вукхарна: Яхьсин Ханбетарна, Аммин Хьусейнна, Мохьмадан Г1езанурна, Ишин Буг1ийна, Шах1елин Шихмирзина набахтехь яха хенаш туьйхира.

1еламха, 1ала-Мохьмад, 1арапха, лецна, доьзалшца цхьаьна, ворх1 шарана Сибреха ссылке бахийтира.

Цу хенахь 18 шо долуш волу Султ1и, ворх1 шарахь обарг лийлира, т1аккха лецира. 1ала-Мохьмадан жимахволу к1ант Ахьматгери Симсарахь ваьхна т1аьххьалц.

Оцу боламехь гучуйолу маршонехь къийсаман б1аьхойн къоначу баьччин син хазалла, деган оьздангалла, доза доцу къонахалла. Шен шийтта накъостаца кура, майра т1еоьцу цо 1ожалла. Дала г1азот къобал дойла церан!

 

А. СУЛЕЙМАНОВ.