Оьздангалла

26.05.2021 Выкл. Автор Zama

«Ма оьзда доцуш дина х1ума дара цо динарг», «Оьздангаллех хьаса бац цуьнгахь», «Ма оьзда воцуш стаг ву иза»… И тайпа дешнаш кест-кеста хеза вайна. Ваьш а. къамелана юкъахь, ойла еш а, ца еш а, д1аолу вай уьш. Х1ун маь1ана ду техьа «оьздангалла» бохучу дешан. Х1ун ю техьа иза? Цхьатерра кхетий техьа массо а оцу дешах?

Цхьаволчо «культура» ю олу, вукхо «этика» олу, кхозлаг1чо – кхин олу. Массо а дош оьрсийн маттаца дуста деза моьттуш ма хуьлий вай. Цхьанна а дагадог1ий техьа нохчийн мотт оьрсийчул а, ингалсийчул а, кхечарал а хенара а, к1оргера хила а мега, аьлла? И тайпачу дешан церан маттахь гочдар ца хила там бу аьлла а? Суна хетарехь, «культура» а, «этика» а хилла ца 1аш. Кхин а к1оргера маь1на ду «оьздангалла» бохучу дешан. Делахь а, вайн 1алашо меттанаш дийцар яц тахана. Оьздангаллех лаьцна дуьцур ду вай, ваьшна хуучу аг1ор. Т1еюхуш йолу х1ума ц1ена лелош вистхилар хаза долуш, лелар г1иллакхехь долуш волчу стагах «оьзда стаг» олу. Чохь, уьйт1ахь, арахь ц1ано а латтош, бераш а, ц1ийнда а, ц1ена а лелош, марзой а лоруш йолчу зудчух «оьзда зуда» олу. Оьздачу зудчо боьршачу стагана (бен а вац: х1усамда, к1ант, марваша, нехан стаг хилча а) дуьхьал а йирзина бага лейир яц, я вон йист а хир яц. Кертахь мохь хьоькхуш, г1овг1а еш, боьрша стаг хилча: «Иза-м шен доьзална дов деш вара» — олий, башха бен а ца хета. Амма кертахь г1овг1а еш х1усамнана елахь: «Деллахь, ма оьзда йоцуш бага йолуш зуда ю оцу кертахь ерг. и сацон стаг вац техьа церан? – олу вай. Велахьара цо и г1овг1а йийр яцара, я яьхьар а яцара. Олуш цхьа х1ума а ду вайнехан (нохчийн ца бах): «Боьрша стаг санна ю хьенех, шен г1уллакх дийр долуш ю» — олий. И бохург, суна хетарехь: «И зуда оьзда яц, цуьнан ц1ийнда боьрша вац» — бохург ду. Х1унда аьлча, зуда-зудчух тера хила еза, боьрша хила ца еза. Эсала, хаза йист хуьлуш, боьршачу стагаца, шен велахь а, нехан велахь а, къийса а ца луш. Эра-м ду вай, «замано хийцина массо х1уманаш а, г1иллакхаш а», аьлла. Бакъ дац иза. Оьздангалла замано хийца йиш йолуш х1ума яц. Иза — я йолуш, я йоцуш ю. Иза шен сица хила езаш ю.

Баккхийчара дуьйцуш хезна ву со. Ц1ера арадаьхна д1адуьгуш долуш, зударий, божарий цхьана вагон чохь хуьлуш хилла. Оьздангаллех ца бухуш, хийла кегий зударий, мехкарий ахкаргаш лилхина меттигаш хилла. Ткъа вайна гуш дерг х1ун ду? Базаршкахь лаьтташ, мехаш беш зударий бу. Цхьацца бахьанашца, шайна а, шайн доьзалшна а рицкъа даккха арабевлла, къахьоьгуш бу уьш. Дукхахберш оьзда бистхиларца, леларца шайн болх беш бу. Амма цхьаберш Дала ларвараш а бу. Базара юккъе д1а а х1уьттий, баганаш етта ц1ена а, боьха а, наггахь леташ меттиг а хуьлу. Церан дола дан боьрша стаг велахьара и лелон баьхьара бацара уьш. Оьзда йоцчу зудчуьн  бераш а шех терра оьзда доцуш хир ду, уьш кхето г1арч1 аьлла да вацахь муххале а. Цаьрга х1ума ала г1ортахь, девешега а, шичегаа т1ом хьебийр бу цара. Шен майрачунний (боьрша воцчу)цуьнан вежаршний юккъе мостаг1алла дуллур  ду оцу зудчо, шен берашка х1ума ца алийта, уьш шайна ма луъу лелийта. Амма оцу бераша кхана-1уьйранна шена дуьхьал  доккхур ду цо шен марзахошца мел лелийнарг. Шена а дуьхьал бевр бу уьш (да ву бохург-м цкъа а алоруш вацара церан), дуьхьал а летар бу уьш. Цундела олуш ма ду нохчийн: «Зуда ялош бухе хьажа веза, нана муха ю хьажа веза». Цунах хилларг хир юй хууш цуьнан йоь1ах а. Гуттар а зударий ма буьйцу х1окхо аьлла дагадан там бу йоьшуш болчарна. Оьздангалла зудчуьнгахь елахь а, яцахь а ч1ог1а къаьсташ хуьлу боьршачу стагехьчул. Доьзалехь х1усамнана оьзда елахь, шен х1усамда а, бераш а цо оьзда лелабо. Оьзда яцахь – х1усамдас бохург а, марзахоша бохург а леерах ца хьокху. Ишттачо доьзал а, керт а нахала йоккху, шайн чуьра сакхташ нахе д1акхийкхош. «Адам-йилбаз» олу нохчаша и санна йолчу зудчух. Дала лардойла вай цунах.

Кегийчарах дийца дуккха а ду. Миччахьа д1а а х1уттий лаьтташ к1ант. йо1 хуьлу, дуьхь-дуьхьал а доьрзий, б1аьргаш чу б1аьргаш а бог1абой. К1ант цигаьрка бага а юллий, лере лаьцна телефон а йолуш, ткъа йо1 – сег1аз 1уьйшуш. Дагара дуьйцуш лаьтта уьш. Новкъа вог1уш воккханиг велахь а, иза тергал а ца во, букътоьхна а цигаьрка д1алачкъийна а. Оьзда доцуш х1ума ду иза. Тхо кегийнах долуш к1анта йо1е «дог дохуш» хуьлура (сакъерар а олура цунах) ловзаргахь а, синкъерамехь а, белхехь а. Сакъера реза хир ярий, аьлла, шен безам баханчу йо1ана т1е хабар дохьуьйтура юкъалелачу зудчуьнга. Йо1, реза ю ша, аьлла, дог дохучу хенахь наггахь бен к1анте схьа ца хьожура, б1аьрга т1е б1аьрг нислушшехь, эхь хетий, охьатаь1ара. Оцунах олу оьздангалла. Йолаялар, охьата1ар, охьахаар, йистхилар, хьажар оьзда хила деза йоь1ан, жимачу зудчуьн.

Йоь1ан духар ц1армата делахь, ша цхьажимма оьзда волу к1ант оцу йо1е вистхир вац, я д1а а хьожур вац. Оьзда воцчо оьзда йоцу забар-бегаш йича а шек ца йолу и саннарг. И шега яйта кечйелла ма ю иза иштта оьзда йоцуш. И санна йолу йо1 арайолу чоь х1усамда воцу чоь ю, я велахь а керахь х1ума долуш вац. Амма цхьаболчу доьзалехь нисло зудчунна ца луъушехь, уьш маьттаза лелча хаза а хеташ, лела бохуш т1ете1ош болу «къонахий» а. Ц1ена нохчий цахиларан  коьртачех цхьа билгало ю иза. Х1унда аьлча, кийрахь ц1ена нохчочун дог долчу къонахчунна муха луур шен зуда, я йо1, я йиша нахана маьттаза гайта? Вайна-м хаабелла, шайн зударий, йо1арий х1орда т1е сада1а д1ахьовсош берш а. Цигахь гуттар маьттаза бевлла лелча а бен ца хеташ, «уьш-м г1азакхий бара, церан мегаш ду» -олуш.

Оьзда доцчу х1уманех уггаре а ч1ог1аниг ала мегар долуш, бусалба дино ч1ог1а къилахь а лоруш ду хиш бехдар. Цхьаболу нах (нах ала-м мегар дацара царех) ванни чуьра боьха хиш а, хьаштаг1наш а (дуьйцуш хаза дацахь а) дог1уш долчу хин чу а тесна 1аш бу. Шайн кертара нехаш а хи чу кхуьйсу, я машенахь д1абоьлххушехь, т1оьрмигаш чохь некъан йисте охьа а юхкий д1абоьлху. Оцу нахаца оьздангаллин хьаса бац. Нахана ца гичхьана, х1уъа дан мегар ду моьттуш. Далла шаьш гуш дуй а шайгара жоп доьхур дуй а ца хууш болу уьш, дакъаза бевлла нах бу. Дала нисбойла уьш.

1едалан белхаш бечу меттигашкахь шортта хаза зудабераш ду «къахьоьгуш». балхахь хилча таханлерачу дийнахь доккха дозалла а ду, дика г1уллакх а ду. Захалонаш а хуьлу балхахь йолчунна хьехош шортта. Амма цуьнан оьздангалла муха ю хьожуш верг к1езиг хуьлу, балхахь хилчхьана тоьаш. Цхьаболчеран, стагчу а веана шена т1ех1оьттича, хьалаг1атта езар-м х1инца дуьцуш а дац. Алапа а луш, нехан г1уллакх дан 1едало охьахаийна йолу иза, т1евеанчух яша а ца еша. и тайпа оьзда доцчу зудаберех маре бахча а хир бац хила ма беззара х1усамнаной. Бакъдерг аьлча, цхьаволчу «стагана» иза муха хилча а мага-м мега, цо ахча чу деачхьана (балхара д1аяккхахь х1ун дер-м хаац).

Оьзда доцуш ду стага сиха а, сутара а яах1ума яар. «Оьзда воцуш вежаш верг» — олу цунах. «Дежаш» дерг бежана долун дела, цунах тера ву бохург ду иза.

Нохчийн мотт 1амор галдалар а ду, аьлла хета суна, вайн оьздангалла г1елъяларан цхьа бахьана. Х1аъ, вай Республикин куьйгалхочо Р.А.Кадыровс Нохчийн меттан де ду аьлла, д1акхайкхийна 25 апрель, ткъа Парламентан т1ег1анехь, оьрсийн мотт санна, Нохчийн Республикехь пачхьалкхан мотт бу аьлла, д1а а кхайкхийна, цу хьокъехь закон а даьккхина. Делахь а, вайн школашкахь дешар-1амор оьрсийн маттахь бен х1унда дац? Юьхьанцарчу классашкахь мукъане а йоза-дешар нохчийн маттахь х1унда ца до вай? Вайна хаа ма деза: бераша ойла а шаьш буьйцуш болчу маттахь ма йо. Ткъа мичара ер ю царна оьздангалла, берахь дуьйна коьрта чу ца йиллича?

вай юьйцуш йолу оьздангалла оьрсийн а, кхечу цхьана къоман а ма яц нохчийн бен. Цхьана а къоман оьздангалла янне а яц бохург дац сан иза. Цара шайн оьздангаллех «культура» олу, ткъа иза вайн оьздангаллин цхьа дакъа бен дац.

Бусалба динехь магийна доллушехь, вайн оьздангаллица дог1уш доцу дела, цхьадолу х1умнаш магийна дац нохчийн. Масала шичас шича ялор. Вайн къам кхолладеллачхьана дуьйна, бусалба дин т1е а эцалий, долуш долчу г1иллакхех цхьаъ ду оьздангалла. Бусалба дино ч1аг1дина, хаздина, тадина б1ешерашкахь схьадеана а ду. Вайн къомана д1аихинчу заманашкахь а 1иттаелла дуккха а халонаш, баланаш. Уьш лан а ловш, доьналлех, стогаллех, дайн г1иллакхех ца духуш, схьадеана вайн къам. Со тешна ву, х1окху т1аьхьарчу шерашкахь, нохчийн къомана т1ех1иттинчу баланаша оьздангаллех, г1иллакхах, вовшашна дезарх, дашарх вай дохориг цахиларх.

Боьршачу нехан ледарлонех лаьцна дийца а ду дуккха а. Т1ера духар схьалаьцча муххале а. Нийсса цхьа ткъе итт шо хьалха спортивни хеча т1ехь йолуш шен кертахь гайта а йиш яцара, иза оьзда доцун дела. Тахана-м жиманиг хьовха, воккха – г1еметта х1оьттина стаг а го эвла юккъехь и тайпа оьзда доцу, т1елетта духар т1е а духий, массо меже т1е а йоккхий, тударгаш а такхийна, волавелла лелаш.

Ткъа нахана юкъахь «важар»? Ч1оьргаш д1а-схьа а кхуьйсуш х1уш даар, цхьаннех лачкъа а ца еш, цигаьрка ийзар – уьш дац ткъа оьзда доцу х1умнаш? Дера ду. Хийла д1айоьдучу кегийчу нехан тобана юкъара сьахезаш хуьлу оьзда доцу хабарш, забарш йо бохуш хьоькху маьхьарий. Воккхачо х1унда ца олу техьа цаьрга: «Ма дийца оьзда доцу х1умнаш»? Дера ца олу ша ца х1утту дела. «Хьайн новкъа д1аг1о, хьан бала бац!» — эр ду, аьлла меттигаш а ю. Хьо гена валахь, лата а кийча бу, хьо воккха ву аьлла ца 1аш. Суна хетарехь, ас лакхахь бийцина болу оьзда боцу зударий, х1инца буьцуш болу «божарий» цхьана х1усамера арабовлуш хир бу. Уьш цхьадика, вайна юкъахь, вайна ма моьтту дукха а бац. Эзарна юкъахь цхьаъ бен ца хилча а, иза къаьсташ хуьлу, иза вайна новкъа а ду. Цундела и оьзда доцу х1уманаш мелла а лаг1даларе сатуьйсуш яздо вай царех лаьцна. Иштта и хир ду аьлла, дог тешна а ду вай, Дала мукълахь.

                                                        А. СУЛЕЙМАНОВ.