Ненан меттан г1аролехь лаьттинарг

05.12.2024 Выкл. Автор Zama

  КIеззиг бац Нохчийчохь шайн болх дика хууш, хьуьнаре хьехархой. Царах цхьаъ йу 50 шарахь сов вайн школашкахь берашна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх бина йолу Абдырашитова Маьлх-Аьзни. Иза могIарера хьехархо йац. Дукха жимчохь безаш дIаболийра цо и мехала болх. Цкъа а, цхьана мIаьргонна а дохко ца йаьлла ша боху цо и деза дукъ шена тIелацарна. Нохчийн къоман кхане кхетош-кхиор шен декхар хеташ, хьехархочун сийлахьчу даржехь хьанала къахьоьгуш схьайеанчех цхьаъ йу вайн турпалхо. Цундела шен деган комаьршалла йерриге а Даймахке а, ненан матте а болчу безамца Iамархойн дегнашдузарна тIехьажийнера цо.

     

1953-чу шарахь бIаьста генарчу Казахстанехь йина йу М. Абдырашитова. Пхи бер дара ЭвтарарчуIабдул-Решедан а, цуьнан хIусамненан Табарикан а. Царна йукъахь уггаре а жиманиг йара Маьлх-Аьзни. Кхиболу нохчий санна, шен доьзалца Нохчийчу цIаверза сихвелира Iабдул-Решед а. 13 шарахь цо гIийла сатийсина нохчийн шира йурт Эвтара йара цуьнга хьоьжуш.
Диъ шо кхаьчна йара Маьлх-Аьзни Казахстанера кхеран доьзал цIабоьрзуш. 1961-чу шарахь дара йоI Эвтарарчу № 1 йолчу школинйуьхьанцарчу классе деша йоьдуш. Йуьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш йара иза. Хьалххе кхоллабелира цуьнан ойланашкахь хьехархо хила лаам а. Цо лерина ладугIура хьехархочуьнга.

Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йазйина книгаш алссам йешар дара оцу кхиаман коьрта бахьана. Пушкинан а, Лермонтовн а, Некрасовн а, Есенинан а дукха байташ дагахь хаьара цунна.Йуккъера школа чекхйаккхале йоIана кIорггера йевзаш йара МамакаевгIеран Мохьмадан а, Iарбин а, Арсанов Саид-Бейн а, Ошаев Халидан а, Ахматова Раисин а, иштта кхечеран а говзарш. Шена массарел дукхайезачу Ахматова Раисин байтин гулар даима Маьлх-Аьзнин гIайби кIелахь хуьлура. Къаьсттина Маьлх-Аьзнина дукхайезачарах йара Ахматова Раисас йазйина «Эвлахь» цIе йолу байт.

Йуха а сирлачу
Хьан урамехь со
Йог
Iу, хьох йоккхайеш,
Сан хьоме эвла
.
Йуха а геннара
Хезаш ду
суна
Д
ог хьоьстуш дека и
Аганан илли.

1971-чу шарахь кхиамца школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша йахарайоI.

Оццу шеран сентябран хьалхарчу дийнахь шен къинхьегаман некъ дIаболийра Абдырашитова Маьлх-Аьзнис. Къоначу хьехархочо цкъа а дов ца дора шен дешархошна. Иза даима цаьрца кIеда-мерза йара. Цундела М.А. Абдырашитован амат дашочу седанах лепа дисина цуьнан дукхахболчу Iамархойн дегнашкахь. Ткъа тIаьхьарчарна йукъахь дукха бу хьехархой, лоьраш, инженераш, журналисташ, юристаш

   1977-чу шарахь дара иза Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет кхиамца чекхйаьккхина йаьлча. Жимачохь дуьйна ненан мотт безаш, цуьнца уьйр-марзо йолуш, дагна хьаам бен исбаьхьачу мукъамийн илли нохчийн мотт хетардара.
Кхи
ъна йогIуш дуьйна хаза, товш, безамехь куц-кеп долуш йара Маьлх-Аьзни. Хьеннан а бIаьргIехийна, дог ловза доккхур долуш хаза йоI йара иза. Шеларчу Магомадов ХIирица кхоллам хила доьгIна хиллера цуьнан. ХIетахь йоьIан йита дийзира Эвтарара школа а. ХIинца Шеларчу № 7 йолчу школехь йара цунна дукхабезачу белхан меттиг.

Ненан мотт кIорггера бовза, Iамон болу шовкъе лаам шен Iамархойн кхиазчу синойх хьарчо хьуьнар а, лаккхарчу тIегIанехь корматалла а хилира хьехархочуьнгахь. Цо  кест-кестта дешархошца цхьане дIахьора  кхоллараллин суьйренаш, нохчийн маттаца йоьзна конкурсаш, диспуташ. Берийн царах чIогIа самукъа долура.
1977-чу шарахь Шеларчу № 4 йолчу йуккъерчу школе дехьа йелира вайн турпалхо. Кхузахь оьрсийн мотт а, литература а хьехар тIедиллира цунна школин куьйгалло. Цунна хаьара Iамархойн дагчу хаарийн серло кхачийта. Маьлх-Аьзнина сов шера хаьара оьрсийн мотт а, кIорггера йевзара оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литература. Делахь а,цуьнан деган мерзаш ловзадохург ненан мотт а, литература а йара. Цундела 1979-чу шарахь Шеларчу № 9 йолчу школе дехьа йолу иза нохчийн мотт а, литература а хьеха. Цигахь дуккха а шерашкахь болх бинчул т1аьхьа пенси йоьду къинхьегаман ветеран.
    Йагарйина ца валлал дукха йу Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманийн а Министерствос цунна йелла Сийлаллин грамоташ. Иштта, алссам ду мехкан куьйгалло делла Баркаллин кехаташ а. Къинхьегаман ветеран йолу Абдырашитова Маьлх-Аьзни Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо а йу. «Хьехархо-методист» сийлахь цIе лелош а йу иза. Ткъа уггаре а коьртаниг боккхачу доьзалан нана йу. Цуьнан бархI бер ду. ВорхI йоI, цхьа кIант. Уьш берриге а лаккхара дешар дешна, шаьш каралаьцначу корматаллица белхаш беш бу, халкъана а, махкана а пайде болуш. 23 берийн бер ду Маьлх-Аьзнин.

Нохчийн халкъана, махкана тешаме болуш, хьанал къахьоьгуш болчу зударех цхьаъ йу иза. Ненан маттана гIаролехь латтарехь шен ирс карийна цунна. Духарца, леларца, багара йолучу Iаьнарца бакъйолу нохчийн сийлахь зуда йу Маьлх-Аьзни. АллахI-Дала эша ма бойла Нохчийчоьнна и тайпа хьехархой, наной. Церан беркатечу карахь йу-кх вайн къоман кхане.

ГАЗИЕВА Аза.