Шайх Мансур – Кавказан дуьххьарлера имам
17.05.2021
Халахеташ ду тахана цхьаболчу кегийрхошна шайн къоман яхьйолчу къонахийн – Шайх-Мансуран, Таймин Бийболатан, Iаьлбиг-Хьаьжин, Зайтин Шахьмирзин, Адин Сурхон, Бенойн Байсангуран, Харачойн Зеламхин, кхечу гIарабевллачу нохчийн цIерш евзаш цахилар. Уьш йовза еза, хIунда аьлча, цара шайн йовр йоцу лар йитина вайн халкъан исторехь.
ХVIII-чу бIешарахь дуьххьара исламан баьццарчу байракха кIел Кавказан къаьмнаш гулдинарг, оьрсийн империна билггалчу низамца нуьцкъала дуьхьало йинарг имам Мансур – Алдара (БухIан-Юрт) Ушурма хилла хилар тIечIагIдо нохчийн, иштта оьрсийн а историс.
Мискачех схьаваьлла ша хиларе терра, ша санначийн лазамаш, баланаш шен сица, дагца, ойланца боькъуш, динан хьехамча имам Мансур дуккха а ламанан къаьмнийн тIеман баьчча хилла дIахIоьттира.
Дуьххьарлера тIеман тасадаларш хилира 1785-чу шеран 6-чу июлехь. Эла Г.А. Потемкина тIедиллар дохьуьйту Кавказехь волчу коьртакомандующига: «Нохчий кхидIа тIейогIучу ханна тIамца ца гIовттийта, Ушурмин «бен» бохабе, Алда ягае, Ушурма йийсаре валаве».
И омра кхочушдан, шен коьртехь полковник Пиери а волуш, цхьаьнатуьйхира эскарш: Астрахански гIашлойн полк, Кабардински егерски полкера цхьа батальон, шиъ гренадерски рота, Томски гIашлойн полк, Теркан гIалагIазкхийн бIо.
Оьрсийн эскарш догIий хиъна, бухIанъюьртахой хьалххе хьаннашкахь къайлабовлу. Яссаеллачу юьртахь талораш дечийн коьртехь вара инарла-майор Комарский. Дагийра диъ бIе сов ц1а.
Юьртара араболучу некъаца йолчу хьуьнхахь оьрсийн эскарна кIело йира бухIанъюьртахоша, шайца лулара ярташкара орцах баьхкинарш а болуш. Массо маьIIера тIетоьхначу герзаша гатте хьовзийра Пиери шен эскарца. Цигахь хиллачу чевнех велира полковник.
БухIан-Юьртан хьуьнхара дIа Соьлжа-хи тIе кхаччалц йолчу юккъехь дуккха а салтий байина, чевнаш хилларш, эпсарш, кхин а шиъ йоккха-топ, говраш юьсуш, цхьа жима тоба елира кIелхьара. Мансурца дуьххьара хиллачу тасадаларшкахь вийра 1506 сов мостагI, царах полковник Пиери воцург, лакхарчу даржашкара пхиъ эпсар а. Йийсаре балийра салтий, эпсарш, верриге 162 стаг.
Нагахь санна хIетахьлерчу Iедало бохург бакъ делахь, гIевттинчу ламанхошна юкъахь а хилла иэшамаш – кхо бIе сов велларг а, царна юкъахь — Шайх-Мансуран ваша а, шовзткъа герга цIеяххана нохчо а.
Къилбседа-Кавказехь полковник Пиерин эшар дуьххьарлерниг дара Россин пачхьалкхан. Нийсса цхьа кIира даьлча, пхи эзар тIемало шена тIаьхьа а волуш, Кизляр гIопана тIелатар до имама Мансура. Оццу деношкахь Кизлярна пхи-ялх чаккхарма бен гена йоцчу Каргински редутна тIелета Мансур. Каргинск ягайо, йиъ йоккха-топ кара а йогIу. Терка тIера ГIоба-хи тIекхаччалц оьрсийн тIеман линица долчу эскаршна тIелетарш до аьхка а, гурахь а.
Юха а ши шо даьлча шена тIаьхьа бархI эзар салтий, ткъе пхийтта йоккха-топ а йолуш, тIеман чIагIо Прочный йолчехь ГIоба-хил сехьаволу инарла-поручик П.С. Потемкин.
Кавказхошна эшаме, цхьатерра ницкъаш боцу луьра тIемаш хуьлу Зеленчукехь полковника Ребиндера куьйгалла дечу эскаран декъаца, премьер-майоран Львовн Астрахански эскадронца, секунд-майоран Доршан гренадерски батальонца. 1789-чу шарахь къилбседа-малхбалехьа Каспий хIордан йистошца дехаш долчу къаьмнийн векалшца цхьабарт хилар лоьху Мансура.
Кавказан къаьмнашлахь а къахьоьгу имама, уьш юкъарчу тIамна гIовттаре кхойкхуш. Амма дерриг къаьмнаш ца гIовтту. 1790-чу шеран аьхкенан юьххьехь иза Нохчийчу юхавоьрзу. Кхин цкъа а ГIизларна тIелатархьама иза нохчех, суьйлех болу бIо вовшахтоха гIоьрта. Амма цунах гIуллакх ца хуьлу: нахана кIордийна тIемаш бан. Оццу гурахь Анапа-гIопе туркошна тIевоьду Мансур. Цигара схьа Кавказан къаьмнашка кехаташ кхоьхьуьйту имама, цаьрга гIаттаме кхойкхуш.
1791-чу шеран июнь баттахь оьрсийн-туркойн тIамехь дакъалоцуш волу Мансур, оьрсийн эскаро инарла Гудович коьртехь а волуш Анапа схьайоккхуш, йийсар во. Мансур, Петарбухехь кхиэл а йой, ерриге оьмарехь чохь яккха хан а тухий, Шлиссельбург гIопе дIавуьгу. Кхо шо гергга хан набахтехь яьккхича, 1894-чу шеран 13-чу апрелехь кхалхар хуьлу имаман. Преображенски олучу барзехь дIа а вуллу (бусалба динан цхьа хьашле а ца ларъеш). Иштта къиза кхоллам хилири нохчийн къоман хилла ца Iаш, дерриг Кавказан къаьмнийн сийлахьчу кIентан, Кавказан дуьххьарлерачу имаман Ушурмин.
…Тайп-тайпана шайна хетарг яздина паччахьан Iедалан историографис шайх-Мансурах лаьцна: иза Италера хиллий, я туркойн шпион варий, бохуш.
Иза данне бакъ дац. Цуьнан схьавалар ду нохчийн Алда-юьртара ахархочун ШаIбазан доьзалера (1760-гIа шераш). Ушурмин ши ваша хилла, кегий болуш дуьйна Iаламат къахьоьгуш. ХIара халкъан тхьамда хIоттале кхуьнан ши говр, ши стуй, масех уьстагI а хилла. ХIусамнана Чача Шелара хилла, цIонтаройх а йолуш. Цхьа кIант, ши йоI хилла кхеран шайн доьзалехь.
Дийцарехь, товш юьхь-сибат, лекха, куц-кеп долуш дегI хилла оцу безамехь волчу жимстеган. Хабарна башха тIера ца хилла иза, амма кIеда-мерза, оьзда, цхьанне хIуманах бIокъажор боцуш къонах хилла и. ТIеюьйхина бедар а нехачул къаьсташ ца хилла. Оьрсийн мотт-йоза хууш ца хиллехь а, цо шеца даима лелош хилла Делан КъорIан.
Вайнаха шен хенахь аьлла: «Нагахь дIадахначунна ахь тапча кхоссахь, хиндолчо хьуна йоккха топ кхуссур ю». И хьикмате дешнаш даима дагахь латто деза вай.
О. МУЦУРАЕВ.

