«Нохчийн поэзин сахьт»

16.12.2024 Выкл. Автор Zama

Кху деношкахь Шеларчу культурин Цlийнехьйолчу библиотекехь дlадаьхьира «Нохчийнпоэзин сахьт» аьлла цlе йолу цхьаьнакхетар. Исбаьхьаллин дешан мах хуучарна доккхахазахетар дара иза.

   Оцу цхьаьнакхетаре дакъалаца баьхкина бара Нохчийн Республикин йаздархойн Бертан (Союзан) декъашхой а, проза, поэзи йезархой а, дешархойа, культурин кхерчан белхахой а.

  Цхьаьнакхетаран коьрта хьеший цlарца бийцичахlорш бара: НРн йаздархойн Бертан (Союзан) декъашхо, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор, журналист Эльдерханова Зайнап, поэтессаш Джабраилова Раиса, Халидова Хеда, Джабраилова Руми, НРн йаздархойн Бертан(Союзан) декъашхо, Шелан муниципалан кlоштан«Зама» газетан корреспондент Матагов Ихьсан, Нохчийн Республикин йаздархойн Бертан (Союзан) декъашхо Юсупхаджиева Аза. Билгалдаккха лаьа, иштта цига кхайкхина валийна вара НР-н йаздархойн Бертан (Союзан) декъашхочо, Соьлжа-Гlалин мэрин культурин департаментан культуринкхетош-кхиоран туьшан «Исбаьхьаллин дош» студин куьйгалхочо Виситаева Туманис lамош волу кхо дешархо: Гаплаев Маликкий, вежарийАлиевгlар Хьаьжий, Мохьмаддий.

   Цхьаьнакхетар дlахьош вара Шела г1алин культурин Цlийнан театран ши белхахо, къонапоэташ Минцаев lальви, Элбиев Анвар. Билгалдаккха лаьа, l. Минцаев НохчийнРеспубликин йаздархойн Бертан (Союзан) декъашхо хилар а. Ала догlу, lальвис а, Анвара а,байташ а йоьшуш, дош олуш дакъалаьцна хилар аоцу цхьаьнакхетарехь.

  

«Нохчийн поэзин сахьт» цlе йолу цхьаьнакхетардlадолош дешан хьалхара рагl ЭльдерхановаЗайнапе йелира. Кхайкхина балийначу дешархошнацо хьехамна дийцира шайн дахарехь оьшундолумехала хlуманаш

   — Телефонал хьалха йаьккхина кинжка хила йеза, дика деша деза, lилманца долу гергарло алсамхила деза, интернетацачул а, дуьйцура З.Эльдерхановас. Шаьш йаздеш долу дош а, олуш дерг а даггара хилийта. Цlархазмана аьлларг леребен ца кхочу, ткъа, даггара аьлларг даге кхочу. Хlара тайпа цхьаьнакхетар баттахь цкъа мукъна а вовшахтухуш хила деза вай, — элира цо, шенкъамел дерзош.

   Цул тlаьхьа, шайн-шайн рогlехь иштта чулацамекъамелаш дира кху хиламан кхиболчудакъалацархоша: поэтессаша ДжабраиловгlараРумис а, Раисас а, Юсупхаджиева Азас а, МатаговИхьсана а.

   Дешархоша, шайна хаа луучех шишша-кхоккхахаттарш а дира мероприйатехь хиллачу хlора а йаздархочуьнга, оцу хаттаршна йаздархошкарадуьззина жоьпаш а делира царна. Хаттарш тайп-тайпана дара: йаздархойн дахарх а, церанкхоллараллех а, литературин хьокъехь, кхидолчуха.

  

Ала догlу, поэта, журналиста И. Матаговс шенкерла зорбане йаьлла йолу «Тийналлин гlовгlанехь» цlе йолу кинжканаш а йелира йаздархошна а, кхиболчу дакъалацархошна а.

    Гулбеллачеран самукъадоккхуш йукъкара йишлокхура культурин Цlийнан белхахошаСулейманова Зулихана а, Темирсултанова Амната а.

   Баьхкинчу хьешашна, хан а карийна бахкарнадоккха баркалла олуш, вистхилира Шелан кlоштанкоьртачу библиотекин куьйгалхо Тагиров Муса.

   Цхьаьнакхетар дерзош безамна суьрташ а дехирагулбеллачара.

                              М. ИХЬСАНОВ.

                       А. АШАБАН суьрташ.