РФ-н Конституцин Де билгалдаьккхира Шелахь

13.12.2024 Выкл. Автор Zama

Российски Федерацин Конституцин Денна лерина мероприяти хилира х1окху деношкахь Шела г1алин культурин Ц1ийнехь. Цигахь дакъалоцуш бара Шелан муниципалан к1оштан администрацин куьйгалхочун заместитель Гайрбекова Зулпаъ, Шела гlалин мэр Саидов lали, кегийрхойн патриотийн-йукъараллин «Ахмат» боламан председатель Сайдцелимов Наиб, Шелан к1оштан культурин отделан хьаькам Шамсудинов Эзар-lела, цуьнан заместитель Нагаева Элина, культурин декъан кхиболу белхахой, меттигера бахархой, кхиберша.

Лучуьнга дош луш, шаьш бист а хуьлуш,мероприяти дlахьош хьалхе лелош бара культуринЦ1ийнан белхахой Эльбиев Анвар, Атабаева Раяна.

   Мероприяти дlайолош Российски Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш йийкира, чохь мел берш берриш а цхьатерра хьалаг1евттина, догlмаша нисдина, цаьрга ирахь ладоьгlуш лаьттира.

    Хилам дlаболош хьалха вистхилира мероприяти дlахьош долчу шиннах цхьаъ Эльбиев Анвар:

   — Де дика хуьлда шун, лараме хьеший, доттагlий! Оха, даккхийдерца, тlеоьцу шу РоссинКонституцин 31 шо кхачарна леринчу кху мероприятехь..

   Цул тlаьхьа йистхуьлу Атабаева Раяна:

   Гlуран беттан 12-гlа де — иза боккхачу хиламан дийнан тlегlанехь билгалдоккху вайн махкахь. 1993-чу шарахь оцу дийнахь вайн пачхьалкхехь дехачу массо къаьмнийн харжамца тlеэцна йу пачхьалкхан коьрта закон лоруш йолу и Конституциаьлла, Росси хастош байтан могlанаш элира цо:

«Хlай, Россия! Атта боцчу кхолламан мохк хьо бу-кха.

Дог санна, цхьаъ йу хьо, Россия, сан.

Доттагlчуьнга а эр ду ас, мостагlчуьнга а эр ду-кха:

«Хьо йоцуш — дог доцуш санна, со йахалур йац

   Тlаккха, кьамелан рагl шега а оьцуш, мероприятехь дакъалоцуш болу беза хьеший гулбеллачарна бовзуьйтуш, вистхуьлу Эльбиев Анвар. Цул т1аьхьа цо сцени тlе кхойкху кегийрхойн патриотийн-йукъараллин «Ахмат» боламан председатель Сайдцелимов Наиб.

   Шен къамелехь т1аьхьарчо билгалдаьккхира:

   — Де дика а хуьлда шун! Дала тlаьхье беркате йойла вайн цхьаьнакхетаран! Дала кхиамашкахь совдохийла вай!

   Хlара Конституцин Де а, кхидолу дезденош а билгалдахарехь, х1орш бидгалдаха а, даздан а вайн аьттонаш хилийтархьама къаьсттина чlогlа къахьоьгуш схьавог1уш ву вайн Мехк-Да, РоссинТурпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, цу тайппана цуьнан накъостий а бу. Дела реза хуьлда царна массарна а! Боккъал а вайн декхар ду царна тlаьхьаа хlиттина, хlинца санна дикачу белхашкахь жигара саццаза къахьегар.

  

Цул тlаьхьа, кегийрхойн патриотийн-йукъараллин «Ахмат» боламан председательна Сайдцелимов Наибна а, цуьнан гlоьнчина Сайцселимов Аюбана а, оццу боламерчу кхин цхьанна а, иштта кегийрхойн «Ахмат Шали» йукъараллин боламан куьйгалхочунна Каимов Даудна а Шелан муниципалан к1оштан администрацин Баркаллин кехаташ делира сцени т1е хьалайаьллачу Шелан муниципалан кlоштан администрацин куьйгалхочун заместитела Гайрбекова Зулпаа.

  Гулбелларш массо а Россин Конституцин Денца декъалбеш йист а хилира З. Гайрбекова.

   Цул т1аьхьа даздаран мероприятин дакъалацархошна шаьш царна кечйина концертан программа гайтира к1оштан культурин белхахоша. Цу йукъара иллеш Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а (Дала гlазот къобал дойла цуьнан!), Россих а, Нохчийчоьнах а лаьцна дара. Оцу иллешка гулбеллачара, шайнлерам гойтуш, догlмаш нисдеш хьала а г1евттина, ирахь ладуьйгlира.

Дала т1аьхье беркате йойла!

МАТАГОВ Ихьсан.

АШАБ Ахьмадан суьрташ.