Накъост дагалоцуш дош

Накъост дагалоцуш дош

23.12.2020 Выкл. Автор Zama

Шелан кIоштан «Коммунизман байракх» газетан редакцехь кхоллараллин белхахойх сол а, Ильясов Мовсарал а ши-кхо бутт жима вара Уциев Абу, тIаьхьо редакце веана волу. Иза юьртабахаман отделехь корреспондент вара. Маьлхаца гIоттий, шен «Урал» мотоцикл тIехь Iаьларойн-эвлара шурин-товарни ферме а воьдий, делкъана — Аргунерчу «Московский» совхозан хасстоьмашлелорхой, цигара ваьлча – «Южный» бахамера бошмашлелорхой болче кхочура иза сарале. Схьахазарехь, наггахь хьелиозархошна, церан самукъадаккха, шен байташ еша ларош а хиллера Абу (иштта хабар редакце кхочура).

Уциев Абу Ховкаевич вина 1954-чу шеран 8-чу октябрехь Казахийн Республикан Усть-Каменогорск гIалахь. Дешна Шелара № 7 йолчу юккъерчу ишколехь. Грозный-гIалахь, Волгоградехь, цо чекхяьккхина шиъ институт, шиъ техникум.

Уциев Абун къолам кIелара схьаевлла  «Стихел санехь…», «И яра сан жима хан», «Дицдина жовхIарш», «Шерийн зиэраш», «Къонахчун дош», «Сан Нохчийчоь» поэзин, прозин, драматургин, кхечу жанрийн а киншкаш, ерриге а – ворхI.

Боккхачу мехаллин бу Абус къоман барта кхолларалла гулъярна, цуьнан произведенеш талларна тIехь бина болх а. Джамалханов Зайндица а, НР-н халкъан яздархочуьнца Хатуев Iабдулхьамидца а, композиторца Даудов Рамзанца а цхьаьна вовшахтоьхна, цо зорбане яьхна «Туьйранаш, шира дийцарш, кицанаш, хIетал-металш», «Иллеш, эшарш, назманаш…», «Кавказан Iуьйре» (ноташца кечйина), «Дашо латта» цIерш йолуш киншкаш. Царел сов, 9–11-гIий классийн дешархошна гIоьнна нохчийн литература хьехаран шиъ пособи а, ша кечдина «Дахаран Iилма» цIе йолуш жайна а хецна ара.

Уциев Абун драматургин произведенеш вайна евзина республикехь дIахьош йолчу «Синмехаллаш» цIе йолчу телепроектан декъашхойн репертуарашкахь. Цуьнан «Къонахчун дош» пьеси тIехь Советски Союзан Турпалхочуьн Х. Нурадиловн цIарахчу Нохчийн театро изза цIе йолуш спектакль а хIоттийна.

Республикехь зорбане евллачу ахбIе учебникийн, поэзин, прозин гуларийн, Iеламнехан жайнийн редактор а, культуран сценин говзанчаша дIаолучу 60 иллин дешнийн автор а ву Уциев Абу.

Дуккха а ду Абус ша яздина туьйранаш. Царех цхьадерш вайна девзина лакхахь цIерш яьхначу киншкашкахь а, кхечу юкъарчу гуларшкахь а.

ПохIма долу яздархо хилла ца Iаш, кегийрхошна дика хьехамча а вара Уциев Абу. Нохчийчохь тIаьхьарчу тIеман хиламаш дIабирзича, дуьххьара цо вовшахтоьхна, болх бан йолаелира къоначу яздархойн «Пхьармат» цхьаьнакхетаралла а, республикан берийн библиотекехь – «Къолам зиэр» цIе йолуш кхиазхойн кхоллараллин клуб а. Хатуев Iабдулхьамидца цхьаьна кечйина «пхьарматхойн» а, ша кечйина кхиазхойн а произведенийн шиъ гулар («МаргIалш», «Адамийн иэсехь») зорбане а яьккхира Абус…

Ала дашна, Уциев Абус а, Хатуев Iабдулхьамида а гIоьналлин куьг кховдийначу кегийрхойх («Пхьарматан» декъашхойх) ворхI-бархI стаг Россин яздархойн Союзан декъашхо ву тахана: Арсалиева Люба, Абубакарова ПетIамат, Хабаев ИсмаьIал, Петирова ПетIамат, кхиберш…

Герггарчу хенахь зорбане яккха кечйина «ГIаргIулийн иллеш», «Бакъдерг тоьлу», «Илланчин весет», «Беттан цинцаш» цIераш йолуш кхин а йиъ киншка ю Уциев Абун.  Даима санна, бакъо, нийсо езаш, хьанала, къинхетаме, цуьнца цхьаьна майра, доьналла, стогалла, яхь йолуш стаг ву церан коьрта турпалхо. Кхечу кепара аьлча, къонахийн масалшна тIехь кхиа, церан новкъа вайн маьршачу дахаре кхойкху Уциев Абус сий долчу тIаьхьенашка:

…Къонах – и хьекъал ду халкъан,

Шен кхане стенца ю ган.

Къонах и – геланча бартан,

Маршонан юьхь сирла ян.

(«Къонах»).

   ДештIаьхье.

Кху деношкахь 66 шо кхочур дара биъ бутт хьалха вайна юкъара цIеххьашха кхеттачу, коронавирус ц1е йолчу, ямартчу цамгаро бакъдуьнена дIаваьхьначу Уцин Юсупан ХIовкин Абун. Дала гечдойла цунна!

О. МУЦУРАЕВ.

Суьрта т1ехь: Уциев Абу (аьрру аг1орниг) Джамалханов Зайндица цхьаьна.