Бахархойн д1асабаха аьтто беш…
26.12.2024Долахь машенаш йоцуш, некъанмашенашца (автобус, «Газель», такси) шайн-шайн гlуллакхашка дlасаоьхуш бахархой бу дуккха а. Ткъа хlинца, арахь шелйала йоьлча хlета а, къаьсттина дукха хуьлу гlаш баха цалууш, машенца вевза-везарг кхетаре, йашаьш долчу урамехула дlасалелаш йолуавтобус схьайаре хьоьжуш некъийн хьоьжийлашкахь (ожидалкашкахь) лаьтташ берш.
Цакаев Халид коьртехь волчу ООО «Шали – Авто» автотранспортни предприятис бахархой д1асабигар муха д1ахьо техьа аьлла, цунах дерг довза лиънакху деношкахь оцу автопаркехь хилиратхо.
Цкъа хьалха, кlеззиг Х. Цакаевн биографех дерг довзийта луур ду. 1988-чу шарахь Ленинградерчу гlишлошйаран-инженерийн институтан (Ленинградский инженерно-строительный институт) механикан факультет чекхйаьккхира Халида, «машенаш а, машенийн бахам а» («Автомобили и автомобильное хозяйство») аьлла йолу говзалла карайерзош. Оццу шарахь Шеларчу АТП-н техотделе балха х1оьттира иза. Цул тIаьхьа циггахь технически эксплуатаци йаран декъехула хьаькам х1оттийра. Ткъа, 1992-чу шарахь предприятин директоран заместитель хилира цунах, 2009-чу шарахь дуьйна (цхьа къеззигчу ханна йукъахваларца лерича) цигахь директор а ву иза.
Таханлерчу дийнахь маса автобус а, «Газель» а йу шун бахархой д1асалелош,шофер а маса ву, аьлла хаьттира ас Х. Цакаевга.
– Вайн кху предприяти кертахь 41 «Газель», 5 автобус а йу, ткъа и «Газелаш» 2019-чу шарахь йалийра вайна. Оцу машенашкахь тlегlоьрттина, шайн белхан декхаршца лара а веш, къахьоьгуш 58 шофер ву тхан. Шелан кIоштахь а, кхин арахьа а йолчу маршруташкахула бахархой д1асабуьгу цара. «Газелех» дерг аьлча, уьш вайн предприятин йац, «арендехь» йу. Вуьшта аьлча, хIокху предприятин балансехь йац, шайн предприяти а, хьаькам а волуш йу уьш. Шелара Соьжа-гIала а, цигара Шела схьа а, Эвтара — Соьлжа-гlала а, Жима-Атагlа — Соьлжа-гlала а маршруташкахула лелаш а йу «Газелаш». Ткъа, Шела гlали йукъахула лелашйерш тхан автобусаш йу. Цул сов, балхана йукъаозийна кхин ши транспорт а йу: Шела — Белгlатой-эвла, Шела — Чуьйри-эвла маршруташкахула лелаш. Иштта, цхьа «Газель» а, цхьа автобус а Гермачига лелаш йу.
– Шена болх бан къастийна йолу хан чекхйаьлла а йолуш, цхьа а транспорт йуйаша бахархойн некъа-хьашташна лелош? – аьлла шега динчу хаттарна иштта жоп делира автотранспортни предприятин директора: – ВорхI шарахь лелийнарш учётера дlайаха (списать) йогIуш хуьлу уьш, ткъа вайн машенийн хlинца а и хан тlекхаьчна йац, хlундааьлча, «Газелаш» 2019-чу шарахьлера йувайн.
Кхид1а сан Цакаев Халидца хилла къамел интервьюн кепехь д1адахара.
– Автобус а, «Газель» а галйаьлча, уьш тойеш слесарш а, электрикаш а, моторист а вуй? Чохь йовха а йолуш, боксаш а йуй,тойан йезча?
– Дера вац цхьа а электрик, слесар, йамоторист а-м. Арахь мел шийла хилча а, леринчу меттиге чу а тоттий, шоферо шадеш ду тойаран пхьола. Боксаш йелахь а, чохь шийла хуьлу. Цхьа ондда галйаьлла хIума хилча, масала, коробка йоьхча, йа мотор, предприятин чоьтах нисйо, оьшург эца а оьцуш. Цхьа кега-мерса хIума йелахь йоьхнарг, масала, цхьа коьчал хийца йезча, тIаккха шоферо, ша эца а оьций, тойо.
– Халид, Шелара Соьлжа-гIала а, цигара схьа Шела а «Газелаш» лелаш хилар хаьавайна, ткъа, к1оштарчу йарташка лелаш йуй шун автобусаш? Масала, Шелара Эвтара йоьдуш йан а йуй машен?
– Леррина Эвтара дIасаэха лерина автобус йац, амма Шелара Куршлой—эвла а, цигара Шела схьа а, шен цхьана хена чохь Эвтарана йуккъехула а йолуш, йоьдуш автобус йу.
– Вайн бахархоша тхоьга, журналисташка а, наггахь хотту, керла автостанци йийр йолуш йуй техьа Шелахь, олий. Цу хьокъехь х1ун эр дара ахь?
– Автостанци йийр йу аьлла къастийна меттиг йу вайн, тlедогlучу шарахь йан там болуш а йу иза. Амма и билггал тlечlагlдеш ала цкъачунна хуур дац, х1унда аьлча, тхан керахь дац и йар.
– Иштта хаттар а дала лаьа суна хьоьга: болх хIинцачул а тобан, жигарабаккха т1еоьшуш х1ун ду шуна, хьуна хетарехь?
– Йоьхна, галйаьлла транспорт тойанйовха боксаш йезара тхуна тхаьшна хилча… Кхидерг-м цкъачунна вон дацара.
– Халид, шайн декхаршца ларош, хьаншайх бIаьрг бузуш болчу дикачу белхахойн цIераш йахахьа.
– Со реза воллуш къахьоьгуш-м берриш а бу ала йиш йу. ХIунда аьлча, хIора а шенма-хуьллу хьанала къахьоьгуш ву, белхан декхарш кхиамца кхочушдеш. Царна йукъара, «хIара, иза» аьлла, къасто а хала ду. Суна тхайн шоферш берриге а дика болх беш хета, къаста а лур боцуш. Дела реза хуьлда царна массарна а!
– Хууш ма-хиллара, кху тIаьхьарчу хенахь Шелан кIоштахь дуккха а урамаш тодина. Некъаш вуон хилча, машен сиха йухийхаьа вайна. Карарчу хенахь муха хета шуна некъийн хьал?
– Дукхахдолу некъаш чIогIа дика духIинца. Дела реза хуьлда некъаш тодеш а, керланаш дохкуш а къахьоьгуш болчу белхалошна а, и белхаш бан аьтто боккхучу вайн куьйгалхошна а. Амма, ши маршрут йу тхан некъаш вон долуш: Шелаг1алин Моздокски а, Асланбек Шериповн ц1арах а урамаш. Делахь а, цу декъехь къахьоьгучара и урамаш тодийр ду аьлла дегайовхо йу сан а, тхан шоферийн а.
МАТАГОВ Ихьсан.
Суьрташ тlехь: Шелара Соьлжа-гlалалелаш волу шофер Басаев Идрис; шайн маршруташкахула д1асайаха кийча йу «Газелаш».