Воьдучо иэшабо некъ

Воьдучо иэшабо некъ

11.02.2021 Выкл. Автор Zama

Шовзткъе барх1 шо хьалха гурахь дара иза. Д1асакъаьсташ накъостаца барт бинера аса (х1етахь х1инца санна мобильни телефонаш яцара), к1ирандийнахь 12 сахьт даьлча Веданара Соьлжа-г1ала йоьдучу ( Шела — юьрта юккъехула!) автобусна со Шелахь дуьхьалвер ву аьлла. Лечий, сой, ма-дийццара, цхьанакхийтира. Г1иллакх лаьцна, ас сайл хьалха хьалавалийтира г1еметта х1оьттина, товш, хаза куц -кеп долуш, аьрро куьйга т1ома к1елахь т1аьрсиган т1оьрмиг болуш стаг. Иза салам луш чоьхьаваьлча, хьалхара г1анташ т1ехь берш хьалаайабелира, ткъа цхьаммо-м: «Схьанехьа вала, Кати», – элира. (Иза цхьа шо даьлча сан курсан хинволу куратор, поэт Гацаев Саь1ид хиллера).

Ирахьлаьтта тхойшиъ НГ1ПУ-н 1-чу курсан студент вуйла хиъча, цо хаьттира: «Муха ду шун дешар?»  – аьлла. Тхуна х1ун жоп дала деза ца хаьара, х1унда аьлча, Ищерскерачу винсовхозехь къахьоьгуш бутт гергга хан яьккхина, кхана, оршот дийнахь бен, д1айолалуш яцара дешаран семестр.

Шелара хьена-мила ву хьо? – хаьттира соьга Кати ц1е йолчо.

– Муц1урин Хьамидан Беташ Закарера ву, – аьлла жоп делира ас.

– Х1аъ, бевза: хьан деваша Жамлайла Шелахь комсомолан хьаькам хилла. Вай цхьана тайпана ду, – аьлла, шена уллохь 1ачуьнца къамеле велира и «буьрса» къонах.

Цул т1аьхьа ши-кхо шо даьлча, Шелахь гергарчу цхьана воккхачу стеган тезетахь тхан дешичас Гадаев Хьасина со оцу стагана вовзийтира. Х1инца мелла а шовзткъа шо ду тхо девза, диканехь а, вонехь а, 1илманан тайп – тайпанчу конференцешкахь а хилла. Х1етте а, ялх шо хьалха 700 гергга аг1о йолу «1илмане шога некъ» книга араяллалц, цуьнан автор Чокаев Кати суна башха вевзаш а ца хиллера. Оцу жайни т1ехь цо шен хала (декъаза) бералла юьйцуш, б1аьргех хи даланза дуьсу.

Суна дуьххьара Чокаев Кати Шелахь автобус т1ехууш гале цхьа бутт хьалха, НГ1-н 1илманийн — талламан институтера балхара х1ара мукъавоккхуш сацам т1еэца «1илманан» кхеташо вовшахтоьхна хиллера. Бахьана – дений, к1антаний Виноградовг1арна нийса йог1уш ца хетта нохчочо Чокаев Катис ненан меттан проблемаш юьйцуш язйина статья. Х1етахь Айдаев Юша1, Арсаханов Исмаь1ил, Зоев Супьян ( Дала гечдойла царна ) оцу сацамна дуьхьал хилар бахьанехь, цкъачунна балхахь витнера х1ара.

Чоки Зайндин Кати 1929 шеран февралехь Шела шахьарехь дуьнент1е ваьлла. Шен ворх1 шо кхаьчча 1-чу классе деша вахана иза. Цунна х1инца а дагавог1у шен хьалхара хьехархо Ирисханов Ахьмад. К1ант рабфакехь доьшуш волуш кхеран доьзал ц1ерабаьккхира. Г1ирг1изерчу Токмаке д1абигира х1орш 1947-чу шарахь. Оцу жимачу г1аларчу № 1 йолчу суьйренан школе деша вахара Кати, дийнахь шекардоккхучу заводехь болх а беш. Кхузахь дешна ваьлча, 60 чаккхарма генарчу Фрунзе -г1алин хьехархойн институте заочни кепара д1атасавала вахара иза нехан вилсапетахь, «арахь паркехь буьйса а йоккхуш».

Институте вахале шен нохчийн накъосташца – Саидов Ибрах1имций, Серганов Мохьмадций, Темирсултанов Сайдар -1елиций цхьаьна «Кавказан вежарий» ц1е йолу тоба кхоьллинера цо шен устав а, программа а йолуш. Кхеран 1алашо – ц1ерадаьхна къаьмнаш юхадерзор, Кавказан пачхьалкх кхоллар яра. Тобанан цхьана декъашхочо мотт тоьхна, и г1уллакх 1едале даьллера. Цул т1аьхьа, къанваллалц, КГБ- н органийн тидамехь хуьлу Кати. Ялх шарахь школехь оьрсийн мотт, литературий хьоьхуш болх бинчул т1аьхьа, 1илмане шовкъ йолчу Катин аспирантуре ваха лаам хилира. Цо цигахь мел оьшу кехаташ Москварчу СССР-н 1илманийн Академин языкознанин Институте дахьийтира.

Цуьнан директоран заместитель вара вайн махкахо, филологин 1илманийн доктор, профессор Дешериев Юнус. Цкъа хьалха – Аллах1ан, цул т1аьхьа оцу нохчочун г1оьнца, 1963- чу шарахь Чокаевх филологин 1илманийн кандидат хилира. Диссертацин тема « Нохчийн меттан морфологи» яра. Цул т1аьхьа шийтта шо даьлча К.З. Чокаевх филологин 1илманийн доктор а хуьлу, Баку-г1алахь.

Нохчийн мотт талларца оцу къоначу 1илманчас язйо вайн исторехула, этнографехула, географехула йолу статьяш. Советан 1едалан идеологица цхьана ца яг1арна, царах цхьаерш зорбане ца йовлийтара. Вайн махкахочун ц1е йовза юьйлира Къилбаседа Кавказехь хьовха, кхечанхьа а. Масала, цуьнан «Вайнехан мотт а, истори а» ц1е йолу книга 1аьрбийн маттахь арахийцира Сирехь а, Иорданехь а, Стамбулехь – туркойн маттахь а. К.Чокаевн нохчийн меттан – хурритийн, урартун меттанашца йолу уьйраш юьйцу статья польски, венгерски меттанашкахь арайийлира. Ткъа  Кембриджан университетан профессора воккхаверца кехат даийтира Катин шина монографех лаьцна. Иштта довха дош элира Къилба Кореяра 1илманчас Нгу Ир Лен кхуьнан «Нахски меттанаш» ц1е йолчу книгех лаьцна. Корейцо яздора: «Суна моттара Урарту пачхьалкх эрмалоша йиллина. И пачхьалкх йиллинарш нохчий хилла-кх», бохуш.

К.З. Чокаевс мотт талларехь бинчу 1илманан белхийн хьакъдоллу мах хадийра Калифорнин ( США) университетан профессора Джоханна Николса. Иштта 1илманехь шога некъ беш схьавеъна кавказовед вевзина дуьненахь а бевзачу лингвисташна, академикашна Бархударовна, Мещаниновна, Реформатскийна, Чикобавана, Джаукянна, кхечарна.

Нийса хир дацара, нагахь Чокаев Катис вайнехан а, кхечу къаьмнех болчу  а къоначу 1илманчашна г1о дина ца аьлча а. Уьш х1инца шаьш а бу филологин 1илманийн докторш а, кандидаташ а. Масала, Джамбулатова И., Мовтаев С., Умарова З., Абдулазиева Д., Куштова Е.С., Куркиев А.А., Абдуллаева С., дуккха а кхиберш.

Кхузткъа шарахь сов 1илманехь шен хьакъ йоллу лар юьтуш схьавог1учу  Чокаев Катис зорбатоьхна 100 сов 1илманан балхана, арахецна 16 книга.

– Ас 1илманехь къахьоьгучу кху 60 сов шарахь суна вайн республикехь ца хаавелла Кадыровг1ар Ахьмад-Хьаьжий, Рамзанний санна дешарций, 1илманций бала кхочуш волу куьйгалхо. Цу шимма санна 1илманчашний, яздархошний, культуран белхахошний, спортахошний г1о дина цхьа хьаькам а вац, — бохуш дуьйцу К.З.Чокаевс.

Вевзаш волчу 1илманчас массо хенахь а жигара дакъалаьцна Нохчийчохь долчу юкъараллин -политически дахарехь. Цхьаннех уоза ца луш, Катис майрра къамелаш дина республикерчу тайп -тайпанчу кхеташонашкахь. Масала, цо Ичкерин «пачхьалкхан» куьйгалхочунца Масхадов Асланца хиллачу  шен къамелехь элира: «Вай сихделлий -те, аьлла хета суна. Бусулба стага, ша велахь, шен Делаца, динца йолу юкъаметтиг ша билгалйоккху, байракх айбарх нислуш х1умма а дац. Таханлера дуьне, коьрта долчу декъана, керста нехан карахь ду ( США, Англи, и. д1.кх. а); Япони, Китай, Инди – бусулба пачхьалкхеш яц. Царех, исламан пачхьалкхеш хилча а, вайна накъостий хир бац. И вайна тахана а гуш ду…».

Амма оцу хьекъалечу дешнашка ладог1а кийча верг к1езиг вара. Нохчийнчохь т1еман алу кхерстира, иза хьакхаелира воккхачу Катих а: 1995 — г1а шо долалуш Шела чу бомбанаш тухуш х1ара а, кхуьнан девешин к1ант 1абдулбек а чевнаш йина, лазийра. Чокаев 1абдулбек масех де даьлча оцу чевнех кхелхира. Дала гечдойла цунна.

Лазийна волу Кати гергарчара Хасавюьрта больнице вигира. Ша жимма меттавеъча, вевзаш волчу 1илманчас кхузахь  пресс — конференци йира маьрша нах байарх, вайнехан ламастех, г1иллакх-оьздангаллех лаьцна журналисташна дуьйцуш. Маь1 — маь1нера журналисташ цецбевллера кху доьналла долчу воккхачу стагах. Ала лаьа, Катис шен 75 шо долуш «Динамо» стадионехь физзарядка йора, ида а уьдуш. Лергана жимма онда хилар бен доцуш, х1етахь могашалла дика яра цуьнан.

К.З. Чокаевх лаьцна дош олуш нийса хирдацара цуьнан доьзал ца хьахийча. Цуьнан оьзда кхо к1ант а (царах цхьаъ – филолог), цхьа йо1 а ю. Церан а х1инца шайн бераш ду. Царех цхьадерш Брюсселан (Бельги) университет чекхъяьккхина, цхьаццанхьа хьанала къахьоьгуш ду. Шайн гоьваьллачу дех, дендех, ненандех – К.З.Чокаевх дозалла до цара, шайн ма-хуьллу цуьнан сий ца дожо г1ерташ баха а беха уьш.

Х1окху деношкахь, 27 февралехь, 90 шо кхечи Чокаев Зайндин кIентан Катин. Цунна дика девза Малхбалерчу халкъийн цхьа алар: «Воьдучо иэшабо некъ». Иштта Iилманан атта йоцу, шога лакхенаш къар а еш, схьавогIу и оьзда къонах, гоьваьлла Iилманча К.З. Чокаев.

 

 Дешт1аьхье

Соьца цхьана курсехь НГ1ПУ -хь дешна волчу Хазбулатов Бекхана –  профессора, еххачу хенахь хьехархойн институтан ректор хилла волчу, со книга язъян дагахь ву аьлча, дехар дира: «Бакъволчу къонахчух, нохчо 1илманчех Чокаев Катих лаций яздехьа. Цо суна 1аламат ч1ог1а г1о дина институтан г1ишло, ков- керт меттах1оттош а, цул т1аьхьа тхуна керта лелхаш хилла къорза духар дуьйхина болу Ичкерин эскархой юхабетташ а».

Хетарехь, ас и дехар кхочушди.

О. МУЦУРАЕВ, журналист, яздархо.