Маршонан Де

16.04.2021 Выкл. Автор Zama

  16-г1а апрель Нохчийн Республикин маршонан Де ду, аьлла, д1акхайкхийна шийтта шо кхечи. И вайн коьртачех долу дезде мичхьара схьадаьлла, муха хилла ду?

1999 шарахь вайн махкахь террористашна дуьхьал долу низам (КТО) дара х1оттийна. Иза д1адаккхаран 1алашо йолуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха болх бира. Россин Президентан омрица Къоман террористашна дуьхьал йолчу комитето хийцамаш бира Нохчийн Республикехь лаьттачу терроризмана дуьхьал  долчу низамна т1ехь. Комитетан куьйгалхочо – Россин ФСБ-н директора А. Бортниковс вайн республика терроризмана дуьхьал къийсам латторан зона ю, аьлла, д1акхайкхош юкъадаьккхина омра, оханан 16-чу дийнахь д1адоккхуш долу, кхин омра даьккхира. Д1абаьллачу шина т1амехь баккхий баланаш хьегна долчу нохчийн къом сапарг1ат делира, цо доккха садаьккхира, «эххар а машар беа-кх вайна», аьлла.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана низам д1ах1оттийра, террористашца къийсам латто доьналла долуш ницкъ буй а, бахархошна новкъарлонаш еш йолу посташ а, кхидолу эскархойн «низамаш» а, совцо дезар дуй а д1ахаийтира. Эскарш шаьш хиладезачу меттигашкахь лаьтташ хила дезаш хилар а д1акхайкхийра. КТО-н низам д1адаккхар бахьана долуш, республикехь болх бан йолаелира пачхьалкхан 1едалан а, урхаллин а институташ, экономикин, социальни сферин а бакхий аьттонаш бира.

Россин Президента В.В. Путина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун белхаш а, кхайкхам а тидам боцуш ца битира. Цунна гуш дара Кадыров Рамзана шен ден Ахьмад-Хьаьжин некъа т1ехь хьоьгуш долу къа а, бохуш болу кхиамаш а. Цундела цо республикехь долу хьал Рамзанан кера д1аделира.

Т1аккха д1айолаелира республикехь г1ишлошйаран «бум» а, социальни сфера айъар а, террористашна дуьхьал беш болу къийсам ч1аг1бар а.

Оханан ялхийттолг1а де Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен указаца дезде а, балхара мукъа де а, ду, аьлла, билгалдаьккхира.

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ч1ог1а сатийсина, лардина, и бахьанехь шен са д1аделла де, ду иза. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен дас д1адолийнарг кхиамца чекхдаьккхира.

Цу дийнах лаьцна Кадыров Рамзана аьллера: «И ч1ог1а доккха де ду – дуьненаюкъара терроризмана т1ехь толам баккхар. Тахана дуьйна вай республикин керла истори йолало. Вай дуьненна а хаийтира, ваьш Росси ларъян доьналла долуш дуй а, вешан культура, 1адаташ цхьаьнгге а х1аллакйойтур йоций а. Вешан къоман яхь ларйина вай. И исторически сацам бахьана долуш, вайн регион машаран, социально-экономически кхиаран новкъа елира».

А. СУЛЕЙМАНОВ.