«Чурт санна лаьтта со!..»

«Чурт санна лаьтта со!..»

11.01.2021 Выкл. Автор Zama

————-Поэтах Гадаев Мохьмад-Салахьах дош————

Вевзаш волчу поэтан, прозаикан, гочдархочун, 1илманчан, вуьшта аьлча, цхьа карзахе са долчу нохчийн къонахчун Гадаев Мохьмад-Салахьан лендоцу дешнаш х1инца хезча, суна суо дагавог1у, ворх1алг1а шо долу к1ант. Москва-Ташкент т1ехйолучу ц1ерпоштана Казахстанерчу Чиили станцехь поезд к1ела а вахана, аьчганекъан белхало – сан девешин к1ант Джамула д1аваьлла де. Сан да Хьамид цу хенахь х1инца соьл вара. Цуьнан б1аьрхиш ца совцара: когаш-куьйгаш даьхна, амма чохь са долуш 1уьллуш вешин к1ант вара кхуьнан – т1амехь пхийтта шо хьалха турпала кхелхинчу Джамалайлан к1ант…

Чувогг1ушехь университетан къона хьехархо В.Дж. Тимаев (Дала геч дойла цунна!) цхьана студентана «коча» вахара (ц1е ца йоккху ас!)

– Ша къонах велахь, нохчийн жимстаг г1иллакх долуш  хила веза. Цо уоза ца еза баккхийчарна гуш сигаьрка.

Кхано хаьа, Ваха Джахаевича иштта к1оршаме къамел х1унда дина. Цхьа шо хьалха НГ1ПУ-н ректорца М.П. Павловца х1ара хиллера Бух1ан-юьртарчу Гадаев Мохьмад-Салахь чувоьллина волчохь. Тутмакх волу иза хьаькамо шайна т1евалийча, Михаил Павловича, шен кисанара сигаьркийн ботт д1акховдийча, ишттаниг схьа а яьккхина, М-С. Гадаевс элира боху:

— Соьгахь йолуш ю сигаьрка.

Шовзткъа шо сов хьалха суна ларамаза вевзира хинволу илланча Усманов 1имран. Цо хьенан ю ца хоуьйтуш йоьшура цхьа шатайпа байташ. Цул т1аьхьа царна, цхьайолчарна т1ехь мукъамаш а бехира цо («Дарта», «Гитаран аз», «Ц1ен берд», кхиерш).

1909-чу шеран 6-гIа декабрехь Нажиюьртан кIоштан Чуьрчу-ирзе олучу юьртахь дуьнен т1е валар хиллера Гадаев Мохьмад-Салахьан. Жил-1алам хазачу оцу юьртан безамна яздо цо х1ара мог1анаш:

Со вина борз уг1учу

Ламанан 1ин чохь,

Эндаже лечарчий,

Ижунна дуьйлуш…    

Кхузахь, лаьмнийн хотешкахь, д1адахара кхуьнан юхайог1ур йоцу бералла.

Схьахетарехь, Гадаевг1еран доьзал 1927-чу шарахь Гуьмса к1оштан Гезлой-эвла схьакхелха. Оцу юьртара ворх1шеран школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа, 1928-чу шарахь иза Дона-т1ера-Ростов  г1ала рабфаке деша воьду. Кхузахь къоначу нохчочо т1етаь11ина 1амадо философийн – И.Кантан, кхечеран 1илманан белхаш. Х1етахь кхуо ша а язйо астрономехула, космогонехула а йолу статьяш. Иштта кхунна евза литература – оьрсийн а, дозанал арахьара а.

Дона-т1ерачу г1алахь дешна ваьлча къона Мохьмад-Салахь ц1ехьа а воьрзий, Аух-Юьртахь (х1инца – Дагестанера Новолакское юрт) ишколан директор х1оттаво. Кхин а к1езиг хан яьлча, иза Нажин-Юьртан к1оштан лаьттан отделан хьаькаман дарже воккху.

Д1адаханчу б1ешеран 30-чу шерашкахь Нохч-Г1алг1айчоьнан газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь араюьйлу кхуьнан цхьацца байташ. Ткъа М-С. Гадаевн «Й-Те» боху байт нохчийн безаман поэзехь х1инца а тоьлларг ю. Х1етте а цуьнан «Стихаш» ц1е йолу гулар 1940-чу шарахь бен зорбане ца йолу.

Оццу хенахь М-С. Гадаевс НГ1-н яздархойн Союзе литературин консультантан балха кхойкху. Х1инца цо т1етаь11ина болх бо нохчийн исбаьхьаллин литературехь. Иштта цо гочйо А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Л.Н. Толстойн. А.П. Чеховн, Н.А. Некрасовн, кхечеран произведенеш. Х1етте а, 1944-чу шеран февралехь массо вайнах ц1ерабохуш, кхуьнан а дезна и къаьхьа мур лан.

Делан кхолламца Гадаевг1ар Г1ирг1азерчу Ошски областе нисбелира. Оцу генарчу, 1ай шийлачу махкахь яах1уманна холчохь бара берриге а вайнах. Меттигерчу комендатурехь дешна стаг ву, олий, Мохьмад-Салахьах тешайо сурсатийн (продовольственни) склад. Гондахьара мацалла балабохку шен махкахой гуш, дог карзахдуьйлура яхьйолчу нохчочун. Эххар шех тешийначу складера даар-малар вайнаха д1а а доькъий, и бахьанехь х1ара 1едало лоций, чувуллу. Итт шо хан йоккху кхуо Ашхабадан, Чарджоун набахтешкахь.

Х1етте а кхузахь а ца дуьту цо шен поэзица долу гергарло: тутмакх волуш язйина ю цо г1араевлла байташ – «Ц1ен берд», «Мунаева Сайбате», кхиерш. И.В. Сталин кхалхарца доьзна амнистина юкъа а воьдий, М-С. Гадаев лаьцначуьра ц1авог1у, аьлча а, Алма-Атахь  х1инца арахеца долийначу нохчийн «Къинхьегаман байракх» газетехь шен керла байташ зорбане яха волало. Жимма кхин а хан яьлча, кхечеран а санна, кхуьнан аьтто болу Нохчийчу юхаверза.

1аламат йоккхачу дегайовхонца къахьега волавелира иза оцу муьрехь. Амма иблисан лаам тола а тоьлла, кхуьнан карах стаг велла, х1ара юха а набахте кхечира. Дуьххьара кхайкхийнарг – вен кхел яра. Цул т1аьхьа вайн а, кхийолу интелигенци (Михалков Сергей, Гамзатов Расул, кхиберш) юкъа а яьлла, кхунна ткъа шо кхайкхадо.

НГ1ПУ-н оьрсийн литературехула тхан хьехархо хиллачу Ю.Верольскийс шен доттаг1чо шега набахте: – Стихаш язъяр дита-м ца дитина ахь? – аьлла хаьттича, М-С. Гадаевс жоп деллера:

– Ас цхьана минотана а д1а ца тесна поэзии, – аьлла. Хетарехь, набахтехь язйина ю Мохьмад-Салахьа шен тоьлла байташ, поэмаш, дийцарш. Цу хенахь а цо хаддаза болх бора философин «Картина мира», «К вопросу о пространстве и времени», «Вайн алфавитан хьокъехь», кхийолу к1орггерчу статьяш т1ехь.

Хаийта лаьа, М-С. Гадаевс 30-г1а шераш юккъе довлуш оьрсийн Александра ц1е йолу йо1 ялийна хилар. Кхеран к1ант а хилла Казбек бохуш, Хасиюьртан-г1алин больницехь вина. Дас дехна цуьнга Россе – ненахой болчу д1а ма г1ахьара хьо, бохуш. Амма иза цига ненаца д1авоьду, т1аьхьо цуьнан шен а к1ант хуьлу…

Гадаев Мохьмад-Салахь Нажин-Юьртан больницехь 1972-чу шеран 24-г1а декабрехь кхалххалц, цуьнан (хиллачу тутмакхан!) говзарш нахана йовзуьйтуш яцара. Х1етте а кар-кара луш долчу куьйгайозанех адамашна (нохчашна) хаара церан автор мила ву. Иза «Дарта», «Ц1ен берд», «Рег1ара поп», «Бэлин йиш», «Даймахке сатийсар», кхиерш дукха нахана дагахь хууш (схьагарехь, поэт Сулаев Мохьмад а, хинволу илланча – М-С. Гадаевн шича Германан к1ант — Усманов 1имран а) яра.

Советски замано цкъачунна вицван дезийтина пох1ма  долу поэт, яздархо, драматург, астроном М-С. Гадаев юха денвелира ялх шо хьалха НР-н 1илманийн Академис вайн правительствон г1оьнца Гадаев Мохьмад-Салахьан «Безаман б1аьрлаг1а (1-ра том), «Синлехамаш (2-г1а том) арахецарца. И оьшуш долу г1уллакх кхочушдеш мехаза дакъалецира 1илманчаша – Ш. Гапуровс, Р. Дадашевс, яздархоша – М. Ахмадовс, М. Бексултановс, 1-Хь. Хатуевс, 1. Шайхиевс, Хь. Бурчаевс, Д. Сумбулатовс, Ш.Цуруевс, кхечара. Хила езачуьнга хьаьжча, йоккха яц оцу шина томан тираж – цхьацца эзар книга, амма мехала жайнеш ду уьш нохчийн яхьйолу къонаха вовза.

— Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» ц1е йолу байт кхуьнан кхоллараллехь хьовха, ерриг къоман поэзехь а жовх1аран буьртиг лара мегар ду, бохуш,- яздо вевзаш волчу литературин талламхочо 1. Арсанукаевс:

Чурт санна, лаьтта со

                                     Г1ум-Азин арахь.

    Тянь-Шанан лаьмнашка

                             б1аьрг тоьхча кийрахь.

    Генарчу Даймехкан 

                                      сурт х1оттало,

    Малхбузе мел хьийжи,

                                       дог 1ийжадо…

Дог доккхадийдеш х1ума дара пхи шо хьалха Соьлжа-Г1алахь М-С. Гадаев вина б1е шо кхачарна сийнна Ерригроссин  1илманан-практикин конференци д1аяхьар. Иштта оцу яздархочун ц1арах вайн коьртачу шарахьахь а, Нажи-Юьртахь а кхуьнан ц1арах урамаш ду, Нажи-Юьртарчу № 3 йолчу школехь музей  а ю.

Гадаев Мохьмад-Салахьан вешин к1ант Арсен суна вевза 30 шо гергга хан ю. Цо дуьйцу:

– Дийна хилча, сан деваша тешар вацара ша тахана Нохчийчохь оццул лерам беш стаг ву, аьлча. Иза цкъа а ца хилла гу лекха меттиг лоьхуш. Иза вайн декъазчу къоман юкъара вара, шен дахар а хилла цуьнан декъаза…

Цхьана суьйранна дерриг а дуьне кхузахь, Шарм-аль-Шейх (Мисра), ду-те аьлла, хеташ, массо а къаьмнийн мукъамаш бекаш, сан лере беара лендоцчу иллин мукъам: – Чурт санна, лаьтта со… Ткъа х1урдакема-м бос сирлачу Ц1ен х1ордан тулг1енаш а хедош, «Тиран» олучу г1айре т1е кхечира. Суна юха а дагавеара вайнах ц1ерабаьхна тиран – И.В. Сталин.

О. МУЦУРАЕВ, яздархо, журналист.