Ненан мотт – сан синкхача
12.04.2021
«Нохчийн къам дийна хиларан
мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт».
Кадыров Ахьмад -Хьаьжа.
Кху дуьненахь цхьа а х1ума дац маттаца доьзна доцуш. Цуьнан дозалла дийцина ца валлал, ма деза-доккха совг1ат дина-кх вайна Дала, бийца а, вовшех кхета а мотт баларца! Вайгара г1айг1а, бала, сингаттам – дерриг а д1аоьцу-кх аьхна буьйцучу матто.
Мотт – адамийн юкъаметтигаллин коьрта г1ирс а, оьздангаллин куьзга а хиларе терра, даима а шовданан коьртехь долу хи санна, ц1ена латто безаш бу. И бохург х1ун ду? Дера ду, охьадог1у хи дуьхьала нислучу нехаша санна, юкъакхуьйсучу дешнаша вайн мотт бехбеш, кхечу куьца боккхуш хилар.
Х1инцалерачу заманахь интернет-з1енехула язбечу маттаца вайн кегийрхоша ч1ог1а эшам бина вайн маттана. Долийна дош чекхдоккхуш дац, цундела йешархо маь1нина т1е ца кхуьуш меттигаш нисло. Т1екхуьучу чкъурана ца девзаш дуккха а дешнаш хаало. Царна моьтту уьш кхечу меттан дешнашца хийца тарло. Амма иза иштта хуьлийла дац! Тахана йозанехь а, барта дечу къамелехь а иза талхийча, кханенга муха бер-те и? Цуьнан ойла ца йо кегийрхоша. Школехь хьехархоша а, ц1ахь дас-нанас а т1е тидам бахийта безаш, вайн юкъара лазам бу иза.
Мел йаккхий халонаш т1ех1иттарх, вайн дайша ца дожийна меттан сий. Цара ларйинарг къоман юьхь а, къоман орам а бу. Хир дуй ткъа къоман сий, цо ша ца лардича? Тахана вайн т1аьхьено дожош санна хета меттан сий, и кхечу маттаца иэбарца. Х1ун дер-те вай г1иллакхаш а иэлахь? Само йе вай!
Мотт ларбан, т1аьхьене и кхетам д1акхачо декхарийлахь дерш а вай ду. Шен ненан маттахь хьеха деза берана г1иллакхаш, и буьйцуш даккха деза и дахаран новкъа. Кибиев Мусбека иштта яздина цунах лаьцна:
Туьран чов йирзина олу,
Меттан чов йоьрзуш яц цкъа а!-
Г1иллакхан новкъа бер долу,
Нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь.
Вайн халкъан кхане кхио вайн лаам белахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрчче баккха беза вай. Вай и лар ца бахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам.
Меттан сий цадечо шен ненан сий ца до. Ненан сий цадечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац. Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх! Дала хьуьнар лойла вайна и ларбан! Дерзорехь дало лаьа ненан маттах лаьцна сайн мог1анаш:
Маржа йа1, ненан мотт, маржа йа1!
Бу-кха хьо цхьа к1еда, аьхна!
Мел лехарх йаккхийчу г1улчашца
Карор яц хьол йоккха хазна.
1уьйренан тийналла йохош,
Охьадог1у сирла Ахк санна,
Ладег1арх хьох дог ца 1ебаш,
Бека хьо, йовхо луш суна.
Мадина УСМАНОВА.


