Сан нохчийн мотт
24.04.2021Бадруди Магомадов.
Хьоьх лаьцна дуккха а аьлла ду дезаниг,
Делахь а 1елац-кха кийрара дог.
Хьо бу-кха дуьненахь уггар а мерзаниг,
Дас, нанас бийцина сан нохчийн мотт!
Ахь суна йовзийти Даймехкан хазалла,
Довзийти ахь суна дайн г1иллакхаш.
Со нохчи хиларна до аса дозалла,
Аларна дуьххьара ас нохчийн дош.
Хуучо, безачо мел хаза буьйцу хьо,
Лаладеш, делхадеш, деладеш дог!
Хьоьца уьйр херйинчо ма эрчабоккху хьо,
Х1оттуьйтуш сан даг т1е оьг1азе бог!
Эзарнаш шерашкахь хьо дайша ларбина,
Наноша, сел безаш, хьистина хьо.
Бералла ахьа сан туьйранах тарйина,
Иллешкахь сан лерехь бекна бу хьо.
«Мотт бацахь, къам а дац!» — аьлла-кха вайн дайша,
Бакъ ду и: дан а дац, мотт бацахь, къам.
Доьху аса: вайн меттан сий-пусар дайша!
И бицбахь, хир ма дац вайн нохчийн къам!


