Берашна д1аделла дахар
22.04.2021Шела-г1алин № 8 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан, литературин хьехархо Абдулаева Замани Сайдалиевна йина 1956-чу шарахь генарчу Казахстанехь.
1964-чу шарахь иза школе яхана 1-чу классе. Цига яхале еша а, язъян а 1еминера цунна воккхах волчу шина вешина гонаха хьийзарна. Цундела школехь деша атта а дара, кхиамаш лакхара а хилара. Да а, нана а дешна я йоза хууш дацара. Доьзалехь ворх1 бер дара церан. Шина вешина т1аьхьара йина Замани йоь1аршлахь йоккханиг яра. Кегий берашна 1уналла дан а, нанна г1о дан а дезара. Деша ч1ог1а лаарна, дукха г1уллакхаш дора цо нанна, урокаш ян а, книга еша а охьахоуьйтург.
1974-чу шарахь Шелара № 7 йолу юккъера школа чекх а яьккхина, цигге школе библиотеке балха яхара къона йо1. Оццу шарахь Соьлжа-г1аларчу хьехархойн училище деша яхара заочно. Деша ма-яхханехь юьхьанцарчу классашкахь д1аболийра цо шен хьехархочун болх. Школехь дуьйна нохчийн матте, вайн литературе безам кхоллабеллера цуьнан. Ларамаза дацара цо нохчийн мотт харжар. 5-6-чуй классашкахь Магомерзаев Зану (Дала гечдойла цунна) вара церан классана нохчийн мотт, литературий хьоьхуш.
Вайн г1иллакх-оьздангалла, ламасташ доккхачу дозаллица дуьйцура Занус. Иштта вайн халкъан хазачу г1иллакхех дозалла дар дагчу дижира йо1ана. Кхид1а нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Арцуев Арби Магомедович (тахана иза а воцуш ву, Дала гечдойла цунна) хилира кхеран. Цо кхоьллина вайнехан литературе безам тахана а шовкъбуьйлуш лаьтта Заманин.
— Произведенеш т1ера хиламаш цо бовзуьйтуш, вайн халкъо лайна баланаш, халонаш ч1ог1а дагах кхетачу аг1ор схьакхачайора цо. Тахана а сайна гуш санна хета суна, дешархоша мел лорий ладуг1ура, х1ора а г1айг1ане а воьдий, — дагалоьцу Замани Сайдалиевнас.
Иштта 1алашо кхоллаелла цуьнан нохчийн мотт хьеха. 1979-чу шарахь НГ1ПУ-н филологически факультете заочно деша яхара йо1. Ша схьаэцначу 1-чу классаца кхид1а яхара иза нохчийн меттан урокаш луш.
1988-чу шарахь дуьххьара дешархой «арахийцира» цо царна классан куьйгалла а деш. Тахана а и дешархой цуьнца з1енехь бу: диканна а, вонна а д1ах1иттина лаьтташ. Хийла кхунна дага ца дог1ург, шайца цуьнан хилла юкъаметтигаш юьйцу цара дозаллица. Т1аккха ойла йо Заманис, вониг а дагахьлаьттар дара-кха царна иштта, олий. Тахана а вовшех ч1ог1а самукъадолу церан.
1995-чу шарахь дуьйна Шелара № 8 йолчу школе сехьаяла дийзира Замани Сайдалиевнин. Кхузахь а масех выпуск арахецна цо. Кхуьнан хилла дешархой нохчийн маттахь байташ, дийцарш язъеш а бу. Масала, Шамсуддинов Бувайсар вайн республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор ву, вевзаш волу журналист, яздархо.
Иштта, Джабраилова Руми а ю байташ язъеш, школехь нохчийн меттан хьехархочун болх беш.
Ша а ю З.С. Абдулаева Шелан к1оштан «Зама» газете тайп-тайпана материалаш язъеш. Дукха хьолахь нохчийн маттах лаьцна хуьлу уьш. Иштта, шарахь шозза-кхузза кхойкху иза «Грозный» ПТРК-н «Къоман ламасташ» ц1е йолчу радиопередаче. Радиоладог1архошна ч1ог1а пайден а, мехала а хета цуьнан дош, цундела алсам кехаташ а кхочу электронни почте.
Заманина х1инцалц ша болх бина хан эрна яхна ца хета. Лаккхарчу кхиамашца, г1иллакх-оьздангаллица дешархой кхетош-кхиор эрна ца дайна цуьнан. Миччанхьа яхча а (т1аьхьарчу хенахь дукхахьолахь больнице яхар нисло!), бухахь цуьнан хилла дешархой нисло – лоьраш, медйижарий… Йилла а, яхьа а меттиг боцуш, айъина лелайо иза цара. Цуьнан г1уллакхе ч1ог1а хьовсу. Цунна и тахана доккха хазахетар ду. Т1аьхьара жам1 деш ала лаьа суна: цуьнан дахар, школехь берашна хьехар лар йоцуш ца дисна.
Нохчийн меттан Денца шайн хьехархо декъалъярца, Шела-г1алин № 8 йолчу юккъерчу школан дешархоша олу иштта дешнаш:
«Замани Сайдалиевна! Хьан сий-ларам беш, Хьо йовзарх даккхийдеш, ахь 1амош жималлехь хаьржина некъ ларбеш, ненан мотт марзбарна, и бийца 1аморна, хьан ларам д1агойтуш, даггара баркалла хьуна!
Йишина г1о эшча, йишалла дора ахь, ненан куьг оьшучохь – хаза кхетавора ахь, дош мерза хиларна, собаре хиларна, хан-зама мел йолу сий хуьлда хьан!
Хазачу дийцаршца нохчийн г1иллакх довзуьйтуш, стогалла, доьналла Ахь тхуна йовзийти, вайн дайша ларйина нохчалла йовзуьйтуш, Айинчу коьртаца – НОХЧО ВУ! – алийти.
Декъала йойла хьо, Нохчийн меттан денца!»
А. ХАМИДОВ.

