Мехкан да вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа
17.05.2021———————- (Оьмаран зилаш) ————————
Вина 1951-чу шеран 23-чу августехь Казахстанан Караганда-г1алахь. 1957-чу шарахь Кадыровг1еран доьзал, берриге а нохчий санна, Казахстанера Нохч-Г1алг1айчу ц1абирзира. Шелан (х1инца Курчалойн районерчу) Хоси-юьртахь баха хевшира цуьнан цIийнан нах.
1968-чу шарахь Б1ачин-юьртара юккъера ишкол чекхъяккхинчул т1аьхьа, Невран районан Калиновски станицерчу комбайнерийн курсашка деша вахара иза.
1969-чу шарера 1971-чу шаре кхаччалц цо болх бира Гуьмсан районерчу «Новогрозненски» ц1е йолчу дугалелочу совхозехь, цул т1аьхьа – СССР-н регионашкахь г1ишлошъяран организацешкахь а.
1980-чу шарахь Гуьмсан рузбанан маьждиган сацамца Бухара «Мир Араб» ц1е йолчу хьуьжаре деша вахара А. Кадыров. Иза чекхъяьккхинчул т1аьхьа цо дийшира Ташкент г1алин Исламан институтехь.
1986-чу шарера 1988-чу шаре кхаччалц Гуьмсан рузбанан маьждиган имаман г1оьнча вара иза.
1989-чу шарахь цо схьайоьллу Курчалой-эвлахь Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера Исламан институт. Цуьнан ректор а х1оттаво иза.
1990-чу шарахь А. Кадыров деша воьду Иорданерчу Исламан университетан шари1атан факультете. Амма 1991-чу шарахь вайн махкахь буьйлабелла хиламаш бахьанехь, дешар юкъах а доккхий, ц1авоьрзу.
1993-чу шарахь Нохчийчоьнан муфтин наиб хоржу А. Кадыров, ткъа 1995-чу шарахь цунах Нохчийчоьнан муфти хуьлу.
Нохчийчохь х1оьттина чолхе хьал герзашца къасто деза бохучарна дуьхьал волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза реза вацара нохчийн халкъ керлачу т1амна т1едало г1ертачарна.
1997-1998-г1а шерашкахь Кадыровн, Масхадовн юкъаметтиг галйолу.
1999-чу шарахь Басаевн, Хаттабан зуламе тобанаш Дагестанна т1елеттачул т1аьхьа, иза луьра дуьхьал велира Нохчийчу шолг1а а т1ом балорна.
1999-чу шеран 25-чу сентябрехь Гуьмсехь хиллачу гуламехь А. Кадыровс д1ахаийтира шаьш, герз а карахь, экстремисташна дуьхьал довла кийча хилар.
Ши кIира даьлча Кадыров «нохчийн къоман мостаг1 ву», аьлла Указ арадаьккхира Масхадовс.
2000-чу шеран 12-чу июнехь Россин Президента В.В. Путина шен Указца Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо х1оттаво Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Цул тIаьхьа нийсса ши бутт баьлча Кадыровс шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахула кхайкхам бира 1едална дуьхьал лаьттачаьрга, герз охьа а диллий, машаран новкъа х1итта, аьлла.
2001-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чекхйоккху Махачкаларчу урхаллин а, бизнесан а Институтан экономически факультет.
2003-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Российски 1илманийн академехь чIагIйира политически 1илманийн кандидатан диссертаци.
Нохчийн Республикин Конституци т1еэцаран 1алашонца 2003-чу шеран 23-чу мартехь Референдум д1аяьхьначу т1аьхьа, керлачу Конституцица дог1уш ма-хиллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президентан декхарш кхочушдеш вара.
2003-чу шеран октябрехь д1абаьхьначу дерриге а халкъан харжамашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент хоржу.
2004-чу шеран 9-чу майхь Соьлжа-Г1алахь йинчу терактехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа д1акхелхира. Дала г1азот къобалдойла цуьнан.
2004-чу шеран 10-чу майхь Россин Президентан В.В. Путинан Указца Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Россин Турпалхочун сийлахь ц1е тиллира.
* * *
АллахI-Дала хIора бIешарехь цкъа ло къомана юкъахь шен хьекъалца, кхетамца, собарца, доьналлица, къинхетамца сов ваьккхина цхьа стаг. Цуьнан дахар башха деха а ца хуьлу дуьненчохь. Амма ша яьккхинчу оцу кIезигчу хенахь шен къомана керла некъ буьтий, стиглара седа санна, вогий, дIаволу иза вайна юкъара. Амма тIаьхьенашна бухадуьсу цуьнан довр доцу нур. Ишттачехь цхьаъ хилла висина XX-гIий, XXI-гIий бIешераш къаьсташ вай Кхоьллинчо нохчашна хьалха ваьккхина Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!).
…Шен «Некъ харжар» («Выбор пути») книги тIехь Кадыров Iабдул-Хьамидан Ахмад-Хьаьжас яздора: -… Бала-гIайгIа дукха лайначу, чевнаш йиначу, деринчу, хьешначу нохчийн лаьтта тIехь тахана а адамийн цIий ду Iенаш. Вайн ярташ а, гIаланаш а саьлнашкахь Iохку. Байъинарш а, чевнаш йинарш а эзарнаш бу. Адамийн яххьаш тIера белар дIадаьлла, церан бIаьргашкахь меллаша бовш бу сатийсаман суй, кханенах тешаран суй. Вайна тIехIоьттинарг къоман бохам бац. Вайн къомана тIехIоьттинарг къемат ду.
ХIетте а, вайна тIе а даккхий зераш дахкийтинчу АллахIа вайна кхин а цхьа таро елла вайн къам лардан, вайн республика керлачу, баккхийчу бохамех ларъян…
Нохчийн кхоллам церан шайн карахь бу. Вай дIакъаста деза хазачу дешнашна, кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, вайн лаьтта тIехь зулам даржош болчарах. Церан, оцу зуламхойн, бандитийн карах кхелхаш бу яртийн дай, маьждигийн имамаш, бакъонаш ларъяран органийн белхахой, Iедалан гIуллакххой… Иттаннаш бераш байлахь дуьсуш ду, кIентий боцуш буьсуш бу наной, хIусамдай боцуш буьсуш бу хIусамнаной. Оцу тайпана зуламаш дарх истори юханехьа ерзалур яц. Шаьш-шайн лоьлхуьйтучеран могIарш берашца а, зударшца а тIе-м дера дузалур ду. Амма цо зулам даржор доцург, цхьа а дика хIума дийр дац, дикане а кхачор дац.
Цу тайппана зуламаш, бохамаш бохьучеран даррехь я къайлах гIолацар, Нохчийчохь кхидIа а ницкъ баран, халкъ кхерамехь латторан гIолацар ду, хьал карзахдаккхаран гIолацар ду.
Нохчийн халкъана барт оьшу. Синтем оьшу. Цхьаьна гIуллакхаш дар а оьшу. Республикин политикин дахарехь, юкъараллин дахарехь синтем хилийтарехьа, хьал лартIе далорехьа цхьаьна гIуллакхаш дар, ницкъаш цхьаьнатохар оьшу. Калашниковн автоматан а, Макаровн тапчанан а метта вай караэца беза журналистийн къолам а, тIулгботтархочун гIирс а, пхьеран жIов а, ахархочун нох а…
Боккхачу ножан гIаш дерачу мохо санна дуьне мел ду кхолламан мехаша дIасакхийсина вай. Нохчийчоь а йитина дIабахана болчаьрга, кху сохьтехь уьш миччахь белахь а, ас кхайкхам бо: цIа дуьйла. Нохчийчоьнна оьшу шун къинхьегамах доьлла куьйгаш, шун ира хьекъаал, шун болатан лаам, собар. КхоалгIачу эзар шаре гIулч яьккхинчу вайна тIехь ду дIаяханчу хенахь дийлийтинчу гIалатех дIакъастар. Кхин мехаллаш ю вайн хила езаш ерш. Кхин Iалашонаш ю вай вайна хьалхахIитто езаш ерш. Республика меттахIоттор дIадоладала деза вайх хIора а хийцаваларна, вайн дог-ойла хийцаяларна, хьежамаш хийцабаларна тIера…».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчуьра тIом гуттаренна а дIабаккха гIодаюкъ йихкина араваьлла вара, ша юьхьарлаьцначу некъа тIера иза дIахьовзо, дIаваккха хIокху дуьненахь цхьанне ницкъ бацара, АллахIан бен. Цундела бира цо дуьне ма-дду дIасабаханчу нохчашка кхайкхам а. Нохчийчохь бен уьш нохчий хилла буьсур боцийла хаьара цунна, шайн ненан мотт а хууш, дайн Iадаташ а, халкъан оьзда гIиллакхаш а лардеш. БIаьннаш эзарнаша нохчаша къобалдира Ахьмад-Хьаьжас бохург. Уьш цо бохучух нийса кхийтира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина нохчийн халкъ ирсе кхуьийла а, дебийла а, маьрша дехийла а лаара. ТIом бан Iемина ца Iаш, майра хилла ца Iаш — вай хьекъале, говза хила лаара. Вай доьшийла, Iилманаш карадерзадойла лаара. Вай бусалба хуьлийла лаара. Цуьнан дуьхьа шен са дIаделира цо. И дицдан бакъо яц вайн цкъа а.
А-Хь.Кадыров ямартхоша къиза теракт йина, вийначул тIаьхьа, Россин президента В.В.Путина дуьненна а хезаш элира: «…Кадыров Ахьмад-Хьаьжех дош ца олуш Iойла дац. Иза башха стаг вара — вуьззина къонах, оьзда, доккха доьналла долуш, майра стаг. Цкъа а шена хIума ца доьхура цо. Даима, муьлххачу хенахь цхьанакхетча а, хIуъа дуьйцуш хилча а, — массо хIума а хьовззадой нохчийн халкъан хьашташна тIедаладора. Иза санна кIентий болчу къоме ларам ца хуьлийла дац».
— Доккхачу халахетарех цхьаъ дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайх дIакъастар. Дуьне дозуш а долуш хила йиш йоцуш хIума ду аьлла хеташ дара иза. Вайга хаьттича, вайн лаамехь хилча хуьлийтар а доцуш. Делахь а, хIун дер тIаккха, Делан кхиэл ю-кх лелларг. Вайн дегнашна хилла оццул доккха халахетар, цатам лан Везахинволчу АллахIа собар а, ийман а делира, — боху НР-н хьакъволчу журналиста, яздархочо С-Хь.Дадаевс. Шийтта шо дIадаьлла иза вайца воцу. Цунах къастаро дегнашна йина чевнаш тахана а хьегIаш ю. Нохчийн къам а дехаш ду Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш, цо дан долийнарг дIахьуш. Цуьнан берриге лаам шайн дахаран коьрта декхар дина кIад ца луш къахьоьгуш бу тахана цунна уллехь лаьттина хилла тешаме накъостий. Царна хьалхаваьлла ву Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан. Ткъа нохчийн дерриге а халкъ муьтIахь ду шен Куьйгалхочунна а, цуьнан командина а. Иза иштта ца хилча, халкъан а, Iедалан а барт ца хилча, уьш вовшех дика кхеташ ца хилча хIинца Нохчийчохь долу маьрша, синтеме хьал хир дацара. Йоццачу хенахь меттахIиттийна хир яцара Гуьмсе, Аргун, Шела гIаланаш. Оцу гIаланашка кхаьчча цхьамма а эр дац цигахь пхийтта шо хьалха луьра тIемаш хилла, гIаланаш ерриге а йохийна яра.
Де-дийне мел долу хазлуш, цIинлуш, толуш дIахIуттуш ю Соьлжа-ГIала. Дуьненан исбаьхьаллийн хазна хилла дIахIоьттина ду кхузара башха маьждиг… Масане ду уьш, дагардан воьлча дийца а, дагардан а. И дерриге а Ахьмад-Хьаьжас долийнчу, юьхьарлаьцна хиллачу цIеначу, хьаналчу гIуллакхан беркате тIаьхье ю. Цуьнан беркат шо-шаре алсамдолуш ду.
— ХIун ду-те Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна хиллачу некъан халкъо доггаха гIолацаран бахьана? Нохчийн дегнашкахь хIунда висина иза?
Оцу шина хаттарна доцца жоп дала аьтто бу вайн. Цо юьхьарлаьцна хиллачу некъан гIо а лаьцна, иза нохчийн халкъан дегнашкахь а висина, халкъана юккъера схьаваьлла хиларна. Цундела цуьнан лаамаш, лазамаш, хьежамаш гергара бара массарна а. Цхьажимма а куралла яцара цуьнгахь, гIиллакхах, оьздангаллех, собарех, ийманах вуьзна вара. И саннарг ца везалойла дацара халкъана. Иза бакъволу нохчийн халкъан да вара.
О. МУЦУРАЕВ,
яздархо.

