Мотт – къоман культуран бух бу
01.05.2021Нохчийн мотт уггаре исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ бу. Вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша, 1илманчаша нохчийн меттан лаккхара мах хадийна. Дешархойн дегнаш чохь ненан матте бовха безам хила беза. Цу т1е хьажийна болх беш схьабог1у Шела г1алин № 3 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, нохчийн литературин а хьехархой. Кху деношкахь оцу школехь Нохчийн меттан денна лерина цхьанакхетар д1адехьира.
«Хьоме дешархой, хьехархой, хьеший! 25 апрель вайн республикехь Нохчийн меттан де ду аьлла билгалдаьккхина ду НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца. Дела реза хуьлда цунна! — элира цхьанакхетар д1ахьош волчо.
Гулбеллачарна «Сан Нохчийчоь» ц1е йолу видеоролик гайтира. Цо гойтуш а, ч1аг1деш а дара нохчийн мотт дуьненчохь уггаре ширачу меттанех цхьаъ хилар. Иштта вайн мотт хаза хиларан хьокъехь тоьшалла до ширачу таьптарша, генарчу хенийн дийцарша, турпалаллин иллеша.
Нохчийн мотт – вайн къоман аз ду, къоман илли ду, къоман назма ю. Муьлххачу къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпалла гойтург мотт бу. Мотт къоман культуран бух бу. Поэта яздо:
Иллига бирзича 1енадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш кийрара дог.
Кхолабеш, юха а белабеш б1аьргаш,
Йовхо лург хиллера сан Ненан мотт.
Диканехь я вонехь дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча хиллачийн чот.
Эхь, иман я г1иллакх, доьналла эшча,
Хьекъал лург хиллера сан Ненан мотт.
Нохчийн меттан исбаьхьалла юьйцуш яздина вайн яздархоша, поэташа – Мамакаев Мохьмада, Саидов Билалас, Айдамиров Абузара, Гадаев Мохьмад-Салахьа, Хатуев 1абдул-Хьамида, Сулейманов Ахьмада, дуккха а кхечара. Цара нохчийн маттах лаьцна дийцина ца 1аш, к1орггера маь1на долуш йолу байташ, иллеш, дийцарш, повесташ, романаш язйина ненан маттахь.
Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна къоман оьзда г1иллакхаш. Цо 1амадо вай дуьненан а, адаман а хазалла йовза:
Хьомечу ненан мотт,
Дайх дисна иллеш,
Г1иллакхийн хазалла,
Хелхарийн алу.
Б1ешерийн некъаш т1ехь,
Мел дина хелхарш,
Ха хоьрцуш йог1учу
Заманца дало.
Хьоме бу нохчашна шайн мотт а, вина мохк а, къоман 1адаташ а, г1иллакхаш а. Вевзаш волчу нохчийн яздархочо Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича леш – Даймохккий, ненан моттий, халккъий».
Нохчийн Республикин поэта Арсанукаев Шайхис яздина:
Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ» —
Бохуш, и сийсазбан: ца хета иэхь.
Ладог1ал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1ал, якхий д1а лергара потт.
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта,
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
«Шен мохк а, мотт а боцург – къам дац» – олуш дара Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Вай даима а дагахь латто деза и к1орггера маь1на долу дешнаш. Нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарехь.
Цхьанакхетарехь д1аэлира нохчийн маттахь дуккха а иллеш, йийшира байташ, гайтира сурт х1оттораш. Т1араш детташ, хазахетарца т1еийцира уьш ладог1архоша.
Массо гулбелларш декъал бира Нохчийн меттан денца. Х1ара де вайна даимна хазаллин, дикаллин, доттаг1аллин де хилла лаьттийла!
Нохчийн меттан денна лерина цхьанакхетар кечдинера школин хьехархочо -психолога Каимова Амната, дешархошца цхьаьна.
М. ДЖАНТИМИРОВ.
Суьрташ т1ехь: Нохчийн меттан денна леринчу цхьанакхетаран декъашхой.



