«Хеназа воккха хила дийзира сан…»

«Хеназа воккха хила дийзира сан…»

08.05.2021 Выкл. Автор Zama

77 шо хьалха, 1944 шеран чиллин беттан 23 дийнахь д1айолаелира «Чечевица» аьлла ц1етиллина йолу, СССР-н чоьхьарчу г1уллакхийн министра Берия Лаврентийс куьйгалла а деш, НКВДс, НКГБс, СМЕРШо нохчий ц1ерабохуш д1аяьхьна йолу операци.

Нохч-Г1алг1айчуьра 500 эзар гергга стеган (баккхий нах, божарий, зударий, бераш) шайн кхерчаш, даьхнеш д1а а тесна, керахь к1еззиг баккхал йоцург х1ума а йоцуш, шийлачу новкъа бовла дийзира. Ц1ера арадохучу бехачу новкъахь а, хьалхарчу шерашкахь а, 125 эзар нохчий х1аллак хилира (х1ора веалг1аниг).

Халкъ дохош дакъалоцуш 100 эзар салтий а, луларчу мехкашкахь т1еман кечам бина лаьтташ кхин оццул а бара. Къам д1адига лерина т1ететтина 180 эшелон яра. И операци д1ахьош 780 стаг эскархоша вийра, 2016 стаг д1алецира, 20 эзар сов герз схьадаьккхира. Нохч-Г1алг1айн республикех Грозненски область йира.

1939 шарера 1959 шаре кхаччалц йолчу ханна юкъахь нохчийн терахь 2,6 % бен совцаделира (прирост населения). Оццул к1езиг и терахь хиларан бахьана – къам дохийна лаьттинчу 13 шарахь хилла болу эшамаш бара. Амма 20-чу б1ешеран шолг1ачу декъехь нохчийн къам, дебар алсам хиларна, шозза совделира.

Д1адаханчу шерашкахь, ас а цхьаьна, ц1ера арадахарх лаьцна шортта материалаш язйина. Амма, т1аьхьарчу заманчохь и бала 1аьвшинарш дуккха а лахбелла хиларна, и болхбар г1елделла. Вай тахана аьтто бу къам дохош гиначаьргара, и дагадог1учаьргара мелла а дагалецамаш схьаэца, д1аязбина охьабахка. Х1оразза а, цхьацца керла х1ума довзуьйту цара. Х1ан-х1а, дицделла дитина дацара цара иза: замано ларбала 1амийнера царна. Дуьйцург, цацана чухула доккхуш санна, луьттуш, ларлуш дуьйцара цара. Шайх кхоьруш ца дора цара иза, царна-м ганза х1ума дисна а ма даций. Доьзалш ларбора-кх. Делан къинхетам бу: тахана хилларг, лелларг, лайнарг, ма-дарра дийца йиш йолуш зама ю. Амма, и д1аяхана ирча зама йицйан бакъо яц вайн, х1унда аьлча, шен истори йицйинчу, цуьнан мах хадон ца хиинчу къоман т1аьхье а хир яц даладелла.

Вайн аьтто хилира Сийлахь-боккхачу т1еман хенахь, бераллера а валаза  болх беш хиллачу къинхьегаман ветеранца (тахана уьш т1еман ветеранийн йоллу бакъонаш йолуш бу), 90 шо долчу Шеларчу вахархочуьнца Абуев Вахица къамел дан. Делан лаамца, шен хене хьаьжна воцуш, дика лелаш карийра тхуна Ваха. Шен дахарехь, жима волуш дуьйна схьадерг: де а, сахьт а, массо терахь а дагадог1у Вахина.

– Сан цхьа шо кхочуш кхелхина тхан да Абу, –  дуьйцу Вахас. –  Тхо пхи бер кхобуш хенера йолуш яра тхан нана Душа. Ц1ера арадохучу заманчохь, тхан воккхахволу ваша лаьцна, чохь воллуш вара, цул жиманиг –Свердловскехь ветеринарни техникумехь доьшуш вара. 15 шо долу Нурсет, 12 шо долу Маржан, 9 шо долу сой, ц1ахь дара. Тхан вашас, ц1а а веана, тхан нене, нохчий шаберш а ц1ерабохур болуш бу, аьлча, цо дов а дина, «хьо хьераваьлла», аьлча, иза юханехьа д1авахара. Нагахь дигахь а, орца хьала а дигна, цхьа хан яьлча ц1адохкуьйтур ду моьттара тхуна. Цундела, «Зингер» олу, бедартоьгу чарх тховт1е д1айиллира. Йоккханиг, жиманиг – шиъ хьаьжк1ашйоху чархаш а д1аловчч1ийра. Уьш ц1ахь бисинчара (вайн къомах боцчу наха) шайна д1аяьхьна хиллера. Тхан дас дина даккхий, деха ц1енош дара. Кхобуш ши бежана, цхьа гомаш яра, колхозо д1абаьккхина, лелош ши сту а бара тхан. Тхан чохь 1аш салтий бара. Массаьргахь а д1асабекъна бара уьш цу хенахь.

Кхоьссина, т1едог1уш ло а долуш, ирча де дара иза. Тхо колхозан «дворе» д1агулдира. Цигахь буьйса а яьккхина, сой, сан йиша Нурсет, ц1ахь, чохь дисинчу кхокхешна хи а, ялта а дала дахара, лечкъина. Царна оьшург охьа а йиллина, церан не1 д1а а йиллина, раг1у к1елара бежнаш д1а а 1алашдина, духадеара тхойшиъ. Цул т1аьхьа Соьлжа -г1ала д1а а дигина, машенаш т1ехь, эшелон т1е боьттира дуккха а эзарнаш нохчий а, г1алг1ай а. Д1аболабелира и ирча, къиза, беха некъ. Вагонан аннех кегий 1уьргаш а дохуш, арахьоьжура тхо: чуьра арадохуш декъий дара, уьш лайла охьа а тосий дуьтура.

Оха тхайца новкъа даьккхина цхьа гали хьаьжкаш а, к1еззиг ахьар а дара. Оцуьнца, ца леш, хене девлира новкъахь.

Аральск г1алахь, х1ордана уллехь йолчу меттехь, цхьана клуба чохь д1анисделира тхо. Мох болчу хенахь не1арера лами хьулбеш хьалаболура х1орд, мох д1абаьлча шен метте д1абодара. 1охкуш ч1ерий дуьсура, оха уьш х1унда ца дуара ца хаьа. Адамаш ч1ог1а леш дара, д1абохка стаг воцуш, чохь 1охкуш хуьлура.

Д1акхаьчна шо кхочуш, нана а д1аелира. Тхо жимахдолу кхоъ берийн ц1ийне д1адала хьовзийра. Йоккхахйолу йиша Нурсет дуьхьалъелира: цхьа шо даьлча, шен ялхийтта шо кхочур ду, т1аккха балха яха мегар ду. Цига дигахь, г1азакхий а хилла, довр ду, бохура цо.

9 шо долуш волу Ваха т1ахъаьлла, массо а х1уманна т1аьхьакхиа г1ерташ бер дара. Амма цуьнан, хьалххе воккха а хилла, ц1ийнан дукъ т1елаца дийзира. Ша боьрша стаг ву, цундела йижарийн дола дан дезаш ву ша, аьлла, ойла яра цуьнан.

Генайоццучу станце а воьдий, киоска чуьра газеташ схьа а оьций, царех ши дакъа а дой, поезда т1ера охьабиссинчу нахана уьш дохкара. 25 сом лой «Беломор» цигаьркийн бот схьа а оьций, цхьацца д1айохкара. Алма-Атара схьабог1учу поезда т1ера 1ежаш схьа а оьцуш, Москвара бог1учарна дохкара. Заводан кертара дечиг-пхьераша болх беш дисина анний дакъош схьа а лахьадой, уьш базара а хьой, казахашна дохкара.

Дезткъа шо гергга хьалха хилла х1уманаш, шайн терахьашца цхьаьна дика дагадог1у Вахина. Наггахь, ша дуьйцург халонга а долий, дагалецамаша легашка шад а х1оттабой, б1аьргех хи а долий, соцунг1а хуьлура воккха стаг. Амма хеттарш дала ца оьшуш, шен дахаран уггаре а халачу, кхойтта шаре яхъеллачу, кийсагах лаьцна къамел кхид1а хьора цо.

– Аральски х1урдакеманаш ден завод яра генайоццуш, – дуьйцу Вахас кхид1а. –  Ялхийтта шо кхаьчча бен балха ца х1оттавора цигахь. Шелара Ибуев Мохьмад вара цигахь болх беш. Цуьнца цхьаьна керта ваха аьтто болура наггахь. Цунна уллехь хиъна 1ара. Цхьаболчара эккхавора. Т1аккха, кертан 1уьргехула, юха а чувоьдура со. Эххар а, к1ордийначух тера дара царна со. Цхьана г1азакхийчо, куьг лаьцна токарни цехе а вигна, кхечуьнга д1авелира. Цо х1умма а ца олуш (аьллехь а кхетар вацара, цу хенахь оьрсийн мотт ца хаьара), йоккхачу пилтийна улле, кера ж1ов а елла, охьахаийра. Гонаха хевшинарш, цхьаберш – хедош серий а дохуш, важаберш – к1ажжаш дохуш, хьостамий деш бара. Мацалла йицлора, самукъа а долуш болх бора аса. Иштта д1аболабелира сан къинхьегаман некъ. Дийнахь кад буззий яах1ума лора. Ц1аяхьа х1ума а хуьлура.

Балха д1ах1отта «кадрийн отделе» вахча, не1асаг1ийна т1е хьала ца кхочура со. Сан накъосто, «кога буьхьара х1отта» аьлла, хьийхира. Цигара комиссе вахийтира, цу чохь йолчу меташкано, соьх къа а хетта, 9 шеран меттана 13 шо язйира сан хан. Цундела сан белхан стаж 1945 шарахь дуьйна схьайог1уш ю. Дечигпхьеран дешархо вахийтира. Кхо бутт баьлча, 2-г1а разряд елира. Амма, алапа к1езиг долуш, со реза вацара. Дийнахь-буса а болх беш йолчу сварочни цехе вахийтахьара, аьлла, дехар дира ас мастере. Вахийтира. Б1аьргаш лаза а бевлла, д1авелира цигара. Механически цехе подсобник вахийтира. Гайкина а, болтана а хир даккха а 1емира. Дукха хан ялале слесаран 2-г1а разряд елира. Хенан яхаллехь говзанча а хилира, айса 1амош  кегийрхой а болуш. Массо а соьца ван лууш хилара. Нахана дан г1о а хуьлура. Ялх къоман векалшна слесаран болх 1амийра ас. Цхьацца керла х1ума юкъадоккхура аса, «рационализатор» а хилира сох. Оцунна а преми лора. Дукхахьолахь, план 300% кхочушйора аса, я кхузза сов. Сийлаллин ун т1ехь д1атоьхна дара сан сурт гуттар а. (Схьадийцарехь, х1инца а долчух тера ду цуьнан сурт цу т1ехь).

1955 шарахь Исаева Макка а ялийна, доьзал кхоьллира Вахас. Кхин ши шо даьлча, йоккхахйолу Яха керахь а йолуш (х1инца йоцуш ю иза, Дала гечдойла цунна), шен х1усамнана Макка Нохчийчу ц1а йоуьйту цо. Заводан директоро, керл-керла белхаш луш, Ваха балхара д1а ца волуьйтура. Дика ахча а лора.

1956 шарахь, нохчашна ц1а бахка бакъо луш ю аьлча, суьйлаша, Вахин дех дисина ц1енош вовшах а даьхна, г1ирс д1абаьхьнера. Амма 22 шо долу Ваха  таро йолуш а, могашалла йолуш а, говзалла йолуш а вара. Даймахка, ша винчу Шела ц1авирзича, цо керла ц1енош дира, школе къинхьегаман хьехархо а вахана, 15 шарахь болх бира. Цул совнаха, ц1ахь кор-не1 деш болх бира 50 шарахь. Далла г1уллакх дан а ца вицлора Ваха. Шелахь а, махкахь а вевзуш волу 1еламстаг Салман Вахин ненаваша вара. Цо хьехар динера кхунна кешнаш дахар т1елаца, аьлла. Цунах кхочучу миелан барам хиъча, наха шаьлтанаш а етташ къуьйсур дара кешнаш дахаран г1уллакх, аьллера цо. Иза т1е а лаьцна, 50 шарахь д1акхийхьира Вахас.

Х1ора шарахь Россин Президента Путин Владимира буха куьг а яздой, «Баркаллин кехат» доуьйту Вахига. К1оштан а, Шела-г1алин а 1едало тидам боцуш ца буьту ветеранаш.  Масийтта мидал а ю Вахин: «Къинхьегаман ветеран» а, «Шадерг – фронтана, шадерг – толамна» а, кхиерш.

Хьанал рицкъа а латтош, 9 бер (3 к1ант, 6 йо1) кхиийра Вахас, Маккас. 28 берийн бер а, 19 бера-берийн бераш а ду кхеран.

Ши шо хьалха д1акхелхира кхуьнан дика накъост, 15 шо кхаьчча кхуьнга а еана, кхуьнан дош ца дохош, кхунна муьт1ахь а йолуш, 64 шарахь х1усамнана хилла лаьттина йолу Макка. Дала гечдойла цунна а, и санна болчу, вайн массеран а къонахчу наношна.

Дала декъал войла хьо, Ваха, таханлерчу дезчу Толаман Денца!

Дала дукха вахавойла хьо хьайн доьзална!

                                                                         А. СУЛЕЙМАНОВ.