Яздархошца цхьанакхетар
04.04.2021Кху деношкахь Шела-гIалин оьздангаллин ЦIийнехь дIадаьхьира вайн республикерчу поэташций, яздархошций цхьанакхетар. Иза лерина дара тIедогIучу нохчийн меттан Денна. Шелахой болчу хьошалгIа баьхкинера бевзаш болу поэташ Исраилов Сайхан, Бакриева Сима, Канаева Ремиса, Халидова Хеда, историк-мохкталламхо Гумаев Вах1ид.
Гулбеллачарна юкъа-кара шайн байташ а йоьшуш, хьешаша кхин цкъа а билгалдаьккхира ненан матто вай Даймохк беза, гIиллакх-оьздангалла лелон, къоман ламасташ лардан Iамадо, аьлла.
Оха шун тидаме юьллу оцу цхьанакхетаран сценари тIера йоцца кийсагаш. Магомадов Iусман, ДК-н исбаьхьаллин куьйгалхо (Iусман), Хатуева Эсет, культбелхахо (Эсет):
Iусман: Оьздангалла – вайн яхь ю,
Оьздангалла ду – г1иллакх,
Оьздангалла ду вайн эхь,
Собар, тешам, сирла чиркх.
Эсет: Дуьне хаздинарг малх бу, буьйса хазйинарг седарчий, беттаса ду. Вайн дахар хаздинарг – адамийн оьзда г1иллакх ду. Ткъа и дерриге вайна довзийтарна т1ехь къахьоьгуш берш – вайн къоман яздархой, поэташ, журналисташ бу. Цу некъа т1ехь коьрта дакъалоцу ненан меттан хьехархоша а.
Iусман: Вайн дайшна, ден-дайшна даим юкъахь хилла г1иллакх, оьздангалла, сий — ларам. Г1иллакх – иза адамаша вовшаца лелочу гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Оьздангалла – х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, шен сица а, синкхетамца хила езаш ю.
Эсет: Вайн нохчийн маттахь дуккха газеташ, книшкаш т1ехь, «Стела1ад» журнал т1ехь зорбатоьхна ду туьйранаш, кицанаш, аларш, дийцарш, байташ. Цара гIо до ненан мотт Iамо, иза ларбан, цуьнан пусар дан. Доцца аьлча, иза дика хаа.
Эсет: Ненан мотт! Нохчашна
Ма оьшу хьо дахарехь,
Хьо цабуйьцург нахана
Ца хетта стаг вахарехь.
Iусман: Ненан мотт! Хьан мах бац,
Хьо – нохчийн доккха ирс.
Ткъа ирс атта карош дац-
И бац бухку- оьцу г1ирс.
– Нохчийн меттан, г1иллакх-оьздангаллин бIов замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю нохчийн къоман яздархой, поэташ мел беха, вай церан дош доьшуш, цунах пайдаэца г1ерташ мел ду, – элира шен къамелехь вевзаш волчу журналиста Муцураев Олхазара.
Цхьанакхетар дерзош гулбеллачарна хьалха шайн похIма гайтира эшарлакхархоша Мамуева Лизас (Пседах-юрт, ГIалгIайчоь), Саиева Танзилас (Цоцин-юрт), илланчаша Магомадов Iусмана, Джабраилов ИбрахIима, кхечара.
А. ХАМИДОВ.


