Шайх дийца хьакъберш
06.04.20211864 шарахь, «Коьрта зуькар даржориг», «политически зуламхо», аьлла, ц1ераш а техкина, Илсхан-юьртара Кишин Кунта-Хьаьжа Новгородски губерне полицин хан йоцчу тергаме, лаьцна д1авигнера.
Шеларчу г1опехь ву аьлла хезна, кхолламан (январь) беттан берх1иттолг1ачу (18) дийнахь Кунта-Хьаьжа 1едале схьавеха гулбеллачу цуьнан мурдашна тешнабехк а бина, паччахьан эскаро т1е герзаш тоьхна хилла, яккхий тоьпаш а цхьаьна. Таррашций, шаьлтанашций цу эскарна дуьхьал т1ом бина цара цигахь. «Шаьлтанийн т1ом» аьлла ц1е яхана цунах цул т1аьхьа. Дийцарехь, 200 сов Хьаьжин мурдаш г1азотехь д1акхелхина цу дийнахь. Цу т1амехь дакъалоцуш хилла шелахой Бецин Эдиш, Хьамзатан Ахтаха, Дог1а, кхиберш а, дуккха кхечу ярташкара къонахий а.
Цу бохамах бахьана а дина, «политически аг1о йолу зуькар даржорна», аьлла, чиллин баттахь 1едало, Кунта-Хьаьжина т1аьххье, лаьцна д1авигнера цуьнан уггаре а уллера 18 мурд.
Хьалхара тоба:
- Истисура Джанбин Джантимир – Кронштадтера тутмакхийн роте, 5 шарна;
- Гелдаганера Тавмирзин Чемурза – Выборге, 5 шарна;
- Шалажера Ц1ийн Чаго – Выборге, 5 шарна;
- Хьалха-Мартанара Султамирзин Эламурза – Риге, 4 шарна;
- Б1ачи — юьртара Айкбикин Лота – Динаминде, 4 шарна;
- Ц1оьнтарара Арсангирин Илес – Динабурге, 4 шарна;
- Шелара Бецин Эдиш – Бобруйске, 4 шарна;
- Шелара Джанхотан Хасой (Хаси) – Брест-Литовске, 4 шарна;
- Шелара Хьамзатан Ахтахан – Бендере, 5 шарна.
Шолг1а тоба:
- Хьаьжин ваша Мовсар – Выборгерачу тутмакхийн роте, 5 шарна;
- Г1ойт1ара Гушмазукъин Хьаьжа – Выборгерачу тутмакхийн роте, 5 шарна;
- Г1ойт1ара Таркхо – Выборгерачу тутмакхийн роте, 5 шарна;
- Эг1аштара Сурин Бага – Кронштадте, 2 шарна;
- Йоккхачу Атаг1ара Т1елеп (Т1елип) – Смоленски губерне, полицин тергаме, хан йоцуш;
- Гихт1ара Т1алебан Корнай (Кор1а) – Смоленски губерне, полицин тергаме, хан йоцуш;
- 1алхан-юьртара Тутгирин Абду-Салим – Смоленски губерне, полицин тергаме, хан йоцуш;
- 1алхан-юьртара Дундин Хьамзат-хан – Свеборге, 7 шарна;
- 1алхан-юьртара Мусан (Мусалан) Салам – Свеборге, 7 шарна.
Цул т1аьхьа, архиван 1867 шеран хаамашца, ялх (6), шайна юкъахь Хьаьжин ваша Мовсар а волуш, ссылке д1а ца кхаьчна, ялх (6), шайна юкъахь Шелара Хьамзатан Ахтахан а волуш, набахтехь кхелхина. Кхин ворх1 (7), шайна юкъахь Шелара Джанхотан Хасай (Хаси) а волуш, Туркойн пачхьалкхе д1акхелхина.
Цу таьптар т1ехь яздина ду паччахьан 1едало мух1ажарш д1акхелхаш туркошца бинчу бартах лаьцна а, туркоша уьш шайн доьзалшца схьабахкийтахь т1еоьцур бу алар а, кхидерг а. Вайна ма-гарра, хьалхарчу тобанерчу иссаннах т1аьхьара кхоъ Шелара хилла. Вайн 1алашо ю цу кхааннан кхид1а болу кхоллам муха нисбелла хьажар а, иза махкахошна д1ахаийтар а.
Джанхотан Хасин т1аьхьенаш, цкъачунна, ца карийна. Цуьнан бахьана, иза шен доьзалца Туркойн пачхьалкхе д1авахана хилар хир ду.
Набахтехь кхелхина волчу Хьамзатан Ахтаханан т1аьхьенаш карийна. Уьш бу Шелара, тайпана эрсаной а болуш, Кировн урамера Эдильхановг1ар. Билггал вай вуьйцучу Ахтахин т1аьхьенаш уьш хилар вайн шеко кхоллаялийтинарг, 1886-чу шарахь хилла перепись т1ехь йолчу, 2012-чу шарахь зорбане яьхначу, «Посемейни спискашна» т1ехь волчу Ахтаханов Эдильханан 12 шо ду, аьлла, хилар ду. Ткъа архивни таьптарша дийцарехь, Хамзатов Ахтахан 1864 шарахь лаьцна, ткъа 1866 шеран оханан беттан иттолг1ачу (10) дийнахь Бендерерчу т1еман госпиталехь кхелхина. Лерича, Эдильханан мел к1езиг а 22 шо хила дезаш ду. Амма вай цу таьптар т1ехь долу шерийн терахь г1алат лорур ду.
Ахтаханан т1аьхьенаш: Эдильхан, Ис, Хьасан, 1умар, цуьнан к1ант.
Оццу «Посемейные спискашна» т1ехь карийна Шелахь вехаш хилла волу Бецин Эдиш а – 50 шо хан а йолуш, цуьнан ши к1ант а: Идал –14 шо, Абубакар – 7 шо долуш. И цхьаъ ву цу ткъаессанах (19) вайн махка ц1а вирзинарг. Цу лорах талламаш бича, церан т1аьхьенаш а карийра. Шелахь, тайпана эрсаной а болуш, Набережни урамехь, Эдиш ваьхначу кертахь бехаш бу Эдишевг1ар (Абубакаран т1аьхье), дехьо – Идалан т1аьхьенаш а ю (Идаловг1ар). Церан воккханиг 69 шо долу Эдишев Ваха ву.
Эдишан ши к1ант хилла, Идал а, Абубакар а. Идалан пхи к1ант, ши йо1 кхиъна, Абубакаран цхьа к1ант, пхи йо1 хилла. Абубакаран к1ентан –Г1езамахьмин к1ант ву Ваха.
Беци, Эдиш, Абубакар, Г1езамахьма, Ваха, цуьнан ши к1ант.
Вахас а, цуьнан воккхахволчу вешех Хизирх йисинчу Ровзана а дуьйцу: – Тхан доьзалехь Эдишана т1ера дуьйна дуьйцуш, кер-кера а оьцуш схьадохьуш ду Хьаьжех а, цуьнан мурдех а лаьцна долу дийцарш. Тхо цкъа а баккхий бахамаш лоьхуш лелла нах дац, тхайн хьанала къа а хьоьгуш рицкъ доккхуш, цунах тоам а беш, схьадог1уш ду. Тхан бахам – Дела везар, цуьнан авлияъ Кунта-Хьаьжа ларар ду. Набахтехь цхьаьна волуш Эдише Хьаьжас аьлла хилла, «Хьайн ворх1е т1аьхье декъал хилла — кх хьан, Эдиш». Тхо цунах тешаш а, цуьнга сатуьйсуш а ду.
Эдиш набахтехь 7 (ворх1) шо а даьккхина, шена Дала тоьхна хан чекхъяьлча, ц1а веана. Кхалхар билггал муьлхачу шарахь хилла хууш дац, амма ша к1орггера дешна вацахь а, валлалц Хьаьжин болх д1акхоьхьуш хилла ву. Шеларчу, Сиржа-эвла боьдучу некъа йистерчу, кешнашкахь, шен доттаг1ашна – «Шаьлтанийн т1амехь» кхелхина волчу Дог1иний, Ахтиний (иза Хьамзатан Ахтахан хилар вайн йоккха шеко ю, х1унда аьлча, иза набахтехь кхелхиний хууш долу дела — автор) юккъехь д1авоьллина ву.
Хьажт1ехь доккха харш хилла Эдишан, «Шаьлтанийн т1амехь» мостаг1чун тоьпан д1аьндарго дитина.
– Дависа-кх, ши п1еллиг лаха кхийти елира-кх и д1аьндарг, – олуш хиллера цо, г1азотехь кхалхар деза хеташ.
Кишин Хьаьжа лаьцна волуш, адам т1аьхьах1утту долу нах вовшахкхетта хилла Шелахь. Дехьа-сехьарчу ярташкара нах а гулбелла хилла. Х1инца № 5 йолчу школана сехьо ч1аг1о хилла паччахьан эскаран. Де билгал а даьккхина (кхолламан (январь) беттан берх1иттолг1а (18) де), Хьаьжа схьавеха бахана нах. Т1ебуьтуш ца хилла, «кхузахь вац», олий, жоп луш хилла. «Гайта мукъане а гайта», – олуш хилла нохчаша. «Вац», олий, жоп луш хилла вукхара. Цу заманчохь паччахьан эскархой т1амна кечам беш хилла.
Кхаьргахь, тур-шаьлтий бен, герз а ца хилла. Адам карзахдала доладелча, хьалха бевллачу наха, Эдиша а цхьаьна, аьлла нахе: «Шу, оха гулло аьлла, гулделла ду. Кхара шайгахь Хьаьжа вац бохуш хилча, вай духадовла деза. Т1амо пайда бохьур бац вайна. Вай толам боккхур бу ала х1ума а дац тахана».
Амма кегийрхой ладуг1уш ца хилла ( Эдишан шен а ца хилла цу хенахь 29 шо бен). Уггар а ч1ог1а карзахваьлла хьийзаш Дог1а хилла.
– Везан Дела, со т1амана юкъа ца водахь, сан бехк бу, юкъара вийла г1ертахь – Хьан бехк бу-кх, – аьлла, Дог1ас мохь а тоьхна, т1ом болийна цара. Цу дийнахь 200 сов (билггал долу терахь хууш дац) нохчийн тоьлла къонахий г1азотехь эгна.
Ахтаханний, Дог1ий ши доттаг1 хилла. Шаьш Хьаьжа схьавеха т1едахча, шайна иза схьа ца лахь, летта бала 1алашо а лаьцна, дог1мех хи а кхерзина, г1азот а дихкина арабевлла хилла уьш. Оццул ч1ог1а хилла церан шайн Устазе болу безам, ларам. Ахтаханан, Дог1ин т1ехьийзаш ши йо1 (хьена-мила хилла хууш дац) хилла. Д1адоьлххушшехь уьш хийисте а кхайкхина, шаьш арабаьккхина некъ д1а а бовзуьйтуш, цаьрга вистхилла и шиъ. Мехкарий д1а а бахийтина, х1орш д1абахна. Ши йо1, «Дала мукълахь, цу шимма ца диъна долу дуьне вайшинна а ца оьшу», аьлла, ц1а а яхана, г1олашна т1ера мангалш схьа а бохуш, царна т1е, куьйгана схьа лаца аьтто хилийта, бехчалгаш а йихкина, т1аьхьа яхана. Леташ болчу хенахь, къонахий, уьш шайна юкъахь гича, дегнаш ира-кара а х1уьттуш, ч1ог1а леташ хилла. Цуьнан тидам хиллачу оьрсийн хьаькамо «и шиъ хьалха х1аллакйе», аьлла, омра а дина, йейтина. (Дог1еран кешнашна юьххьехь, цхьана кошчу д1айоьллина ю и шиъ). Ткъа Дог1а, салтийн гуона юкъахь, тур детташ хилла. Чевнаш хилла а волуш, охьа ца вужуш, лиеташ хилла иза. Эххар а, мостаг1аша цхьамзанаш т1ехь хьала айина хилла и майра къонах. «Дависарг я1, ма артдели — кх хьо сан тур тахана»,- бохуш, лакхара чу тур детташ, масех салтий вожийна цо.
Эдиша дуьйцуш хилла: «Тхо кхочуче ( набахте) д1акхаьчча, шен раг1 т1е а кхаьчна, хи да вахара, ша. Гуш стаг а воцуш, пена т1ехьара: – Х1ай, чах ирх лелхашверг (ча санна кхисса а луш, зуькар деш хилла цо), хьо а схьакхечи-кх, хьовха? – аьлла, хезира шена. Хьаьжин аз дуй а хиъна, шовкъе хилла, керара пхьег1а охьа а йужуш, кхоссавелира ша. Шаьш Хьаьжа волччехь дуйла хиира шена.
Цул т1аьхьа, шаьш дехьа — сехьа кхуьссуш дара, ша Хьаьжа волчу нисвелира. Цу чохь, ког а, пхьарс а лазийна, чевнаш йолуш Гихтара Кор1а (Корнай) а вара, ша вуьгуш а воццушехь, Хьаьжица веана волу Йоккхачу Атаг1ара Т1елип а вара. Ши ваша т1аьхьа а вахана, ц1авалош хиллера иза. Эртана — коьрте ма кхеччи, охьа а воьжна, дехар дина бахара цо цаьрга. – Шех шуна ваша а хир вацара, д1авахийтахьара аш ша Хьаьжица, аьлла. Цигара юха Хьаьжина т1евеънера иза.
Х1орш ч1ог1а холчахь хиллера, шаьш бахьанехь дукха адамаш х1аллакдина, бохуш.
Хьаьжас къамел долийра, бахара: – Эдиш, сан бехк а бацара, шун бехк а бацара. «Вуьйриг вийна а, лазийнарг лазийна а хир вацара, тхо хьалхадевлла ца леллехь», бохуш, шайна ницкъ ма белаш. Далла гергахь бехке а болуш, Дала базбина цхьа х1уьрла1ан мехкарий бара. Везан Дела, хьайна гергахь деза г1азоташ лохьа шайна, аьлла дехнера цара. Церан до1ийна Дела жоп далаза а ца ваьлла, цунна х1оттийна т1ом бара шуна иза. Шайна ницкъ ма белаш. Эдиш, жие -беже воьдий а доккху къонахчо 6-7 шо, шек д1а ма валалахь.
Хьаьжас и олучу хенахь, кхо шо доккхудолчунна – «кхо шо» олуш хезнера лерехь, диъ доккху долчунна – «диъ шо» хезнера. Х1оранна а ша набахтехь йоккху йолу хан хезна хиллера.
Г1азот даьккхинчеран ц1ераш йохуш хилла Хьаьжа.
– Адам-Пайхамарера дуьйна схьабаьхкинчу г1азотийн баьчча хили тахана Шеларчу Дог1ех, – цо аьлча, Эдишан корта охьаоллабелла хиллера, «ша х1унда ца хили-техьа царна юкъахь?» – аьлла, дага а тесна.
– Эдиш, хьан ц1е а яра хьуна царна юкъахь. ..
Т1аккха т1етоьхна хиллера:
– Хьан т1аьхье ворх1анга яллалц декъал хир ю-кх хьуна, Эдиш, – аьлла.
Не1арехь хиъна 1аш волу Т1елип даима а воьлхуш хилла.
– Ва Т1елип, тхоьга лалуш йолу набахти ца лало хьоьга? Вай цхьатеррачу хьелашкахь ма ду, – аьлла, шега накъосташа бехк баьккхича, Т1елипа эли бахара: «Хало-м лалора соьга, шу санна Хьаьжин мурд со хиллехь, сан когех тоьхна а хир дара шуна санна буржалш». Мухха виснехь а, буржалш ца тухуш висина хилла иза. И дешнаш цуьнан багара довллушехь, чу а баьхкина, «Т1елип муьлхарниг ву шух?», аьлла, хаьттинера. Ша ву, аьлча, цуьнан когех буржалш а тоьхна, арабевллера. Т1аккха Т1елипа, са парг1ат даьлла, «Алхьамдулиллах1» олу мукъам болий, бахара.
– Деллахь, Телип, – алла бахара Хьаьжас, – ахь х1инца олуш болу мукъам шен доьзалца парг1ат а ваьлла, охьа а хиъна олуш болу мукъам бу-кх. Ма набахтехь олу мукъам бацара иза.
Цигахь Хьаьжас мел дийцинарг д1аяздеш царех цхьаъ хилла (хетарехь, 1алхан-юьртара Мусаев Салам, я Тутгириев Абду-Селим). Къуръанал стомма а долуш, «Бецин к1ант Эдиш» аьлла, т1ета1ийна мух1ар (печать) а долуш, таьптар хилла иза. Иза Эдиша ц1а деана. 1944 шарахь, къам ц1ерадоккхучу чиллин (февраль) беттан 23 дийнахь тхан да Г1езамахьма трактор б1аьстенан белхашна кечъеш хиллера Устрада-эвларчу (Аргун) МТС-хь. Тхан денда Абубакар а, «собране» кхойкху, аьлла, кетарх а хьаьрчина, д1авахана хилла. Ткъа и таьптар ц1ахь хилла. Тхан да, цхьа кехат а даьккхина, и д1а а гойтуш, халла Шела кхаьчнера. Ц1а кхача герга вахханчу хенахь, дуьхьалкхеттачу шина эпсаро, тапчанаш а яьхна, «времени нет» аьлла, юхаверзийна, д1авигнера. Иштта, ц1ахь а дисина, дайна-кх и таьптар.
– Кху керта йог1уш хилла Хьаьжин йо1 Эсет, – кхид1а дуьйцу Вахас, Ровзаний. – Эдиш шен ден уллера мурд хилла волу дела йог1уш хилла хир ю-кх иза. Массо а нахана хууш а долуш, цуьнан лерамна, геннахь, Беса-хил сехьа ваьлчхьана дуьйна, говрахь верг охьа а вуссий бен волуш ца хилла кху юккъехула. Томка узуш а гойтуш ца хилла. Эдиш, геннахь дуьйна томка узуш вог1уш стаг а гина, г1ама а даьккхина т1ехьаваьлла хиллера бохуш, дийцара тхан дас.
Тхан дешича ши шо кхаьчна хиллера, цкъа Хьаьжин Эсет еана йолуш. Ч1ог1а воьлхуш хилла иза. Иза х1унда воьлхуш ву, аьлла, хаьттинера Эсета. – Лерг лозуш ву иза.
– Схьавалавел иза, – аьлла Эсета. Т1аккха, к1ант схьавалийча, цуьнан лерга чу 1а а тоьхна: – Кхи-м лозур дац хьуна кхуьнан иза, – аьлла хиллера.
– Цо суна лерга чу «х1уп» элира, цул т1аьхьа сан лергана лазар х1ун ду ца хиъна-кх, – олура цо.
– Эсет кхуза йог1уш хилар бахьана долуш, Хьаьжин т1аьхьенаш йолуш санна лоруш хилла наха кху керташкара баккхийнаш, – дерзадо Вахас, Ровзаний шайн къамел.
СУЛЕЙМАНОВ Абубакар,
Шелан к1оштан «Зама» газетан отделан редактор,
РФ-н журналистийн Союзан декъашхо.

